ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров, Пригожин, Бахмут: "вагнерахойн" метта "ахьматхой" - тIеман эксперт


Соьлжа-гIала, Нохчийчоь
Соьлжа-гIала, Нохчийчоь

Стигалкъекъа-беттан йюххьехь РФ тIеман министраллина, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочун Пригожин Евгенийн дов долчун тIе а эрчаделира. Пригожинс бехкейира министралла шена тIеман гIирс цатоарехь. Шен йолахошна оьшу герз ца лахь, ша уьш Бахмутера арабоху аьлла, кхерам тесира цо.

Цу девнна йуккъагIоьртира нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо цкъа хьалха даредира герз цатоарна, йуха ша цига вагнерахойн меттана "Ахьмат" батальон йохуьйту элира. Амма Пригожин цу къамелана резахилла, шен йолахой кхалхарехь министр Шойгу йемалван волалушшехь, Кадыровс цIаьххьана шен къамел хийцира - цо бехкевира ЧВК-н куьйгалхо. Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире йолахой хийцар доьхуш кехат йаздира.

ЧВК "Вагнер", ша хьалха ма-хиллара, шен лоттийлашкахь йу, Бахмуте кадыровхой бахкарах цхьа а официалера хаам боцуш бу. Америкахойн тIом талларан Институтерчу (Institute for the Study of War) аналитикаша дийцарехь, Кадыров Рамзана и дов шен тIеман министраллица телхина гергарло маттахIоттош нисдина - тIаьхьарчу хенахь Украинехь кхиамаш цабахарна Путин цунна реза вац бохуш дийца даьккхинера.

Бахмутера ЧВК "Вагнер" Украинерчу шен батальонашца хийца Кадыровс бахар бух болуш къамел ду, дац дийцаре дира Кавказ.Реалии сайто ISW институтан экспертаца Степаненко Катериница.

Степаненко Екатерина
Степаненко Екатерина

– Зазадоккху-беттан йуьххьехь оха дийцира, Украинерчу тIамехь нохчийн эскархой схьадаьхначу латтанаш тIехь хиларх, цхьайолу батальонаш Луганск мехкан Белогоровкехь тIемашкахь латтарах. Стигаллъекъа-беттан йуьххьехь и хьал мел хийцаделла? Кадыровхой тIамехь жигара лелош бу йа хьалха санна схьадаьхна латтанаш лардеш бу?

– Стигалкъекъа-беттан 8-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, "Север - Ахмат" цIарца Нохчийчохь керла куп схьайаьлларах. Цу хьокъехь 3300 эскархо гулварах а. Цо дийцарехь, и полк кийча хир йу "муьлххачу хенахь" тIаме дIайаха. Цу хиламо гойту, цо эскарш кхоош, Украинерчу тIаме ца хьийсош латтийна хилар.

Кадыровн эскарш хIинца Луганск мехкан Белогоровкехь лаьтташ ду. Запорожан мехкан тIеман йохаллица. Схьадаьхначу латтанаш тIехь полисхойн белхаш дIакхоьхьуш а. Амма политикахочо "Ахмат" Вагнеран метта Бахмуте хьовсор ду бахахь а, цо уьш тIаме бахийтаран билгалонаш гучуевлла яц.

– Кадыровхой вагнеравхойн меттана дIахIиттича, тIеман муьлхачу декъехь ледара хир ду Оьрсийчоьнан эскар? Эскарийн меттахдийларах дуьйцуш хIумма дуй?

– Кадыровхой "Вагнеран" метта дехьабовларан билгалонаш гуш йац, аьлла хаам бира Украинхой хьаькамаша. ISW институтна а ца карийра цу хиламан тоьшаллаш.

Кадыровхой дехьабаьхнехьарий - иза цара цкъачунна дина дац, Запорожин махкарчу Оьрсийчоьнан лоттийлашна тIеIаткъаm бийр бара цо. Оьрсийчоьнан Луганск махкана чугIортаран таронаш лахйийр йара.

– И тайпа сценарий хила тарлой?

Хетарехь, Кадыров а, Пригожин а тIеман министраллина шантаж йан лерина вара. Амма эскарш хийца дагахь уьш бацара. ТIеман министралло Пригожина бехна гIирс белира. Амма эскар Бахмутера арадаккхахь, пачхьалкхана йамарт хиларехь иза бехкеван кхерамаш тесира цара цунна. Изза кхерам цара Кадыровна тесинчух тера ду. Хетарехь, цундела а йухаваьлла хир ву иза нах цига ца бохуьйтуш.

ТIеман министраллица шена телхина гергарло меттахIотторхьама, лелoш хила тарло Кадыровс и шантаж.

Хьалха санна Путинан гонера дикачу меттехь лаьтташ вац иза. Хетарехь, дукха хан йоццуш телхина церан йукъаметтиг. Украинерчу тIамехь цуьнан эскаро кхиамаш цабахарца доьзна ду иза. 2022-чу шеран гуьйренан чакхенехь, 2023-чу шеран Iай а хиллачу операцешкахь.

Кадыров Пригожинина, ТIеман министраллина йуккъехь лаьтташ ву, уьш бахьана долуш шен хьал тадархьама

Зазадоккху-беттан 13-хь Путина сийсазвинера Кадыров. Украинерчу шен тIемалойн кхиамех лаьцна дуьйцуш, важа воьхна хьийзаро гойтуш дара иза. Пригожинан шен эскар Бахмутера арадаккха воллу аьлча, республикин куьйгалхочунна гинарг вукхо ша лакха хIоттор дара. Шен эскар ду кху тIамехь коьртаниг бохуш санна. Iаьнан-бIаьстенан тIемашкахь шен эскаро кхиамаш цабарна Iуьттуш санна.

– Нохчийчоьнан куьйгалхочо цкъа хьалха Пригожинехьа уьйзира. Йуха ЧВК йемалйира, вукхара берриге кхиамаш шаьш бина бахарна. Цигара йолахой шена дехьабаха дагахь, царна гIоле хьелаш дуьйцуш ваьллира. Цул хьалха дуьйцуш дара "вагнерахой", "кадыровхой" Украинехь бертахь бу бохуш. ТIаьхьарчу хиламашка хьаьжча - Пригожин Евгенийца висира Кадыров йа тIеман министраллица ? Цу девнах цхьа пайда хиллий-те цунна?

– Кадыров Пригожинина, тIеман министраллина йуккъехь лаьтташ ву, уьш бахьана долуш шен хьал тадархьама. Иза цхьаннах лачкъийна доцуш ЧВК куьйгалхочуьнца вара. ТIеман министралло ша йемал вечу хенахь. И санна дерг Нохчийчоьнан куьйгалхочо шена пайден хир долуш нисдо. Шен статус хьалайаккхархьама, шен тIемалой хьалхатуьттуш, республикехь резервисташ гулбарехь кхиамаш хилийтархьама.

Кадыров Iедалца уьйр йолуш ву, Нохчийчохь куьйгалхо хилар бахаьана долуш. Пригожинан Iедалца и гергарло дац. Цундела Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIеман министр Шойгу Сергей а, Генштабан куьйгалхо Герасимов Валерий а йемалван аьтто бац. Оьрсийн куьйгаллехь шен гIуллакхаш галдахарна кхерам бу цунна. Ткъа Пригожин цхьамма балхара дIавоккхур вац. ТIеман министраллица, Кремлаца долу шен гергарло лардан деза Кадыровн. И дерриге бахьана долуш шен Пригожинца хила лаар лачкъадо цо.

– Украинехь цхьана шарчохь тIом боьдуш нохчийн эскархоша бина кхиамаш украинхойн эскархошца а, ВС РФ эскарца а, ЧВК "Вагнеран" эскархошца а дуьстича, мехалла хетий? ХIун толамаш баьхна цара цигахь?

–Нохчийн эскархойн жигараллин мах хадон хало ду. ХIунда аьлча, уьш дукхахьолахь схьадаьхначу латтанаш тIехь бу. Дуьйцуш mа-хиллара, Соьлжа-гIалахь кечамаш беш а бу. Наггахь Луганск мехкан Белогоровкерчу тIамехь дакъалоцу цара. Амма тIаьхьарчу масех баттахь цара баьхна толамаш бац. 2022-чу шеран аьхка дуьйна цара нисдина хIума дац. ЧВК "Вагнерал" гIоле Iамийна хила тарло уьш. Цкъачунна цуьнан мах хадон хало ду, Кадыровс чIогIа кхоош бу уьш.

***

Би-би-си оьрсийн белхалоша дийцарехь, Украинерчу тIамехь уггаре хала а, уггаре дукха цIий Iенаш а хилла тIом Бахмутехь берг бу. Малхбузехьарчу пачхьалкхаша бахарехь, цигахь Оьрсийчуьра белларш а, лазийнарш а 20-30 эзар стаг ву. Эксперташа дийцарехь, ЧВК "Вагнеран" куьйгалло а, оьрсийн эскаран хьаькамаша а цигахь дIайаьхьнарш "жижиган штурмаш" йара - гIашсалтийн ницкъашца тIелатар.

  • TIом болабелчахьана, "тикток - эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн: тIеман эксперташа а, гиначара а дийцарехь, нохчийн эскархой Оьрсийчоьно оккупаци йинчу меттигашкахь лаьтташ бу. Нохчийн эскархой тIемаш беш бац, уьш дIалаьцна латтанаш лардеш бу аьлла дийцира Америкахойн тIом талларан (ISW) институтехь. Хьалхо изза бехира Къилбаседа Кавказера Украинехьа тIом бечара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG