ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзан реза ца хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж охьадилла


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь видеокхайкхам арахецна, хьалхо ша дарж охьадуьллур ду бохуш дина дIахьедарш харцдеш.

Кадыровс чIагIдо, гезгмашин-беттан 3-хь ша "даржехь вахвелла", "хан тIекхаьчна" бохуш дина дIахьедарш "шуна хетарг хаархьама" динера ша.

Регионан куьйгалхошлахь хилла рекорд йийца хIоьттина хIинца Кадыров – 27 шо хьахадо цо – тIаккха дIахьедо, "оцу рекордал сов вала гIерта ша".

"Аса хIара дарж дIалаьцна сан къомо йа президента соьга дIагIо аллалц", - дерзадо Кадыровс.

Хьалхо Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь эксперташ шеконе диллира Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша даржах хедар ву бохуш ден дIахьедарш.

  • Кадыровс республикана куьйгалла до 2007-чу шарахь дуьйна. 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цо ша республикан куьйгалхочун дарж охьадилла мега бохура, амма оццу гурахь юха а пхеа шарна хаьржира иза. Цул хьалха ша дIаваха тарло бохуш дIахьедира политико 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь.
  • Буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртинчул тIаьхьа Кадыровх коьртачех цхьаъ тIеман пропагандхо хилира, цо сих-сиха йолахой тIаме хьийсорах даредо, президентана Зеленский Владимирна кхерамаш туьйсу. Цул сов оьрсийн эскархоша зарратан герз лелорг хилар тIедитира цо.
  • Кадыров масийттаза бехкевора адамийн бакъонаш талхорна, нах лечкъорна, шен критикаш байъарна жоьпалла цунна тIе а дожош. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал Американ, Европан санкцеш ю кхайкхийна.
  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, уьш оппозицин 1ADAT телеграм-каналаца боьзна хета республикан Iедалхошна. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.
  • Чиллан-беттан 7-чохь оппозицин политико Яшин Ильяс Кадыров Рамзан даржера мукъаваккхар президентана Путин Владимирна тIе а дожош онлайн-петици хIоттийра. Цхьана дийнахь петицина бух вазвелла 100 эзар сов Change.org платформан пайдаэцархой. Кремлехь дIахьедира, шайна иза дош ца хета, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG