ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан цIе тиллина Путина Соьлжа-ГIаларчу аэропортана


Соьлжа-ГIалара "Северный" аэропорт

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана Кадыров Ахьмадан цIе тиллина – Нохчийчохь президент лаьттинчу, тахана мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан ден. Бакъонан информацин порталан официалан сайтехь зорбане даьккхина цунах лаьцна омра, хаамбо оьрсийн Свобода Радионо. Кадыров Ахьмадан 70 шо кхаьчначу дийнахь куьйгъяздина арахецначу омрана.

Юкъараллин палатин инициативаца кхаьжнаш тесначул тIаьхьа Стигалкъекъа-баттахь къаьстира, Соьлжа-ГIаларчу "Северный" аэропортана Кадыров Ахьмадан цIе тилла хьийзаш хилар. Дийцарехь, 90 процент кхаьжнаш дIаделлера Кадыров Ахьмадан цIе тилла лууш.

Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош бу республикехь 300 урам Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" юккъера маьждиг, Росгвардин полк. Карладоккху, Чиллан-баттахь оцу Росгвардин ларми чохь дуккха а нах байъина хиларх хааме даьккхира "Новая газетано".

Президент лаьттинчун цIе тиллира иза винчу Хоси-юьртана – Ахмат-Юрт аьлла.

Цул совнах, Кадыров Ахьмадан цIе лелош ю махкара футболан а, латархойн а клубаш а, иштта Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. Стохка ГIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло хIоттийначу санкцийн тептарехь ю уьш. Кадыровн портретех дуьзна ду Соьлжа-ГIалин урамаш.

1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан Республикан муфтий вара Кадыров Ахьмад, цул тIаьхьа федералашкахьа велира. 2000-чу шеран аьхка дуьйна Нохчийчоьнан администрацин куьйгаллехь вара иза. 2003-2004-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттира.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG