ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров а, Путин а - критика йан магийна боцу нах": Z-блогерша дуьйцу "Ахмат" спецназах а, Кавказах а, хьалхара бала нах хьежорах а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростовн кӀоштахь куп тоьхначу 150-чу гвардин дивизин таллархочо Порядин Ивана лахьан-беттан йуьххьехь дӀахьедира, ша "дезинформацех тешнера", эпсаршка "шайна дуьхьал болх барна" къинтIера довлар доьхуш. Хьалхо цо хаам бора талламхойн батальонера шен накъостий штурман декъе дехьабахарх а, буьйранчаша шена вен кхерамаш тийсарх а лаьцна.

Цул хьалха эскархоша Лысаковский Дмитрийс а, Грицай Сергейс а дӀахьедар дира, буьйранчаша бекхам беш шаьш "Iожалийн тIелатаре" хьийсош ду аьлла. Цара эпсарш бехкебора, полкехь наркотикаш йохкар даьржаш ду бохуш. И критика йарна шаьш тIеман хьалхарчу могIаре хьажош ду бохуш, дийцира цара. ТIаьхьо, ший а билггала тIамехь вийра.

Кавказ.Реалии корреспонденто къамел дира йазадархочуьнца, "тIеман корреспондентийн" а, Z-блогерийн а йозанаш толлучу Филллипов Иванца. Цара дийцаре дира эскархойн латкъамех а, тӀамех а, иштта кадыровхойх а, "Ахмат" спецназан буьйранча волчух лаьцна шайна хетарг а.

– Дукха хан йоццуш Ростов-гӀаларчу батальонера эскархочо къинтера довлар дехна ша «Iожалийн штурман» хьокъехь аьллачу дешнашна. И санна долу хIума алсам дийцаре деш дуй Оьрсийчоьнан эскаршна йукъахь? Ткъа гӀаланаш схьайахарх хIинца а "маьршайаккхар" олуш дуй?

– ГӀаланаш схьайахарх хӀинца а "маьршайаккхар" олу, и хӀума хийцалур ду аьлла ца хета суна. Амма "Iожаллин штурм" боху хIума дуккха а алсам дийцаре деш ду, къаьсттина тӀаьхьарчу беттанашкахь. Дуккха а хаамаш бу "тIех сов эшамаш" хиларх а, адам тоьуш цахиларх лаьцна. Ас дуккха хан йоцуш зорбане йаьккхира жима Z-канал лелош хиллачу эскархочух лаьцна материал, иза вийра. Шина кӀиран меттана, цуьнан Ӏамораш шина дийнахь бен ца хиллера, цул тӀаьхьа иза сихха тIаме хьажийнера.

Цул сов, Z-йукъаралло шен керла дешнаш кхуллуш ду, масалла эскархойн баларх: "дIахадор" а, "адамийн гIирс хам боцуш лелор" а, и санна долу дешнаш церан къамелехь даьржина хуьлу.

– Муха хийцаделла Z-блогерийн къамел тӀом болабелчхьана дуьйна? ХIун билгалонаш йу, дийцахьа?

- Дагадоуьйтур вай и дерриге а муха дӀадоладелла. ГӀарадаьлла "Киев кхаа дийнахь" бохург хьехо догӀуш а дац - тӀом сихха а, атта а чекхбер бу аьлла тешна болчу нахера схьайогӀуш йолу толамийн риторика йара иза. ХӀета а, мел кӀезга а кхетам гайтиначара а олура: "жимма лата дезар ду вай, тӀаккха шеко йоцуш вай массо а эшор ву."

ТӀеман хьелашна цхьа а кепара хийцам бийра болуш дац, эскар кхин а алсам  даккхар

ХӀинца эзар сов де даьлла, Киев схьайаккхарх лаьцна фанатикаш бен, цхьа а вац и дуьйцаш, ур-атталла Харьков а кхин хьахош йац. Церан бакъдерг тӀеэцар атта хилла: кханенах лаьцна дийцарш сацийна цара. ХӀинца къамелаш лахдина, муьлха юрт схьайоккхур йу бохучунна тIехь севцна.

Дукха хан йоццуш, "Рамзай" Z-блогеран Шурыгин Владан посташна тIе нисвелира со. Цо хьесап дора, кхин мел хан а эскар а оьшур ду хӀора йоккха гӀала схьайаккха, масала Одесса а, Николаев а. Цуьнан хьесапехь цхьа шо сов хан а, 300 эзар эскархой тӀеоьшу, амма цо ша боху и гIирс каро меттиг бац.

Цо йазйина пост доккха маьIна долуш йу, дика йешча, кхетар ву: хьалхарчу каналехь кест-кеста хьаша а, оццул тешаме дика "кхаьбна" "тӀеман говзанчо" а мукӀарло до - эскарна хьалха хӀиттийна Ӏалашонаш кхочушъйан аьтто боцийла.

Массара а латкъам бо эскархой ца тоарна: уьш банне а бац бохург дац иза, амма, меллаша "уьнтIапхьидан" боларехь тIом бан бен тоьаш бац ницкъ. Керла эскархой бу, амма, шаьш Z-блогерша билгал ма-даккхара, тоьуш бац, йа хилла эшам меттахӀотто, йа тIамехь хIоьттина хьолана, цара бан цхьа а хийцам бац.

– Марсхьокху-баттахь ахь йаздора, Z-йукъараллехь цхьа а ваьхьаш вац, "Ахмат" спецназан а, цуьнан буьйранчана Алаудинов Аптина а гуш-хезаш критика йан. Стенца доьзна ду иза? Хьал хийцадала доладелла ала мегар дуй?

- Аптица тамашина хийцамаш хилла. Цхьана муьрехь, ала мегар ду, везаш тIеэцна спикер вара иза: тIеман хьостанашна йукъахь хилла ца Ӏаш, цуьнца лерам беш хиллачу кхечу Z-авторшна йукъахь а. Амма цо Анапехь хиллачу латарх лаьцна комментареш йинчул тӀаьхьа, цуьнан "сирла васт" цу сохьта макхделира.

ХӀинца "Ахмат" спецназах лаьцна негативан агӀор хIинца а йаздеш авторш бу, "Ахмат" спецназ тӀом беш йац, эскаршна тӀехьа лаьтташ йу бохуш. Амма и тайпа дӀахьедарш кегийчу каналашна юкъахь бен ца хуьлу, ткъа йаккхийчара кӀезиг йаздо цунах лаьцна. Алаудиновн шен а йу каналаш, масала "Аида", церан агIонехь кест-кеста хуьлу "майраллех" лаьцна материалаш.

Алаудиновн тӀаьххьара дӀахьедарш, "кхеташ йолу аудиторина" беламе дара. Дукха хан йоццуш, масала, Ӏедалехьа волчу Курскан кӀоштара блогеро Алехин Романа "тӀеман аренгахь дуьненчу бевллачу керлачу инарлех" лаьцна йеха пост йазйинера, Алаудинов царех цхьаъ ву аьлла. Цхьана тӀеман канало жоп делира цаьрга, иза харц ду, иштта йаздан мегар дац аьлла.

– ХIун аьлла хета хьуна, Z- блогерша муха реакци йо, Алаудинов тIеман коьрта спикер хилла дIахIоттар, къаьсттина Курскан кIоштахь тIелатар хиллачул тӀаьхьа?

– Йуьхьанца реакци мел а вон йацара, хӀунда аьлча, Курскан кӀоштахь тӀемаш буьйлабелча, комментари йеш Алаудинов цхьаъ бен вацара. Мегарг [президентан пресс-секретарь Дмитрий] Песковс цу хиламех лаьцна шен дуьххьарлера дӀахьедар масех де даьлча бен ца дира. Ткъа хӀинца, цхьа Алаудинов кIезиг ву.

ЧIогIа  лазийна ву аьлла статус йезахь, хетарехь, кхаьънаш дала дезар ду

Цхьа ша тайпа авторийн тоба йу, наггахь "Ахматна" а, Алаудиновна а, нохчашна а критика йеш. И тайпа материалаш ша тулгӀенаш санна гучуйуьйлу. Масала, шо гергга хьалха, [Вагнеран ПМК-н куьйгалхо Евгений] Пригожина гӀаттам бале жимма хьалха, "кхоалгӀачу нохчийн тӀамах" лаьцна мемаш гучуйуьйлура. Тахана цу кепара дӀахьедарш гучудуьйлу, ша Канадехь ву бохуш дуьйцучу Alex Parker Returns санна болчу авторшкара. Иштта, ДШРГ "Русич" а йу Алаудиновгахьа негативе хьежамаш болуш.

– Z-блогерша Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика йан ларлуш хилар хьахийра ахь. Стенца доьзна ду иза?

– Дукха хьолахь, "Ахматах" а, нохчех а лаьцна ца йаздан гӀерта уьш – проблемаш ца оьшу царна. Кадыров а, Путин а цхьана а кепара вийца магийна вац. Царех лаьцна цхьаммо а бохург санна йаздеш дац, суна дага ца догӀу тӀаьххьара Z-публикацешкахь Кадыровн цӀе йаьккхина.

– Со нийса кхетахь, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр Z-блогершна йукъахь везаш а, ультра-аьттун агIончийн чIогIа ларам болуш стаг ву. Мел баьржина бу тӀеман агӀончашна йукъахь ультра-аьтту хьежамаш?

- И тайпа хьежамаш баккъалла а чӀогӀа баьржина бу, цунах шеко йац. Церан агIончашна йукъахь дуккха а бу бакъболу нацисташ. Масала, дукха хан йоццуш, Питбуль цIе лелочу "Эспаньолан" латархочо дӀайазйира ши видео, ша азербайджанхойн диаспорица "къастор ду" бохуш, кхерамаш туьйсуш.

– Оьрсийчоьнан пачхьалкхо кхиош долу украинхошца мостагӀалла тӀаьхь-тӀаьхьа кхечу къаьмнашна йукъахь а даьржаш ду аьлла хетий хьуна?

– Иза вон хIума дац, амма Z-блогершна а, тӀеман агӀончашна а ца беза шайх къаьсташ берш. Керла хӀума дац иза. И бахьана долуш ду, масала, Къилбаседа Кавказца доьзна муьлхха а хьал, сел ира реакци кхуллуш хилар. Амма, цкъачунна, церан тидам Курскехь а, Донбассехь оьрсийн эскар хьалхадаларна а, "Iожалийн штурмашкахь" аьтто хиларна а, ахчанна а тӀехь бу.

- Карарчу хенахь тӀеман йукъараллехь, хIун дуьйцу лучу ахчанах лаьцна?

- Дукха хьолахь дуйцуш дерг, лазийначарна луш долу компенсациш ду. ХӀинццалц муьлхха а чевнаш йича 3 миллион сом ахча дара луш. ХӀинца и ахча, йоккха чов йинчарна бен луш дац, мелла а жима чевнаш йинчарна - 100 эзар сом ду. Z-блогерша билгалдоккху, эскарехь лоьран комиссиша бечу балхе хьаьжча, дукхахйолу чевнаш "аттачох" лара тарло, ахчана экономи йархьама. Ткъа чIогIа лазийначун статус эца, кхаьънаш дала дезар ду, хетарехь.

Цул тӀаьхьа Путина тIеман заьӀапхошна ахчанаш хьаладехира. Амма цу ахчане а башха сатуьйсийла дац, хӀунда аьлча, заьӀап хиларан бахьана къастош йерг йуха а эскаран лоьрийн комиссеш йу.

Уггаре а тӀаьхьара хилларг – оьшуш долу низам тӀеэцначул тӀаьхьа тӀеман министраллица контракт йазйинчарна - декхарш гечдар. Цу хаамо тӀеман гонехь резадацарш даржийра. Z-блогерш халахетта бу: "Ши шо ах шо ду оха кхузахь тIом беш, тхуна хӀумма а ца йелла, ткъа оццул хан диван тӀехь хиъна Ӏаш, сатуьйсуш Ӏийначунна массо хIума а ду луш."

Ахчанца дузуш долчу хIумано даимна а резадацарш кхуллу. Къаьсттина ладаме хуьлу, контракт йина керла йолахошна ахчанаш алсамдолуш. Хьалха цхьа миллион соьман дуьхьа контрактан куьг йаздинарш, оьгӀазлонца хьоьжу керла тIебаьхкина йолахошна, хIунда аьлча, царна хIинца кхо миллион сом ахча лур ду аьлла.

  • Марсхьокху-беттан 6-чохь Курскан кӀоштахь доладелира Украинин эскархойн тӀелатар. Царна дуьхьал лаьтташ бара ФСБ-н дозанхой а, эскаре кхойкхурш а. Z-блогерш дийцарехь, цу кIоштахь доза лардеш хиллачу кадыровхоша шайн позицеш дӀатесира дуьххьара тохарш хилча. Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан дакъошкара цхьаболу тӀемалой йийсаре лецира.
  • Ставрополь-махкахь гIадужу-баттахь лаьцна "Тринадцать" олучу пропагандин телеграм-каналан долахо Гузенко Егор. Цулла хьалха "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Аптица а, царах дӀакхеттачу вагнерхошца а дов даьллера цуьнан. "ТӀеман корреспондентана" дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх долор стенца доьзна ду теллира Кавказ.Реалии сайто.
  • Гезгамашан-баттахь Iедалхошкахьа болчу блогерша а, "тIеман корреспонденташ" олучара а йиллина критика йора нохчийн "Ахмат" спецназан командирна, тIеман министраллин Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовсана Алаудинов Аптина. Украине гIортарх лаьцна бIостане дIахьедарш динера цо. Гезгамашин-беттан 4-чохь Алаудиновс дIахьедира: "ХIокху СВО-хь оха хIинцале а толам баьккхина (Оьрсийчохь ишта олу Украинана дуьхьл бечу тIамах- Билгалдаккхар).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG