ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров хIун "къайле" эцна ваханера Туркойчу хаийтина цуьнан гIоьнчас


Кадыров Рамзан а, Дудаев Ахьмад а
Кадыров Рамзан а, Дудаев Ахьмад а

Нохчийчоьнан информацин министра, республикан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада жоп делла, Кадыров Рамзан Туркойчу "диканна" ца кхаьчнера, бохуш, даьржинчу хабаршна дуьхьал. Кадыров Туркойчухула къайлах лелла, иза ша волчу меттера кхечунхьа дехьаваьлча бен волу меттиг ца хаийтора социалан машанашкахь, бохура Туркойчохь вехачу оппозицин блогера Халитов Хьасана. Блогер харцвеш даренаш далийна шен инстаграмерчу видео чохь Дудаевс.

"Шу цигахь дара аьлла, цхьаъ ша волу меттиг лечкъош лелар ву моьтту шуна? Муьлш ду шу дан а? Шу ду-кх тхох девдда лелаш. Аш стагга а ца веза леха – лоьхуш дерш шу ду. Мукхадехкий санна, даима а цхьацца Iуьргашка лечкъина Iаш ду-кх шу", - боху даржхочо.

Дудаевс чIагIдо, шаьш социалан машанашка видео, суьрташ даьхна довллушехь хIиттадора, меттиг дIатесначул тIаьхьа ца хIиттадора бохуш. Тоьшалла далош цо гойту Кадыровн официалхь йоцчу инстаграм-агIонера сториз-архиван скриншоташ, юсту уьш шайца цхьаьна хиллачу Гасанов Гусейнан аккаунтерчу сторизашца. Скриншоташкахь гойту денош ду ГIадужу-беттан 11-гIа а, 12-гIа а.

Халитов Хьасана архецначу видео чохь го иза Туркойчу кхаьчначу Кадыровн гонца зIе лоьхуш хьийзар, делегаци йолу меттиг хоьттуш Iар. Къамел до цо "Чужой" цIе лелочу стагаца, боху, иза Кадыров ларвечу тобанера ву, ткъа вукхо ца йовзуьйту шаьш кхаьчна меттиг.

ГIадужу-беттан 14-чохь, сарахь, Халитовс арахецна видеокхайкхам, Дудаевга боху ша царна тIекхача дагахь ву, гойту ша шен геопозици дIахьажайош.

Туркойчохь хьалхо лаьцна 6 нохчо махка тIелетарш дан а, пачхьалкхан къайленаш йовза а веъна, аьлла хаам баьржича, кху беттан 13-чохь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео яржийна Туркойчуьра. Цу чохь цо боху, ша туркойн массех гIалахь хилла, амм ца карий шена Нохчийчуьра "шайтIаннаш", чIагIдо, "уьш девдда". Цуьнца гуш ву видео чохь Дудаев Ахьмад а.

  • Туркойчуьрчу нохчийн диаспорин векалша дийцарехь, лецначу нохчех цхьаъ мехах нах бойъучу гIеранах ву. Оцу хьокъехь дицинарг ву Халитов Хьасан. Кавказ.Реалиица къамелдеш информаци бакъйира Туркойчуьрчу диаспорин кхечу векалша а.
  • Гезгмашин-бутт бовш Туркойчохь вехачу оппозицин блогера Халитов Хьасана Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан бехкевира ницкъаллин структурашкахь болхбечу Арсанукаев Ахьмадан цIийнан нахе шен гергарчарна дуьхьал чIир кхайкхаяйтарна.
  • Хьосташа дийцарехь, Туркойчохь лецначу ялханца уьйрехь хилла Дукузов Казбек (иза бехкевора Америкера журналист, Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор Хлебников Пол верна, амма кхело бехказваьккхира – редакцин билгалдаккхар). Дукузов Нохчийчоьнан гонашца уьйрехь хилар чIагIдо шен юьтьюб-эфирашкахь оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG