ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн троллийн команда. Муьлш бу уьш?


«Кавказ.Реалии» порталан ешархочо яитийна хIара текст. Кхуьнан чулацамехь мел дерг бакъдо тхан Соьлжа-ГIаларчу хьосташа а.

ТIаьххьарчу шерашкахь лилхинчу скандалаша сийсош ю Нохчийчоь.

Iедал ЛГБТ-н декъашхошна а, шайна критика ечарна а тIаьхьадаьлла лелар, журналисташна а, бакъонашларъярхошна а тIелатарш дар, иштта кхи дIа а.

Тидам шайна тIеберзош хIуманаш дуьйлу тIаьхьий, хьалхий, цундела хаамийн гIирсашкахь юьйцург еккъа цхьа Къилбаседа Кавказан республика ю.

Информацин тIамна дуьхьало латточу махкарчу коьртачу ньюсмейкерша биэндацарца хазадо оьрсаша олуш ма хиллара: "ЖIаьла леташ ду, амма ковра шена ма хетта дIайоьдуш ю".

Керлачех дац информацин тIамех, троллингех, Iаьржачу пиарах даьржина дийцарш.

Пропагандин и технологеш дукха хенахь дуьйнна теллина, караерзина ю. Кремлан троллех лаьцна бен Интернетчохь кхи дуьйцуш хIума а дац. Кху шеран Чиллан-баттахь тIеман министро Шойгу Сергейс официалехь дIахазийра, «кибер-эскар» кхолларх.

Амма кIеззигчарна бен ца хаьа, Нохчийчоь и «эскар» а кхоьллина ши шо дуйла. Гарехь Оьрсийчоьнан тIеман министраллал а хьалха яьлла йоьдуш ю нохчийн республика.

Масала, федералан тIегIанехь пропагандан, контрпропагандан хеттарш говзанчаша дийцаредеш делахь а, Нохчийчуьрчу «кибер-армехь» "тIемаш" бийраш дилетанташ бу.

Ца лаахь а лууш санна

«Грозный-Сити» комплексан 11-чу гIат тIехь дIатаръелла нохчийн "кибер-арми". ХIусамна чувоьдучу йоккхачу аьчган неIарна тIехь цхьа а йоза а дац, домофонан панел йоцург. Цу чохь ю информацин агресси юхатухучу центран штаб.

«Командирийн команда» - иштта цIе ю ши шо хьалха йолийначу нохчийн троллинган проектан. Проект дIакхайкхаяле шуьйрра кхеташо дIаяьхьира Зорбан ЦIийнерчу йоккхачу хIусамехь. Цу чохь гулбеллера меттигера хаамийн гIирсаш, блогерш, кеп-кепарчу хьукматийн, урхаллийн пресс-гIуллакххой.

Кхеташонан декъашхоша дIахьедира хIетахь, оцу проекта юкъа шаьш ца луъушехь дитина хиларх. Пиархойх, журналистех лаьтташ белхан тоба кхоллар дуьххьара дагадеанарг ву пачхьалкхан Думан депутат, къоман политикан министран даржехь цхьана хенахь лаьттина Саралиев Шамсаил.

Нохчийн «кибер-эскаран» белхан структура муха ю хьуна аьлча, оцу белхан тобанерчу (хIора тобанехь 5-10 стаг хуьлу) пиархоша, журналисташа, блогерша жигара комментарешкахь йийцаре ян еза центро хаамийн гIирсашка яьхна артиклаш.

Инстаграмехь а, фейсбукехь а, твиттерехь а, вконтакте а хIора тобано схьайиллина масех фейкан аккаунташ хуьлу. Нохчийчоьнах а, цуьнан куьйгалхочух а тешам бойуш яржочу негативе информацица эвсара къийсам шаьш латтабо аьлла хета проектан инициаторшна.

«Командирийн команад» проект догреза къобалйира Кадыров Рамзана, цул совнах цуьнан администрацино верасалла а латтадора цунна тIехь.

Оцу хенахь администрацин куьйгаллехь хиллачу, тахана парламентан спикеро Даудов Мохьмада, проекте юкъабалийначу хьукматийн, урхаллийн пресс-гIуллакххойн куьйгалхошна а, хаамийн гIирсийн куьйгалхошна а тIедожийра ахчанца а, мел оьшучуьнца а гIо латтор «кибер-армина».

Командийн штабан декъехь (иза ю аналитикан центр) 10-20 белхахо ву. Иштта зорбанашкахь мониторинг а еш, Iедална резабоцурш гучу а бохуш, критике комментареш йинарш а лоьхуш, болх дIахьо цара. Цул тIаьхьа гулйина информаци куьйгалхочуьнга дIакхачайо.

Ткъа цо омра до WhatsAppан чаташкарчу тобанашкахь и информаци яржаян, цаьрга йийцареяйта олий.

Тешначу бахархоша йозанашкахь шайна-шайна хетарг дуьту, ткъа вукхара цу комментарийн скриншоташ а йохуш, шаьш бинчу балхах информаци флешкаш тIехь дIакхачайо штабе.

Троллаша даим бохург санна шаьш гучудоху, хIинццал цхьанне а сайташ тIехь комменташ йитина боцу хIорш чухахкалой къийсаме а буьйлуш, дийцарш дуьйладо Нохчийчуьрчу тIамах лаьцна, цкъа делахь.

ШолгIа аьлча, сайтийн администраторшна IP адресца дукха сихонца караво, комментареш йитинарг. Меттигаш нисло, масех йоза троллаша дитинчул тIаьхьа церан аккаунташна модератораша блок хIоттош а. Цундела сихонца ша бинчу белхан скриншоташ йохий, шена тIехь лаьттачу куьйгалхочуьнга дIакахачайо троллаша.

Сабанан лоппаган дуьхьал делла депутатан мандат

Нагахь санна «Командирийн командин» белхан жамIаш пайден дацахь, хIунда саццаза къахьоьгу цара хIинца а?

Цхьа дакъа тIаьхьа ца кхуьу, и проект сабанан лоппаган меха бен цахиларна, важаберш кхеташ бу, амма ца хIуьтту уьш бакъдерг ала (хала ду паччахь верзана ву ала, гонахарнаш цуьнан духар хестош хилча).

Пачхьалкхан Думера гIант лестадоьлча, Саралиев Шамсаилна дуьсург дара. Кадыров Рамзанна хьалха хеставалар, ша кхи дIа а пайден хилар чIагIдеш.

«Эхо Мрсквы» радиостанцино а, «Кавказан узел» агенталло а, «Лента.ру» ресурсо а зорбане яьхначу артиклашна тIелатар дира нохчийн «кибер-армино».

Нагахь санна кадыровцашна томехь дош ца аллехь, ца кхоабора троллаша ур-атталла, шайн махкахой а.

Социалан машанашкахь троллийн уггар а коьрта Iалашо кхи ю. Дийнахь а, буса а Кадыров Рамзан хестор. Куьйгалхочунна тан а тов и. Цундела, Саралиувн проект катоьхна шега ерзийра Даудов Мохьмада.

Саралиев Шамсаил висира Думехь шолгIачу ханна а. Даудов Мохьмад Нохчийчоьнан парламентан коьрте хIоьттира (делахь а, цуьнан даржехь лакхавалар оцу проектца доьзна ду ала а ца хаьа суна).

Ткъа проект кхиорехь къахьегна Даудовн гIоьнча лаьттина Ибрагимов Iийса кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан урхалле хIоттийра. Цундела махкарчу Iедало и проект ерзор ю бохучуьнга догдохийла а яц. ХIунда аьлча, бонусаш йоху, «паччахь» а реза ву.

Белхахойн ресурс а, финансаш а махкана а, цуьнан бахархошна а пайда хинболччу агIор хьовсийча бакъахьа хилар, цхьаммо а юьхьар ца лоцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG