ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров а, со а ши мостагI ву". Нохчочо дуьйцу шен гергарчарна гIело ярх


Нохчийчоь, гайтаман срут

Масех да хьалха Туркойчохь йиттира, телеграм-каналаша кадыровхо ву, бохуш хьехочу стаганна. Цара дийцарехь, "Абдурахман" ц1е йолу иза 17-тта гергга шарахь болх беш хилла ву ницкъаллин структурашкахь, ткъа хIинца туркойн махка веана хилла иза цигахь бехачу нохчашна юкъахь, уьш цIабига дагахь, агитаци ян. Туркойн низамаш лардечу органашна цкъачунна ца карийна тIелатар динарг, амма Нохчийчохь хIинцале а бехке бина, цIерашца буьйцуш болу нах.

Ши де хьалха СемаIашкахь лецира 73 шо долу Мамакаев Зелимхан а, цуьнан кхо кIант а – 23 шо долу Хьамзат а, 26 шо долу Шамил а, 17 шо долу Iимран а. Церан кхин цхьа ваша – Мамакаев Iела – карарчу хенахь вехаш ву Туркойчохь. Иза ву Абдурахманна еттарна декъа хилла бохуш, Нохчийчохь вуьйцург.

Вежарий МамакаевгIар а, церан да а дIавигира полисхоша. Мамакаев Зелимхан дукха хан ялале дIахийцира, амма сийсаз веш полисхоша дIадаьшнера цуьнан мекхаш. Мамакаев Iелас дийцарехь, оцу доьзалерчу кхечу дIалецначарна къиза ницкъ бина. Ткъа хIинца "Абдурахманна" еттарал а сов, цунна бехке диллина ду кхин а зуламаш дар, шайна юкъахь Истанбулехь Арсанукаев Ахьмад цIе йолчу стеган доьзална тIелатар а деш, иза а, цуьнан зуда а, бер а дуьйра ду ша аьлла, кхерамаш а тесна, нохчийн ницкъаллийн структурашна луьйш видео язъяйтар а долуш.

И бахьана долуш Мамакаевн доьзал бехачу х1усаман кетIа полисхой баьхкина ца Iаш, дIахIиттина Нохчийчуьрчу телевизионан журналисташ а, Арсанукаев Ахьмада гергарнаш а. Мамакаевн гергарчу нахе гечдар дехийтина ца Iаш, уьш сийсаз бина, кIантах а, вешех а дIахада бохуш, иза "къоттIалгIавина" ву бохуш, боьха бага а лееш. Эххаре а АрсанукаевгIара чIир кхайкхийна МамакаевгIарна.

Мамакаев Iелас дийцина Кавказ.Реалиига Истанбулехь динчунна ша бехке хIунда вина а, Нохчийчура ша дIа стенна вахна а

- Оцу стаганна йиттинарг хьо ву аьлла хIунда хета Нохчийчохь?

И нах суна тIебахкийта, соьца дийца, ткъа вуьштта хIара лелориг хIун спектакль ю?

- Кхо бутт хаьлха цхьа кадыровхо веанера Туркойчу. Иза ницкъаллин структурашкахь болх беш ву, амма кхуза веанера турист санна. Цуьнан инстаграмехь онлайн эфир яра. Оцу эфирехь питана таса гIерташ вара иза, боьрша стаг ван а вуй кху чохь, шеца цхьаьнакхета ваьхьаш, бохуш. Оцу хенахь цунна ца лиира суна дуьхьал хIотта. Тхойшиъ цхьаьна ца кхийтира, ас цунна ца йиттина.

Цул тIаьхьа соьга телефонехула хаам бира, сан гергарнаш лечкъийна хиларх лаьцна. Ас Абдурахман цIе йолу стагана йиттина боху, со иза вен лууш вара боху, ткъа суна гинарг видео ю, интернетехь яьржина йолу. Со цигахь вацара! Со къонах хиларе терра, ас жоп ло айса динчух. Амма ас цхьаъ динехь со цунна тIера вера вац. Со жоп дала кийча ву, нагахь сан бехк болуш хIума делахь. И нах суна тIебахкийта, соьца дийца, ткъа вуьштта хIара хIун спектакль ю?

- Хьуна хаий цунна йиттинарг мила ву?

- Суна сайн дахарехь цкъа а гина стаг вац и Абдурахман. Цунна хьа еттар ю ала а ца хаьа суна. Истанбулехь вехаш 2-3 эзар нохчо ву. Суна мичара хуур ду иза мила хилла?

- Арсанукаев Ахьмадах лаьцна дийцича, иза вевзий хьуна?

- Тахана интернетехь хиъна суна цунах лаьцна. Со цигахь хилла вац. Тоьшалла даладе, ас цунна кхерамаш тийсина хиларх лаьцна. Со ямарта стаг а вац, тешна бехк бийр болуш а вац со. Суна сайх чекх са гур дара, карарчу хенахь со лечкъаш лелаш хилча.

- Арсанукаев Ахьмадан гергарчу наха хьан доьзална чIир кхайкхийна ца Iаш, кхайкхийна иза Халитов Хьасанан доьзална а. Хьуна хаьий иза мила ву?

- Со юкъаметтигаш лелош вац Халитовца. Иза Нохчийчуьра хилар хаьа суна. Амма ас юкъаметтигаш лелош берш бу дукхахенахь дуьйна суна бевзаш болу нах.

- Хинца муьлхачу хьолехь бу хьан гергарнаш? ХIун дина царна лецна нуьцкъала дIабигначул тIаьхьа?

- Сан да заьIапхо ву. Цуьнан цхьа куьг дац. Инсульт хилла ву иза, дика хезаш вац. Сан ден мекхаш даьшна, ша Кадыровс нохчаша уьш лело деза бохуш дийцахь а. Сан дега, ницкъ а бина, со шех дIакъаставайтина! Сан кхаа вешина тIехь Iазап латтийна, чIир кхайкхийна. Царах цхьаъ бер ду, 2004-чу шарахь вина ву иза. Сан гергарчу нахана гIело йина. Селхана сарахь а бен дIа ца хецна уьш. ХIинца суна лаьа, шаьш динчунна цаьрга жоп деха.

- Лоьрашка дехар диний хьан гергарчара, шайна чевнаш йина хиларх лаьцна тоьшаллин кехат доьхуш?

- Цхьаммо а дийр дац цхьа тоьшалла.

- Кадыров Рамзанах а, цуьнан режимах а лаьцна хIун аьлла хета хьуна?

Цера сий а, стеган ларам а бац. Царна гуш дерг ахча ду.

- Тхо мостагIий ду. Халкъ ца лоруш стаг ву аьлла хета суна иза. Ша а, шен доьзал а Американ санкцешна кIелбахча, эргIада вахна хьийзаш вара иза, шен доьзал юкъахьекхо ца оьшу ша деш долчунна бохуш. Ткъа соьца хьакхаделлачехь ас динчу "зуламех" бала хьоьгург сан доьзал хIунда бу? Шен дешан да хIунда вац иза? Нохчийчуьрчу Iадалх лаьцна сайн позици ю сан. Цхьаъ садаIа Туркойчу веанехь, сан цуьнга дийца хIумма а дац. МогIарера нохчо кхузахь хилар цхьаъ ду, нагахь иза кадыровхо санна веанехь иза кхин ду. Суна сайн бIаргашна гина адамашна ницкъ беш, зударшна а цхьана. Церан сий а, стеган ларам а бац. Царна гуш дерг ахча ду.

- Нохчийчуьра дIа хIунда вахна хьо?

- Со Туркойчохь вехаш ву. Тоьар долуш вехаш ву. Цхьа шо ах шо даьккхина ас нохчийн набахтехь. Со бехке винера тIемалошна гIо дарна. Иза бакъ дацара, тIеэцийтира соьга бехк.

- Бехк хьайна тIе хIунда ийцира ахь?

- Суна ницкъ бира ток етташ а, чхьонкарш етташ а, коьртах тоьрмиг боьллина а, дегIа тIе латийна сигаьркаш Iуьттуш а. Буйнаш а, мираш а биттира. Цхьана а хIуманна бехке вацара со. Набахтера араваьлча а ца витира со. Кхечарна мотт бетта, бохуш ца витара со. Эххаре а юха а бехктакхаман гIуллакх долийра суна дуьхьал, цул тIаьхьа дIаваха дийзира сан. Со сайн цIахь Iийр волуш вара, сой витинехь. Амма ас царна болх бийра бац, цара доьхкина сан къам.

- Нохчийчохь бисначу хьайн гергарчу а, юххерчу а нахаца зIе латта йой ахь?

- Гергарчаьрча зIе хадийна ас, церан проблемаш ца хилийта.

- Хьо блогер вуй кадыровхоша хьийзош волу Халитов Хьасан а, Абдурахманов Тумсо а, кхиберш а санна?

- Ас цхьа а видео а ца язйина, яккха а ца яьккхина. Со блогер вац. Амма ас хьул а ца до сайн церан "паччахьах" хетарг. Сан дена-нанна кхерамаш тийсина, нагахь ас цхьа хIума итернетехь дIахIоттийна метиг багIахь, царна ницкъ бийр бу бохуш. Со блогер вац. Амма уьш Iад ца битахь, видеош язъян волалур ву со.

- Нохчийчуьра дIабаха хIунда ца лаьа шун доьзална?

- Сан юккъера ваша набахтехь 4 шо ах шо текхна ву. Иза бехке вора Шема тIаме ваха дагахь хилла бохуш, ткъа иза доьшуш вара Серноводскерчу техникумехь. Карарчу хенахь тхан доьзалан, цхьаьна агIор, ахча дац новкъа бала, вукха агIор кехаташ дац махкара арабовла. ТIехула тIе, сан ваша декхарелахь ву хIора кIиранах, полице а вахна, хаийта ша цIахь хилар.

- Хьо маьрша ву аьлла хетий хьуна Туркойчохь?

- Со кхерамазаллехь ву аьлла ца хета суна.

- Ларвалар Iалашонца хIун до ахь?

- Сайн бевзаш боцчу нахах ларло со, ца лела сайна евзаш йоцчу меттигашкахула.

- Кхин дIа хIун дан дагахь ву хьо?

Со уьш санна ямартхо вац. Ас цхьаъ дахь, ас иза дийр ду, лечкъа а ца лечкъаш.

- Цкъачунна ца хаьа суна. Амма тахана ца яхь а, ас ерзор ю и проблемаш. Нагахь суна чIир кхийкхош елахь, ас а кхайкхор ю дуьхьал. Со "къотIалгIа вина" бохуш, цара сийсаз йина сан нана. Со цхьана а хIуманна бехке вац, цара йолийна хIара конфликт. Со кхерамаш туьйсуш вац. Сан гергарчаьрга со шайх нуьцкъала дIахадавайтинехь, со хIинца царна цхьа а воцург велахь, церан бала хуьлийла дац ас дийр долчуьнца. Со уьш санна ямартхо вац. Ас цхьаъ дахь, ас иза дийр ду, лечкъа а ца лечкъаш. Цундела со маьрша ву айса бийра болу сацамаш бан. Массара а жоп дала деза ша аьллачух а, лелийначух а. Сан мостагIийн а дезар ду жоп дала!

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG