ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзан Украине вахна бохург фейк ю аьлла цуьнан критикаша


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Оьрсийн Iедалехьа йолчу телеграмерчу каналашкахь ларми чохь дIаязйина шина минотехь йолу видео гIаръяьккхина дIахьочу тIеман кхеташонехь дакъа лоцу Кадыров Рамзан а гойтуш. ТIечIагIдо, видео Украинехь дIаязйина хилар – Киевн масех километр генахь. Кадыровн критикаша иза рогIера тIеман пиар ю, боху.

"Кадыров Рамзанна йистехь ган йиш ю Нохчийчоьнан гIоьнча, нуьцкъаллин блокан куьйгалхо Мартынов Даниил. Бевзачу хаамашца, Мартынов тIаххьарчу шина кIирнах Украинехь ву", - хаамбо видео зорбане яьккхинчу телеграм-канало.

Оцу тIехь барзакъ доьхначу тIемалоша шаьш дIахьон тIеман тийсадаларех лаьцна дуьйцу, билгалйоккху Кадыровс операци кхуллуш гайтина баьччан говзалла а. Церан къамелехь билгалдолу, уьш, схьадийцарехь, Киевн ворхI километр генахь Iуьллучу меттиге кхаьчна хилар.

Видео яьккхина Iаьржачу ларми чохь. Нохчийн тIемалойн Украинера тийсадаларш жигара зорбане дохуш лелачу Кадыров Рамзана цхьанне агIор комментари ца йо, ша Украинехь хилар тIе а ца чIагIдо цо, йа харц а ца до. Ткъа видео пачхьалкхан ЧГТРК "Грозный" телеканало а яьккхина зорбане.

Украинехь тIом болабелчхьана Кадыров Рамзан "вуно чIогIа пиар еш ву оцу тIехь", элира шена хетарг Кавказ.Реаллина еллачу комментарехь бакъоларъяран "Мемориал" центран Кхеташонан декъашхочо, "Горячие точки" программан куьйгалхочо Орлов Олега.

"Ткъа Нохчийчуьра Росгвардин дакъа кхин дIогара тохаме а, чIогIа а тоба яц, амма цо иза вуно чIогIа гойту – оьрсийн тIемалойн коьрта ницкъ болуш санна. Кадыров Украине вахар иза оцу пиаран дакъа ду. Низамца догIуш дац дера иза. Амма юхьанцара чакхене кхачалц оцу берриг тIамо санна ца дохадо цо низам", - аьлла бакъоларъярхочо.

Украинера кадыровцийн парти Нохчийчу цIакхачарх лаьцна информаци ю - "Юг" а, "Север" а батальонаш, ткъа цигара дIаяхана керла парти – Кадыров Ахьмадан полк, ППС-ан белхахой, йолах тIом бийраш а, хаамбина Кавказ.Реалиига Нохчийчуьра Iедалхошна оппозицехь лаьтта 1ADAT боламехь.

"Оха толлуш ю тхайга кхаьчна информаци, тхуна хетарехь, Кадыров Украинехь вац, цо рогIера махбоцу видео яьккхина Украинера Нохчийчу цIабаьхкинчу кадыровхошца. Иза къевлинчу чоь ву, ца гойту шаьш украинхойн къам хIаллакдеш а, меттиг билгалйоккхуш хIумма а дац гойтуш", - кхетийна боламехь.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира шен нанас Iуналла дечу Кадыров Ахьмадан регионерчу юкъараллин фондо шаьш Луганскан а, Донецкан а "къоман республикаш" аллла, дIакхайкхийначу кIоштийн хьалханчашна а, "Спарта" сепаратистийн батальонашна а гIагI диллина машенаш эцна хилар. Кадыровн фондана ахча долу меттигех лаьцна хеттарш кхоллало хаамийн гIирсийн а, бакъоларъярхойн а, хIунда аьлча, вуно цIена дац цуьнан юкъараллин гIуллакх.
  • Оьрсийн тIемалой Украинаца тийсалучу юкъанна кхалхарх лаьцна дIахьедина Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а республикийн хьалханчаша. Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоь тIамца Украинана чугIоьртина.
  • Зазадоккху-беттан 13-чу дийнахь – берхIитталгIа де-буьйса ду Оьрсийчоь Украинана тIелетта. Киево дIахьедо, яхначу буса оьрсийн эскаро Яворовскан тIеман полигонна тIе кеманан тохар дина хилар. Зеленский Владимира дуьххьара аьлла тIом болабелчахьана беллачу украинхойн терахь – 1 300 стаг. Оьрсийн тIемалоша гуо бина масех яккхийрачу Украинан гIаланашна, шайлахь Мариуполь, Чернигов а йолуш, амма уьш схьа ца яккхало цаьрга. Тийсадаларш, кеманан тохарш а хIинцале а дIахьош ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG