ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Адамна совгIат де алар сайт йастарца доьзна "Севастополан Оьрсийн йукъаралло"


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Аннекси йинччу Севастополера "Оьрсийн йукъаралло" дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Кадыров Адамна совгIат дар хьоьхуш, иза 16 шо кхачарца декъалвеш хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа шайн сайт йохорах.

Организацин сайт тIехь лахьан-беттан 24-чохь Кадыров Рамзанан кIант декъалвеш, йукъараллин цIарах аннекси йинчу ГIирмин куьйгалхочуьнга Аксенов Сергейга цунна "Севастопольна гIуллакхаш дарна" совгIат дар доьхуш публикаци йинера. АгIо дIайаьккхина сайтера, делахь а, цуьнан копи ган йиш йу веб-архивехь.

Публикайи йина йалх де даьлча йукъараллин организацин куьйгалхочо Ермакова Татьянас дIахьедира, шайн сайт йохийнера аьлла. Бакъоларйаран органашка дIахьединера йукъаралло, дийцина Ермаковас "АиФ- Ставрополь" хьасте.

Хьалхо Донецк гIалин оьрсийн администрацин куьйгалхочо бина Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долчу кIантана Кадыров Адамна гIалин сийлахь вахархочун цIе луш сацам зорбане баьккхинера телеграм-каналаша. ТIаьхьо Оьрсийчоьно хIоттийначу Донецкан администрацино дIахьедира, шайн сайт украинхойн хакерша йастарх, хIинца чIагIдо, совгIат дарх хаам – фейк йу бохуш.

  • ГIадужу-беттан 29-чохь хааме даьккхира, Нохчийчоьнан урхалхочун 16 шо долу кIант Кадыров Адам дукха хан йоццуш кхоьллинчу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан "куратор" хIоттийна, оцу батальонан седа белира цунна хьалхо. ТIеман министраллина йукъадогIучу цу декъахь цо хIун болх бийр бу, - хууш дац.
  • Кадыров Адама марсхьокху-беттан 15-чохь йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалара СИЗОхь лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла.
  • Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира. Цхьадолу билгалдаьхна совгIаташ дала хан йолуш а вац иза.
  • Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министро Алханов Адама дIахьедира, Кадыров Адам "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхо" хIоттийна аьлла. Оцу заманчохь 15 шо дара цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG