ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровцаш къам доьхкина кIиллой бу"


please wait

No media source currently available

0:00 0:06:19 0:00
Линкана тIе

Блогеро Абдурахманов Тумсос дуьйцу шена "Лордо" чIир кхайкхорах а, ша Кадыровс сийсазварх а лаьцна

Вевзаш волчу блогеро Абдурахманов Тумсос хьалхо онлайн-дебаташкахь эшийначу Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада ("Лорд") кхерамаш туьйсу шен оппонентна. Шоьтан сарахь Инстаграмехула цо дIахьедира, Польшехь къайлаваьлла веха Абдурахманов хIинцачул тIаьхьа шех кхера веза, ша вуьжучу заманахь цо терго ян еза, къевлина ю я яц шен неI, аьлла.

"Ас а, сан вежарша а чIир кхайкхайо хьоьга, нах теш а болуш", - боху Кадыров Ахьмадах лаьцна кIон дош аьллачу Абдурахмановга Даудовс ша Инстаграме йиллинчу видеохь.

"Кавказ.Реалиина" лучу интервьюхь Тумсос юха а чIагIдо, ша ца кхоьру Кадыров Рамзанах, иза "мохк боьхкинарг а, къам балелаьцнарг а, зуламхо а ву".

Туьйсучу кхерамех а, Кадыров Рамзанах а

– Тумсо, журналистца Шевченко Максимца къамел деш ахь элира-кх, хьайна "къаьхьа ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжех дисина иэс". Оцу дешнаша таханлерачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун мостагI хьайх войла кхеташ ма хир вуй хьо? Даудовс туьйсу кхерамаш мел бух болуш бу аьлла хета хьуна?

– Лордо кхерамаш туьйсу - бац дера уьш-м бегаш. Халахеташ делахь а, яккхий таронаш ю церан, кхераме бу уьш баккъал а. Дешнашца хаздан а ца гIерташ, хIинца Лордо официалехь дIакхайкхий шен соьца йолу гамо.

Кхоьрий со царех? Кадыровх, Лордах, кхиболучех? ХIан-хIа, со царех ца кхоьру. Бакъду, ларвала веза царех, со кхета доллучух а, кхета сайна тIехь кхерам лаьттийла. Цуьнга хьаьжжина, ларвала а гIертар ву.

- Долуш дерг дийцича, мила ву хьуна Кадыров Рамзан? Ахь иза паччахь ца лорийла-м кхета тхо.

– Кадыров Рамзан, сан кхетамехь, Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна тIевиллина хьаькам ву, ву ишта мохк боьхкинарг а, къам балелаьцнарг а, зуламхо а".

​Официалерчу версино бахарехь, иза, шен да а санна, турпалхо ву, вац къам доьхкинарг.

– Оккупацина дуьхьаллаьттинарш, Оьрсийчоьнан экспансица къийсабелларш бу нохчийн къоманна турпалш. Уьш бевза нохчашна, беза. Оьрсийчоьнна тобадинчу стагах оха цкъа а ца вина турпал.

Онлайнехь Лордца къамел дан реза ца хилира

– ​ РогIе а хIуьттуш, хьоьца интернетехула къийсабала хIун бахьана даьлла кадыровхошна? Ахь селхана сарахь, деха ца дуьйцуш, юьстахдитина Даудовс шеца къамеле вала аьлла хьайга дина дехар.

– Суна хетарехь, сан YouTube-ра канал гIарадаларо, ас цунна чухула дуьйцучуьнца дукха нах резахиларо сагатдойту цаьрга.

Шайн пропагандисташ а гIовттийна, Шевченко а тIехь меттахваьккхина, со сийсазван гIиртира уьш, амма жамIашна реза ца хилла Кадыров. Цундела, суна хетарехь, ас ах шо хьалха къамел дина волу Даудов юкъаваккхина юха а.

Хьоьга хьовсуш болчу нахана ца хаьа, Даудовс хIун аьлла хьан ненах лаьцна. Ткъа ахь хьо цуьнца къамел дан резавацар дуьйзира цо аьллачух.

– ТIьаххьарчу шен цхьана кхеташонехь Кадыровс со къотIалгIа вина ву аьлла. Омра дира, сан нене цо со хьанна вина хатта.

Ас эфирехь Лорде хаьттира, лартIа дуй паччахьо иштаниг дийцар. Лордо жоп делира: паччахьо иштаниг бохуш делахь, цуьнгахь ца хуьлийла дац бакъ информаци.

–​ Шен карахь Iаламат боккха ницкъ болчу Лордца онлайнехь къамел дан ца хIоьттина хьо. Хьуо юхаваьллачул тIаьхь хIун ойла хьийза хьан коьрте?

– ХIара аьлла, кхин ойла а яц сан оцу хьокъехь. Бакъду, новкъадогIу уьш боьхна хьийзаш, шайн версешца галбуьйлуш. Воккхаве церан боьхнахьийзар, кIезгалла, есалла нахана дIагайта йиш йолуш.

Шианчаш

–​ Дукхахболчу нохчашна хетарехь, хьоьца къийсабала боьлла кадыровхой эшна. Селхана стагга а вацара царна дуьхьал дош ала, ткъа хIинца нахана гучудаьлла, цаьрца къовсавала аьтто буйла (цу тIе, уьш эшабалалойла а).

– Уьш шайца къамел дайтарна ца эшна, эшна къовсамехь цара шаьш школехь вон дешна шианчаш санна гайтарна.

–​ Ткъа цара хIун дийца дезара?

– Дийца дацар ду уьш эшийнарг. Бакъдолчунна дуьхьалдаккха дац церан хIумма а. Демагоге Шевченкога а ца дан дели хIумма а.

–​ Ала дашна, Шевченко. Хьан хьокъехь къамел деш, цо дика йийцира таханлера Нохчийчоь – мухха а делахь а, цигахь низам а лела, школаш а йо, кхидерг а до, аьлла. 2018-чу шеран ГIуран-баттахь Кадыровн шичас, нах а бойуш, некъахьовзам эккхийтира, цуьнан тIаьхьало муха ю?

– Янне а яц. Цунна хIумма а ца дина.

ГIалатех

Буденовскехь Басаевс берийн цIа дIалацарх аьлла дацара Кадыров Ахьмада "АллахIан къинхетам", тIом сацош, Хасу-Юьртахь бинчу бертах аьллера цо ишта, чIагIдо Даудовс.

– Кадыров-Воккхачо и массарна а девза шен тратор тIера къамел дечу хенахь Хасу-Юьртахь барт бан дагахь а дацара. Цо дуьйцург "Буденовскерчу операцех" а, иза йирзича хиллачу бертах а лаьцна дара.

–​ 1996-чу шарахь Кадыров-Воккхачо, официалерчу версех тешийла делахь, дика мах хадийра Ставропол-махкахь леллачун, иза къоман лаам бара а олуш. Рамзанан дегахь шен ойла ян а яцара, иза ледара стаг вара бохург ду иза? "Ахьмад-Хьаьжин некъ" стенца бозабелла нисло тIаккха? Изза хаттар кхоллало тахана къонаха хилла хьийзачу Даудовх а, хьан тIаьххьарчу эфире ладоьгIча – ШолгIачу тIамехь дакъалаьцна, шел баккхийчу накъостех ийзалуш хиларна.

– Царна шайна дика хаьа шаьш муьлш ду! Халкъана а хаьа уьш муьлш бу! Суна хетарг девзаш ду, иза ас лечкъа ца до, даима олуш ду: уьш кIиллой бу, къам доьхкинарш бу!

–​ Цхьана гоьяьллачу кинофилмехь дара-кх хоттуш: "Хьан ницкъ стенца бу, сан ваша?" Цунна а дайна, кадыровхойн лазаме меттиг мичахь ю?

–Царна шаьш муьлш ду дика хаьа, иза бац церан коьрта лазам. Шайгарчу доьналлах, турпалаллах лаьцна Кадыровс, Лордо, Хамбиевс, кхечара дуьйцурш – церан фантази ю, цара шаьш шайх кхоьллина дийцарш ду. Оьрсийн кицанехь санна, хIуттуто боргIал хестайо, боргIало хIуттут хестош хиларна.

Церан исторешна дан тоьшаллаш а дац, тешаш а бац, цара тIамехь дакъалацар гойтуш видео-фотоматериал а яц.

Цундела царна дуьсург ду, автоматаш кара а эцна, кинош яхар. Беламе ду цаьрга хьожуш. Церан дакъазалла ю халкъанна уьш муьлш бу хууш хилар а, халкъанна хаьийла царна шайна хаар а. Со а ву, цу тIе, виллина иза дуьхьалIуьттуш.

Хиндолчух

–​ ХIун хир ду хьох кхидIа?

– Хиндолчух дуьйцучохь вац со. Кхин хьал ду соьгахь. Цхьана семанна тIехь сайн дахар сецна хилча-м, билгал дала а тарлора дахарехь кхидIа хиндерг.

–​ Хьоло гойту хьох Кадыров бIаьрга ван цавезачийн накъост хиллийла. Ткъа уьш бу, хьан материалашна буха дечу йозанашца багарбича, вуно дукха.

– ХIаъ, кхета со, дукха нах бу соьга хьовсуш (нохчий хилла а ца Iа). Со цунах воккхаве. Сайн болх иштта дIакхехьа а, аудитори шоръян а дагахь ву со.

Шайн дахар дика хилийта, махкахь хIун хийца деза аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG