ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БахIрейнан принц Нассер шех тера карийна Кадыровна


БахIрейнан принц Нассер бин Хьамад аль-Халифа
БахIрейнан принц Нассер бин Хьамад аль-Халифа

Кадыров хилира БахIрейнан принцан говрийн божалхь а, спортан клубехь а. Принцо Насера гайтира цунна шен "дашо" тапча а, герзан коллекци а.

Дукха хан йоцуш БахIрейне ваханера Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цигахь цо юххера юкъеметтигаш дIанисйира БахIрейнан принц волчу Аль-Халифа Нассерца (Аль-Халифа Нассер ибн Хамад ).

Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, Кадыровн визит шайн тидамехь латтош бара БахIрейнан зорбанан гIирсаш. Цара дийцарехь, дерриг де цхьаьнадаьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, принцо а.

Цхьаьнакхетча гучудаьлларг дара шаьшшина дукха деза хIуманаш цхьаьтера хилар, яздира принцо шен Инстаграмерчу агIон тIехь Охан-беттан 6-чу дийнахь.

Нохчийчоьнан а, БахIрейнан а экономикан юкъаметтигаш шоръярх лаьцна дийцаре деш паччахьца Аль-Халифа Хьамадца официалан цхьаьнакхетар чекхдаьлча, 29-шо долчу Нассерца (БахIрейнан паччахьан 4-гIачу кIантаца) садаIа вахара Кадыров, шен делегацин декъашхошца цхьаьна.

Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан Нохчийчоьнан цIарах депутат Делимханов Адам а, кхин берш а болуш, Кадыров хилира принцан говрийн божалшкахь.

Нохчийчуьрча хьешашна гайтира Нассера шен герзан коллекци. Меттигерчу спортан клубехь Кадыровс ницкъ къевсира БахIрейнан спортхошца.

БахIрейнан пачхьалкхан телевизионо бинчу хаамца, Дубаин принцессан хIусамдас, БахIрейнан паччахьан гIаролхойн буьйранчо, БахIрейнан Олимпан комитетан куьйгалхочо принца Нассера Кадыровца къамел деш билгалдаьккхира, шайн пачхьалкхана мехала хилар Нохчийн республикаца шуьйра юкъаметтигаш лелор.

Нассеран говрийн божалахь Кадыровна гайтира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира совгIатана белла айгIар, яздо Кавказ.Реалиис.

Хаджибек цIе йолу и говр Путина еллера БахIрейнан паччахьна, Аль -Халифа Хьамад стохка Сочехь визитаца волуш.

Кадыровга шена тIе куьг Iоттийта лууш яцара говр, амма Нохчийчоьнан лидеро дуьрста схьалаьцча, дIа а тийна, цуьнах хьожа яьккхира цо, яздо Кавказ.Реалии сайто.

"КНК ММА ТЕАМ" клубан тренинге а вигира принца Нассера веза хьаша. Цигахь цкъа-шозза буй тоьхна шен говзалла гайтира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Эххаре а рагI тIекхечира герз гайта. БахIрейнан принцо Кадыровна гайтира шен дашо хи диллина тапча а, масатоп а, къегаш йолу шаьлта а.

Уьш гича Кадыров ца Iан велира герз кара ца эцча. Цу дерриого а гойтуш дара баккъалла а БахIрейнан принцан а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а дуккха а цхьатера хIуманаш хилар билгадоккху Кавказ.Реалли.

2014-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Британин Лаккхарчу Кхелан сацамца дипломатийн имунитет дIаяьккхира принцера Нассерера. ХIинца Британин территори тIе иза валахь цу мехкан Iедалша дIалоцур волуш ву иза. Принцана бехке диллинарг ду БахIрейнехь 2011-чу шарахь Iедална дуьхьал митингаш йолуш дIалаьцначу кхаа стаганна ницкъ бар.

Кадыров а ву Украинехь хIоьттина хьал бахьанехь дуьненаюкъара санкцеш кхайкхийначу Оьрсийчоьнан бахархошна юкъахь.

XS
SM
MD
LG