ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин къад ца луш, рогIерчу даздаршна кечлуш ю Нохчийчоь


Chechnya - Firework in Grozny, 16May2012
Chechnya - Firework in Grozny, 16May2012

Вуно самукъане де дан дагахь ду Нохчийчура Iедалш кху беттан 5-гIа де. Цу дийнахь даздийра ду Соьлж-ГIалин де а, кегийрахойн де, официала кепара хьехош дацахь а, Республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан вина де а.

Кхушара дуьххьара а доцуш кху ГIадужу-беттан юххьехь даиман бохург санна, дийнна шарахь ца хиллачу кепара каде а, шовкъе а гIуллакхаш деш а го Iедалдай а, массо тIегIан маьхькIамхой а.

Цуьнан бахьана ду кху беттан 5-чудийнахь билгалдоккхуш долу масех дагалецамийн терахь-даздарш хилар. Кхана –лама зевне билгалдоккхуш ду, масала, Соьлжа-ГIала йиллина 195 шо кхачар а, кегийрхойн де а. Кхин дIоггара дийцаре деш дацахь а уггар чIогIа кечамаш беш бу цу дийнахь мехкан куьйгалхо дуьнентIе валар даздарна тIехьажийна.

Iедалан векалша кхайкха а деш кху гIа дужучу беттан 5-чу дийнахь Соьлжа-гIалахь схьабоьллуш бу Оьрсийчоьнан этнографин музейн экспонатийн шуьйра гайтам.Коьртачу шахьрахь дIахьур бу шайн дахарх баккхийбечу бахархойн гулам а, даздинчу хьелашкахь коьртачу урамехула кегийрхой-адамаш дуьйладалар а.

Iедалдайша дика динчу,бу бохучу артисташа-иллиалархоша цу дийнахь хIоттор ю маьхаза концерт а. И сел лераме 5-гIа де тIекхачале а хир дац Соьлжа-ГIалахь гIайгIане. Сийлаллин аллея цIе йолчу Мемориалан комплексехь 3-чу дийнахь болх бан йолалуш ю «Оьрсийчоьнан къилбе» аьлла суьртийн исбаьхьаллин гайтам.

Цул сов,цхьана 5-чу дийнахь ларалур цахиларна, кху деношкахь тIаьхьий –хьалхий схьайоьллуш ю цхьа могIа мехала гIишлош а:цIе яьллачул тIаьхьа тойина «Грозный ситера» «Феникс» а, йохкаэцаран комплекс «Гранд-парк « а, Кадыров воккхачуьна цIарх берийш беш а.

Официалан кхайкхош дацахь а,амма бахархошна мискъал зарратал тамаше а ца хеташ,махкахь йина йохуш мел йолчу гIишлошкахь белхаш сихбина мехкан куьйгалхо вина де тIекхачале бохуш. Цу денна лерина де-буьйса ца лоруш хаддаза белхаш бина масала Теркйист кIоштера керла базаран майда,йохкаэцаран комплекс йина йоккхуш.

ПхиалгIачу дийнахь иза схьаеллар Кадыровна совгIат хир ду боху меттигерчу Iедалдайша. Бакъду и стенна йина бохучу хаттарна жоп карош бац бахархой. Стенна аьлчи кхуззахь ЧIурга юьртахь цхьайтта-шийтта шо ду дукхе-дукха бIаьрла йина кертахь гIишлош а йолуш,масех гектар майда дIа а лаьцна болх беш, йоккха базар хилар. Керланиг йина яьлча,бахархоша дийцарехь, Iедалехь болчара хьаьккхина дIайоккхур йолуш кхузара йохка-эцаран майда.

Тахана махкахь тIедогIучу дезачу денойн сий-ларамна бIаьрса кхало, бIаьрг бело, цIархазмана урамашкахь, гIишлош тIе, хьалаухкуш ю байракхаш, баннерш, летош бу бес-бесара чиркхаш. Массо тIегIан хьаькамашна хIинца а дуьйна хууш ду цу дагалецамечу дийнахь шаьш Соьлжа-ГIала «шайн лаамехь» маса вахархо-белхо кхачо декхарийла ду

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG