ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критикан ваша рогIерчу "шайн лаамерчу" тобанан декъехь Украинерчу тIаме хьажийна


Украина, Донецкан кIошт. Мариуполь. СОБР "Ахматан" тIемалой
Украина, Донецкан кIошт. Мариуполь. СОБР "Ахматан" тIемалой

Туркойчохь вехачу оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша Украинерчу тIаме вуьгуш видео арахецна нохчийн Iедалехьа йолчу пабликаша. Хьалхо цо дийцира, шен гергара стаг кхерамашца, нуьцкъаха Закан-Юьртара дIавигина хилар, Нохчийчуьрчу оьрсийн эскархойн декъехь цо тIом беш фильм яккхархьама.

Видео тIехь ЧГТРК "Грозный" телеканалан корреспондентана интервью луш ву иза – цу тIехь гуш ю телеканалан микрофон. Юххехь гуш бу тIеман барзакъ доьхна, тIоьрмигаш лаьцна "шайн лаамернаш", царна тIехьа лаьтташ Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а байракхашца автобусаш ю.

"Тахана со сайн тIеман декхар кхочушдан араваьлла. Сан куьйгакIел бIе къонах ву. Суна, Халитов Рамзан Ганиевичана, лаккхара дарж делла – царна тIехь куьйгалла дан", - боху нохчийн маттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикан вашас.

Туркойчохь "хиина Iашверг" сийсазвеш къамел до цо кхин дIа, Украинехь тасавалар кховдадо цо цуьнга. Цул тIаьхьа оппозицин блогеран вашас олу ша "Делан духьа" воьдуш ву тIамтIе", камерана хьалха олу цо: "Ахмат сила! АллахIу Акбар!"

Халитовс цул хьалха хаамбира, шен вешех пропагандин Iалашонашца шена дIадоькхуш, пайдаоьцург хиларх – сих-сиха Украинерчу тIамехь беллачу нохчийн суьрташ арахоьцу блогеро, царах "утилизаци йина" президентан Путин Владимиран "цкъа пайда эцаран" эскархой олу цо.

  • Цул хьалха Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша видео яржийра, махкара "шайн лаамехь" Украине боьлхурш новкъабохучуьра яьккхина – коврана тIаьхьахьоьжучу зударийн белхарш хеза цу тIехь. Гоне ерзийначу меттигехь лаьтташ бу уьш, царна хьлаха герзашца нах а бу. Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIамехь дакъа лаца хьежош бу, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевлла лела нах а цхьаьна. Йозуш йоцчу хьасташкара информаци бакъеш тоьшаллаш дац.
  • Дечкен-баттахь хаамбира Халитов Хьасана, махкарчу шен гергарчу нахана тIеIаткъам беш хиларх меттигерчу Iедалхоша. Блогеран дешнашца, цуьнан да балхара дIаваьккхина, гIишлошъяран фирмехь хадархо вара иза. Цо чIагIдарехь, цхьахйолчу ХалитовгIеран йишигара бизнес схьаяьккхина – ТIехьа-Мартанарчу Закан-Юьртара бедарш тегаран ателье дIакъовла декхаре йира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG