ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан цIарахчу  фондо некъан низамаш дохорах гIуданаш токхур дац


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо гIуданаш ца такхарца доьзна Охан-баттахь кхелан пурстоьпаша пхиъ гIуллакх диллина цунна дуьхьал. Оцу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедо, иттаннашкахь миллионаш соьмаш хьежадо фондо Украине "гуманитаран гIоьнна" а, цигахь долчу нохчийн дакъошна тIеман гIоьналла а латтон а, яздо Кавказ.Реалиино.

Нохчийчуьра Федералан пурстоьпийн урхаллин базаца а догIуш, мел кIезиг а 13 такхаза административан гIуда ду – 500 соьмана тIера 2000 соьмана тIе кхаччалц Кадыровн цIарахчу фондана тIехь. Царех пхиъ административан гIуллакх долийна ду 2020-чу шеран аьхка дохийначу низамашца, гIуллакхаш долийна кху шеран Охан-баттахь.

Оцу гIуданашца доьзна доллу гIуллакхаш дIахьош ву Гуьмсан декъан пурстоп, Кадыров Ахьмадан цIарахчу проспектехь ю цуьнан гIишло.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь кест-кеста хаамаш гучубоху цуьнан ден цIарах йолчу фондо латточу гIоьналлех. Мархийн Рамадан бут берзарна лерина, дуьйцу, 30 эзар Меккахь болчу бусулбанашна делкъе латтийна. Иштта фондо Шелковск кIоштарчу гIийла бохкучу доьзалашна совгIатна пхи цIа а дина, дIалаьцначу Мариуполехь кхачанан сурсаташ дийкъира. Зазадокху-баттахь фондо гIагI диллина машенаш совгIатна елира Донбассерчу сепаратистийн хьалханчашна.

  • Кадыровн цIарах йолу Фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн "Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь хIоттийначу санкцийн тептарехь ю. Организаци масийттазза бехкейира, "ца лаахь а, лууш санна" фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура. Зорбанан гIирсаша хаамбора, фондан ахча лелор, дайар цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю олура иза.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу канале хьалхо хIоттийна, тIаьхьа дIаяьккхира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан, дийцарехь, гуманитаран сурсаташ кадыровхоша дIасадоькъуш видео. Эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтира. Журналистана-талламчана Христо Грозевна хетарехь, цо тоьшалла до, кадыровхоша Мариуполерчу бахархошна дIасадекънарш шаьш лечкъийна сурсаташ хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG