ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров дIаваккха тарло". Стенна оьшу нохчийн куьйгалхочунна шен критикаш шегахьа бовлар


Кадыров Рамзан а, мехкан муфтий Межиев Салахь а ву Соьлжа-ГIаларчу гуламехь, 2023-чу шеран зазадокху-беттан 23-гIа
Кадыров Рамзан а, мехкан муфтий Межиев Салахь а ву Соьлжа-ГIаларчу гуламехь, 2023-чу шеран зазадокху-беттан 23-гIа

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIоршаме критик, башха гIараваьлла воцу блогер Магомадов Сайд-Хьусейн хаавелла зазадоккху-беттан 23-хь Соьлжа гIалахь хиллачу "къоман гуламехь". Цхьа а новкъарло ца хуьлуш, парггIат йуха Австри дIакхаьчна ша, аьлла хаам бира Магомадовс. Нохчийчохь дIабаьхьначу гуламах а, Кадыровн ражана болх бечу ичкерихойх дуьйцу Кавказ.Реалии-сайто.

"Ондда фальсификаци"

Зазадоккху-беттан 23-хь хиллачу гуламан векалш меттигера хьаькамаш а, Iеламнах а бара. Цигахь хилларг верриге а йалх эзар стаг ву аьлла дара. Нохчийн къоман гулам дIабахьар Кадыровна муьтIахь хилар гайтар санна дIахIоьттира.

Официалехь-м и гулам Нохчийчоьнан Конституцин 20 шо кхачарна лерина бара. ТIеман хьолехь, дуьненйукъара тергамчаш боцуш республикехь харц референдуман жамIаш чIагIдарца тIеэцна йолчу - Евроберто а, Европерчу ОБСЕ - кхерамзаллин а, цхьаьна болхбаран цхьаьнакхетаралло а критика йира референдум дIайахьаран хьелашна.

Мел Iовдал велахь а, пачхьалкхе йухуш,  ша дIавоккхур вуйла ца хаа йиш йац Кадыровна

2003-чу шарахь дIайаьхьна референдум "буттафори" а, шен Iалашо республикера хьал лартIе деана кеп хIоттон луучу Кремлан политикин цхьа дакъа ду, аьлла дийцира немцойн Iилманан Фондан векало Хальбах Увеса . "Свобода" радион корреспонденто Бабицкий Андрейс цу хиламах "мистификация", масштабная фальсификация" элира.

"Мемориал"- бакъонашларйархойн центро хаттарш деш бинчу белхан жамIашца аьлча, Нохчийчоьнан дукхах болу бахархой 2003-чу шарахь хиллачу референдуме баха дагахь ца хиллера. ТIелаца кечйинчу конституцин чулацам цара бешна бацара, иза царна Кремлан кеп йуйла хаьара.

Референдум дIахьочу дийнахь кхечу пачхьалкхашкара а, Оьрсийчуьра а журналисташа, бакъонашларйархоша тидаме ийцира цхьанна меттехь жигаралла ца хиларан. Кхаж тасарехь дакъалоцучуьнга хоттуш дерг паспорт бен дацара, амма церан адресаш нийса ду, йа дац хьожуш цхьа а вацара. Цундела кхаж тасаран кехат шена луучохь таса мегаш дара, моссуза тесча а, могуьйтуш дара. Зераш деш, журналисташа дан а дира иза массийттанхьа а. Кхечу пачхьалкхашкарчу журналисташа а цхьаьна.

Iедалхоша референдум хилла йаьлла аьлла дIакхайкхира. Харжамашкахь 95% кхаж тассал болчу бахархоша дакъалаьцна, царех 95,37 % стага керла конституци къобалйина аьлла. Амма йа Евроберто, йа ОБСЕ-но, йа нохчийн, оьрсийн бакъонашларйархоша оцу референдуман жамIаш къобал ца дира.

Оцу референдумо Нохчийчуьра тIом нохчашлахь хилла хиларна тIедалийра: тIаьхьо "Восток", "Запад", "Север", "Юг" цIераш йолу батальонаш йукъа а йохуш. "Мемориало" дийцарехь, "и батальонаш официалехь оьрсийн структураша йина йу. Бахархой Iазапехь латтош йу."

Нохчийчуьрчу къаьмнийн дуьххьарлера гулам 2002-чу шеран гIуран-баттахь дIабаьхьира (цу гуламехь билгалдаьккхира хинйолчу референдумах а, конституцех а дерг); 2006-чу шеран лахьан-баттахь республикехь дIахьо Нохчийчоьнан къаьмнийн Ассамблейн гулам; цул тIаьхьа диъ шо даьлча дIахьо дуьненйукъара нохчийн конгресс. 2021-чу шеран мангалан-баттахь хиллачу цхьаьнакхетараллехь Кадыров Рамзане дехар дира йуха а республикан куьйгалхочун дарже кхача харжамашка гIахьара хьо аьлла. Цигахь иза йуха а чекхвелира.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь цу форумна цIе лохуш, цигахь бинчу сацамийн низмаца богIу бух лохуш а бара Iедалхой. Эххар а дIайаханчу гурахь нохчийн парламенто тIеийцира Нохчийн республикан къаьмнийн гуламан низам. Оу низамо цу гуламна "къоман векалтан даимна лелачу цхьаьнакхетараллин" статус ло. Гуламан векалш хIора 5 шарахь йухахоржуш бу. Шайн хьашт хиларе хьаьжжина гуллуш бу.

И дерриге оьшуш хилар 2022-чу шарахь гIадужу-беттан чакхенгахь билгалдаьккхина дара. Делегатийн цIераш йийцаре йина йацара - уьш хьаькамаш, куьйгаллин векалш, Iеламнах бара. Президиумехь Кадыровна уллохь Iаш муфтий Межиев Салахь, Сайфутдин ИбрахIим Кунта (Кишиев Кунта-Хьажин тIаьхьенах волу), Нохчийчоьнан куьйгалхочун ши девша а, кхинберш а бара.

Кадыров цу гуламан куьйгалхо хаьржира делегаташа. Цу даржо цунна бахьаш цхьа пайда бац, амма цIеххьана республикан куьйгалхочун даржах и волуш хилахь, эша тарло.

Кадыровгахьа бевлла ичкерихой

Iедална муьтIахь болчийн гуламашка кхойкху Европерчу нохчийн диаспорийн векалш. Кадыров массанхьарчу нохчаша тIелоцу алархьама лелош ду иза а. Дуьххьарлера "дохкобевлла ичкерихой" гучубевлира 2010-чу шарахь- "дуьненйукъарчу нохчийн конгрессехь" - царех йеххачу ханна Кадыровн пропагандин хьадалчаш а хилира.

"Новая газета"-гIирсо дийцарехь, Соьлжа-гIаларчу Iедало шайгахьа ваьккхира масех ичкерихо. Царех цхьаъ вара диаспорехь дикка вевзаш волу Ампукаев Рамзан. Кадыровн Нохчийчуьрчу телевиденехь сих-сиха ичкерихой йемалбеш вистхила волавелира иза. Цхьа а бух боцу даккхий дIахьедарш деш. Масала, цо дийцира "Европерчу 99% Кадыровна резаболчу нохчех".

Нохчийчоьнан куьйгалхочун тобанехь нисвелира Ичкерин хилла волу муфтий Тевсиев Байали а. Австрера цIавирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнна 1999-чу шарахь джихIад кхайкхор гIалате дара ала бохуш хьийзира иза.

Ичкерин могушаллин министр лаьттина Ханбиев Iумар. Масхадов Асланан Европехь а, Азехь а хилла векал шен ваша вайча, Нохчийчу йухавирзира. Кхечу цIабирзинчу ичкерихойшка хьаьжча, Ханбиевс политикан дIахьедарш деш къамелаш ца дира. Иза шен лоьран балхана тIевирззинчохь сецира. 2014-чу шарахь дIакхелхира.

ЦIабирзинчарна йуккъехь вара 2002-чу шарахь Москвара Дубровкерчу театрана тIелеттачу буьйранчан Бараев Мовсаран да Бараев Бухари. 2009-чу шарахь Бараев Бухарин Нохчийчу верзар кадыровхоша шайн толам санна тIеийцира. Вийначу буьйранчан дена цхьа а дарж ца делира, амма кест-кеста меттигерчу телевиденехь "Кадыров Ахьмадан некъ" хастош, вист-м хуьлуьйтура.

ТIаьхьо Нохчийчу кхечира Масхадов Асланан хадархо Сугаипов Iумар. Республике воьдуш, йуха Лондоне йухавоьрзуш, лийлира иза. Амма 2018-чу шарахь Великобританин МИ-5 контрразведко дихкира цунна шайна махка вар. ХIинца Сугаипов Кадыровн гIоьнча ву. Сих-сиха меттигерчу телевидинехь вист а хуьлу.

Басаев Шемалан накъост, гIараваьлла бард Муцураев Тимур а вара республике йухабаьхкинчарех цхьаъ. Амма иза холбатхо хилла, тийна Iаш ву.

2021-чу шарахь хиллачу "Нохчийчоьнан къаьмнийн гуламе" а баьхкира Махбузехьара пачхьалкхашкара нохчийн диаспорера хьеший. Цу шарахь цIеххьана цIайирзира массийта шарахь Германехь Iийна йолу, ша Ичкерин министраллин кабинетан белхало йу баьхна, Закаев Ахьмадан хилла накъост Мицаева Рубати.

Ткъа хIинца Соьлжа-гIалахь гучуволу башха гIараваьлла воцу блогер Магомадов Сайд-Хьусейн. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхо сийсазвеш, къамелаш дина волу. Гулам болабалале масех де хьалха блогеро шен инстаграмехь дIахIиттийра Мицаева Рубатица а, Кадыровн хьаькамашца а даьхна суьрташ - цхьана суьрта тIехь Магомадов зорбанан министрана Дудаев Ахьмадна маракхетта лаьтташ ву.

Магомадовн Нохчийчу вахар ичкерихо дехьаваккхар санна лара ца оьшу. Блогеро Кадыровна критика йар, куьйгалхочунна кIоршаме дерш дийцар - дукха хьолахь шена тIе тидам берзон лелош хIумнаш дара. Австрерчу диаспоро цхьа "мокха" а, тешаме воцуш а стаг лоруш ву и Магомадов, аьлла дийцира Австрерчу вахархочо Д. Аслана.

Тахана оцу цIаоьхучаьрца бала болуш кIезга нах бу. 2000-шерийн йуьххьехь мелла а ладаме дара и, боху Францехь лор волчу З.ИбрахIима.

Нохчийчохь болучарна дукха дика хаьа, Кадыровн критик тахана цунна уллохь хилар и критик дикка сийсазваран, кхероран билгало йуйла

Тахана и нохчийн тобанашна йуккъехь лела "политикица доьзна мел долу эларш-бахарш" нахана кIордийна. Дукханнийн цаьрца бала бац. Нах шайн доьзалш кхобуш бохку, нах балхахь-некъехь бу",- боху бизнесхочо Хатуева Зейнаба.

Оьрсийчуьра хьал телхаш хилахь, шена цхьа тIетевжийла кечйеш ву Кадыров. Цундела Европера нохчий шегахьа баха лаар вуно ладаме ду цунна, боху Европерчу нохчийн цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Муртазалиев Аслана.

"Мел Iовдал велахь а, Оьрсийчоь йухуш хилахь, тахана Путин Владимиран агIонца лаьттачара ша дIавоккхур вуйла хаьа Кадыровна. Цундела ша селхана сийсазвинарш шегахьа баха лууш ву иза. Уьш шена гондахьа гулбарца, шен цхьа критик кIезгох ву аьлла тешна хуьлу и. Ткъа цунна муьтIахь йолу тоба кхин цхьана сехьаваьллачо стамйийр йу. И сехьаваьлларг селхана цуьнга ладоьгIначарна хIумма йоцийла хоуьйтуш",- боху Муртазалиевс.

Кхечу пачхьалкхашкара оппоненташ шена болх бан сехьабахарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочочунна масех пайда болу, дуьйцу Прагерчу Карлован университетан политологин докторо Эмиль Аслана.

"Шен критикашна таIзар дийр дуйла хаийтар ду Кадыров Рамзанна коьрта дерг. Могушаллина зе деш а, синош охьатаIош а. Нохчийчуьрчу бахархошна вуно дика хаьа, Кадыровн критик цунна уллохь хилар, и критик дикка кхерийна хиларан билгало йуйла. Цуьнан доьзална кхерамаш тийссина хила тарло. Иза Нохчийчу ваийта. Со-м цу критико ша дохковаьлла бохуш къамел дича а, цецвер вац",- олу къамелахочо.

2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Берлинехь вийра Масхадов Асланан, Басаев Шамилан накъост, нохчо Хангошвили Зеламха. 2017-чу шеран гезгамашан-баттахь Киевехь герз диттина йийра нохчо Окуева Амина. Цул тIаьхьа масех де даьлча, Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан махкахо, нохчо Махаури Тимур.

2009-чу шеран дечкен-баттахь Венехь герз диттина, вийра Кадыровн хилла хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу шеран чиллин-баттахь Катарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш волу Яндарбиев Зеламха.

Туркойн-махкахь Нохчийчуьрчу Iедалан оппоненташ байаран масаллаш масех ду. Волайнхойн могIарехь бу - Эдильсултанов Гаджи, Джанибеков Ислам, Асаев Iела (Муса), Мусаев Берг-Хьаж, Альтемиров Рустам, Амриев Заурбек, Унлю Медет, Эдильгериев Iабдулвахьид, Исрапилов Руслан.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш эшор, хIоттамашца жоьпе ийзор дуьнен-йукъарчу цхьаьнакхетараллийн хаамашкахь дуьйцуш ду. Масала, у Amnesty International-гIирсо. Иштта -Европан бертан, Европан кхеташонан парламентан ассамблеехь, США-н Пачхьалкхан департаментехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG