ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: ХIинца а дуй шу "Je suis Charlie Hebdo"?


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Скандалечу сарташца гIардаьллачу Францерчу Шарли Эбдо журнало оьрсийн Ту-154 кема чудожарх лаьцна карикатураш зорбане яьхна шен рогIерчу ломарехь. Оьрсийчуьрчу политикаша хIинцале а резадацар довзийтина цу хьокъехь. Емалдина журнал иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а.

Кхаари дийнахь арадаьллачу Шарли Эбдо журналан лоьмарехь зорбане яккхина ю даханчу кIирандийнахь Iаьржачу хIурдана чу а доьхна, хIаллакхиллачу оьрсийн тIеман министраллин доларчу ТУ-154 кеманна лерина шиъ карикатура.

Царех цхьанна тIехь гойтуш ду чудоьдуш долу кема, шена чуьра „а-а-а“ бохуш бетта мохь а гойтуш, ткъа цунна уллохь тIеман мундир а йоьхна йиш локхуш лаьтта цхьа стаг. „ЦIечу эскаран тIеман хоран репертуар шорлуш ю“ аьлла ду карикатурина тIехула яздина йоза.

ШозлагIчу суьрта тIехь чудожа хьаьдда кема ду гойтуш, ткъа цунна уллохь йоза ду „Ирча кхаъ бу- Путин вацара цу чохь“ аьлла.

Карикатураш зорбане евллачул тIаьхьа масех сахьт а далале вуно кIоршаме реакци йовзийтира царна дуьхьал цхьа могIа оьрсийчуьрчу лакхарчу хьукматхоша а, политикша а. Ша а скандалечу низамийн проекташца гIарйаьлла йолчу оьрсийн Пачхьалкхан Думин депутата Яровая Иринас и карикатураш журналистикица цхьа а зIе йолуш яц, уьш экстремизман масала ду элира.

„Адамийн моралал а, низамел а дозанийн арахь ю „Шарли Эбдос“ ехкина карикатураш“, - элира цо ТАСС агенталле цу хьокъехь. - Боьхалла исбаьхьаллин гIирсашца лелоро дIа ца дойъу, мелхо а алсамдоккху и хIума гаррехь, хаа а хууш терроризман гIодар хилар“, - аьлла тIе а тухуш.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин адамийн бакъонех а, демократех а волчу векало Долгов Константина Фейсбукехь йитинера оьгIазе комментарий. „Ту-154 кеманца хиллачу трагедин хьокъехь сийдоцу карикатураш яхкарца Charlie Hebdo журналан белхалоша шаьш кхин юхаберза некъ а боцуш журналистийн могIаршлара арабаьхна ца Iаш, цивилечу адамийн могIаршлара а арабаьхна“ - аьлла яздинера цо.

Йистах ца висира Францерчу сатирикан журнало дехкинчу кхардаме сарташна критика ечарна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Шен инстаграммерчу агIонна тIехь цо Шарли Эбдон редакцин политика аморале а, адамалла йоцуш а ю аьлла яздинера, журналаца цхьаьна йоллу Малхбузера демократи а, дешан маршо а емал а еш. „Францерчу Charlie Hebdo журнало рогIера гайти, бакъдолчехь Малхбузера „демократи а, дешан маршо а“ хIун ю бохург.

Цо зорбане яьхна ТУ-154 чудожарх а, Анкарахь оьрсийн векал верх а лаьцна карикатураш. Ас хьалха а аьллера, хIинца а боху, цу журналан редакцин политика аморале а ю, оьзда йоцуш а, адамалла йоцуш а ю. Цхьа а юкъаметтиг яц цуьнан прессин маршонца.

Карлов Андрей вер а, ТУ-154 кеманца хилла катастрофа а миллионаш оьрсийхоша а, доллучу дуьнентIерачу вайн доттагIаша а шайн долара бохам санна тIеэцна.

Ткъа Charlie Hebdo вайн къоман трагедех кхаьрдаш ду. ХIинца тахана а йоха хьалха „Тхо дерриш а Charlie Hebdo ду“ бохуш мохь биттинчара и йозанаш тIехь долу духарш“ - иштта яздина Кадыров Рамзана шен агIонна тIехь.

Хьахон догIу, даханчу шарахь террорхоша тIелатар а дина, журналан масийта белхахо вийначул тIаьхьа доллучу дуьнентIехь а девзаш даьлла хIетталца масех эзар тиражца бен арадолуш ца хилла сатирикан журнал Шарли Эбло. Цу зорбан гIирсо сих-сиха гойту шен агIонашна тIехь пайхамарех а, динах а, политикех а, амма иштта адамийн бохамех а, ур-аттала Iаламан катастрофех а кхаьрдаш йолу карикатураш.

Царех дукхах ерш еккъа цхьа провокаци ян а, журналана тIе ешархой тидам бахийта а Iалашо йолуш хетало. Иштта даханчу аьхка Эгей хIурда чу а вахана, велла, хийисте схьакхьоьссинчу Шемарчу 4 долчу берах кхаьрдаш карикатураш а йинера журнало. Масех бутт хьалха Мисре доьдучохь террорхоша чудаийтинчу оьрсийн некъахойн кеманах а, цу чохь беллачу нахах а кхаьрдира уьш.

Хьахон догIу амма, дешан маршо даима а иштта сийлахьа ца лору Шарли Эбдо журналан куьйгалло а, белхахоша а. Иштта масех шо хьалха цу журналехь болх беш хиллачу карикатураш яхкархочо Синэс хIетахь президент хиллачу Саркози Николян кIантах Жанах кхаьрдаш сарташ дехкинера.

Жимчу стаго Францерчу совдегарийн доьзалера йоI ялорх кхаьрдаш, сарташдахкархочо шен карикатурина бухахь яздинера, иза гена дIагIур волуш ву аьлла. „Саркози Жан – шен дех терра кIант ву, дика карьера йийр ю цо, ткъа кхело-м цунна тIараш тоханза делира, иза ша авари йинчул тIаьхьа вадар бахьана долуш.

Принципаш йоцу оппортунист. Дикка гена гIур волуш ву и кIант“ аьлла дара авторо яздинарг. Цул тIаьхьа Синэ Шарли Эбдон коьртачу редакторо балхара дIаваьккхира.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG