ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан фондо "кукурузник" эцна спецназан университетана


ТР-301 кеманал а хьалха арахецна Ан-2. Гайтаман сурт
ТР-301 кеманал а хьалха арахецна Ан-2. Гайтаман сурт

Гуьмсерчу спецназан университетан дехарца Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионалан фондо ТР-301 кема эцна, "кукурузник" санна девзачу Ан-2 кеманан модификаци ю иза. Муха пайдаоьцур бу кеманах- хууш дац. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь хьахийна, оцу кепара кема махкахь тIе ца тоьара аьлла, цуьнан дешнашца, Нохчийчохь "парашютан спортаца интерес йолу туристаш а, спортхой а чуэхар даьржина". Регионерчу политико дIахьедина, керлачу кеманца "регионалан туризм керлачу тIегIане йоккхийла хир ду" аьлла.

Амма, "кукурузник" эцар дехнера, Украине тIом бан хьежош болу пачхьалкхан йоллу регионашкара йолахой – лаамхой олурш- кIиранчохь чекхбуьйлучу спецназан университетан инструкторша.

Оьрсийчохь арахоьцучу гIирсех дина ду ТР-301 кема, юккъерчу барамехь аьлча, цуьнан мах бу 12-14 миллион сом. Кема эцарна шен нанна, гIоьналлин фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина баркалла аьлла Кадыровс – "совгIат" ду аьлла цо и эцар.

"Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарехь ю Кадыровн цIарах фонд. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Кадыровс бехкаш тIе ца лоцу. Иштта зорбанан гIирсаша хаамбора, фонде ахчанаш дахкар а, ахчанаш дайъар а цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю а олуш.

  • Кавказ.Реалиина къастарца, Кадыровн фондо шена тIеяздина къорачарна а, ледара хазар долчарна а лерина хьалайина интернатийн корпусаш, иштта Пионерское эвлахь I20 охьахуу меттиг болу школа а. Ма-дарра аьлча, и белхаш бинера бюджетан чоьтах, пачхьалкххан цIарах оьшург оьцучу сайтехула – тIелецира кхочушъян Грозгражданстрой, ГУП "Орден дружбы народов Чеченское управление строительства им. Исмаилова", ООО "Геострой" компанеша.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу каналехь ара а хецна, ткъа юха дIаяьккхира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан, дийцарехь, гуманитаран ду боху гIо кадыровхоша дIасадоькъуш видео. Каналера видео къайлаелира, эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтича. Журналистана-талламчана Христо Грозевна хетарехь, Мариуполан бахархошна кадыровхоша лечкъийна сурсаташ декъна хиларан тоьшаллаш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG