Къобалъязчу Ичкерин агIончаша джихIад кхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна: меттигерчу бахархошлахь гIаттамхойн болам вовшахтоха чIагIо йина цара. Мел бух болуш ду аьлла, тIеоьцийла ду и дIахьедар, тIейогIучу заманчохь хIун хир ду олийла ду, дийцира Кавказ.Реалиина эксперташа.
ГIазот кхайкхон видео зорбане яьккхира твиттерехь Товбеца беттан 20-чохь – цу тIехь къевлинчу яххьашца, мила ву ца хуучу шина стага "Ичкерин воIарий" ду шаьш олий, официалан Нохчийчоьнан байракх ягайо. Нохчийчохь ши тIом боьдучу заманчохь церан дай-наной федералан эскарша байина боху – цунна бехк буьллу бевзаш боцчу наха мехкан хиллачу куьйгалхочунна Кадыров Ахьмадана. ДжихIад кхайкхийначу минотера схьа дуьйна республикехь къайлах тоба йолалур ю болх бан, цуьнан агIончаш бу боху Кадыровн уллорчу гонехь а, дIахьедо видео тIехь.
Къайлаха тоба кхуллуш хиларх дIахьедира хIара ролик зорбане яккхале хьалха Украинехьа тIемаш бечу нохчийн Шейх Мансуран цIарах тIемаш бечу батальонан спикеро Белокиев Ислама. Республика кхаа фронте (Къилбаседа, Юккъера, Къилбера) а, 16 секторшка а екъна карта гайтира цо. Белокиевс бахарехь, хIора секторехь меттигерчу бахархошца цхьаьна болх болийна ницкъахойх а, церан дакъош лаьттачу меттигех а, церан таронех а хаамаш гулбеш. Нохчийн диаспоран векалшна хийтира, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна гIазот кхайкхийнарш батальонан декъашхой бу аьлла, амма Кавказ.Реалиига Белокиевс и бакъ ца дира. Видео тIехь болчу нахах лаьцна шена хIуммаъ а хууш дац – батальонера бац уьш аьлла, дIахьедира цо.
Шейха Мансуран цIарахчу батальонан векало бакъ ца до Нохчийчоьнан дозана тIехь тIемаш хир бу бохург
Батальонан информацин декъан куьйгалхочо Чеченский Богдана а, Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Анзоран кIантана а иштта хууш дац, социалан машанашкахь яьржинчу видео тIехь вистхилларг мила ву. Оцу юкъанна, шина а спикеро тIечIагIдира, къайлах тоба кхолларх: "бахархошца бина боккха болх" лерира и Масхадовс, ткъа Чеченскийс – "Ичкерина деоккупаци ян Iалашо" ю элира.
"Масех муьрех чекхдовла дагахь ду тхо. Хьалхара кхоъ уггар а коьрта бу: Украинан толам [тIамехь], нохчийн къам сатуьйсучу хийцамашна кечдар, дикачу герзашца, кху заманахь тIом бан Iамийна Нохчийн къам паргIат доккху Эскар вовшахтохар", - дIахьедира спикеро.
Цо билгалдаьккхира, бахархой кийча бу, ткъа эскар кхоллар доьрзуш ду аьлла. Оцу юкъанна спикеро тIе ца дуьту, Нохчийчохь тIемаш хила тарло бохург. Нагахь санна, хIуманан ойла а ца еш, оцу сохьта Ичкери чу а лилхина, шозза тIом лайна тхайн къам кхозлагIчу тIаме далор ду аьлла хетарг, харц ву. ХIора ког ойла а йина, массо а хIума оза а оьзна, политикехь цхьа тIаьхьало йолуш, маьIне хир бу", - аьлла Чеченскийс.
Къаьмнаш а, мехкаш а дIакъасторах дийцаршдар, пачхьалкхан цхьаалла йохорах йолчу Iедалан къепехь бехктакхаман гIуллакх санна лоруш ду Оьрсийчохь – оцу тIехула ден уггара деза таIзар пхеа шаре гергга чохь яккха хан тохар ду.
Гайканаш тIехьийзон акци
Кавказ.Реалиино хеттарш динчу экспертийн хьежамаш цхьанабаьхкира, Кадыровна гIазот кхайкхош дина дIахьедар шайн иштта лаам хилар къадор санна лорийла ду, билггал дендерг дац аьлла. Къайлах Нохчийчохь герзашца бен тIом цкъа а бирзина бацахь а, сатуьйсийла яц, кхана, йа ах шо даьлча регионехь шолгIа фронт хир бу аьлла, хета Украинерчу стратегин талламийн Къоман институтан белхахочунна Замикула Николайна. Дуккха а шерашкахь нохчийн васт динан фанатикаш а, радикалан исламисташ а санна кхолла гIертачу Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашкара провокаци хила а тарло аьлла, хета цунна Кадыровна джихIад кхайкхор.
"Юкъара доккхийла яц, оцу наха цIенчу даггара а, шайн даггарчу тешарца а акци дIаяьхьна хила тарло, делахь а, тIейогIучу заманчохь гайканаш тIекъовлархьама йина провокаци хила куц а ду. Оцу юккъехула ойла кхоллало, Кадыровн а, цуьнан гонан а ладам боллуш кхерамзаллин барамаш бу аьлла", - хента экспертана.
Оьрсийн политологна, политикийн Iилманийн кандидатана, яхначу заманчохь Оьрсийчоьнан куьйгаллин аппаратехь болх бинчу Галлямов Iаббазана хетарехь, Кадыровн раж гIелъяларо меттахбаьхна Ичкерин агIончаш.
"Хила тарло уьш кхин тIаьхьало йоцуш дешнаш, тарло – цуьнан билггал тIаьхьало хила а. Цхьа хIума ду хIица гуш: Украинера хьал бахьана долуш Кадыровн раж гIелъелла, тIеман кхиамаш кадыровхойн цахиларна резабоцчу нохчийн дог-ойла иракарахIоьттина, баккъал а цхьаъ дан там бу цара", - элира цо.
Къобалъязчу Ичкерин агIончийн дIахьедаран динан кхетамехь мах хадабе аьлла, дехар дира Кавказ.Реалиино Северодонецкерчу бусулбачийн юкъараллин имаме Беридзе Тимуре. Цо хаамбира, шена хетарехь, Кадыровн рожо ницкъбинчеран бахьанаш ду гIазот кхайкхон, делахь а, и гIулч бакъонца ю бохург шеконе дуьллу цо.
"Кремлан а, цо хIоттийначу Кадыровн а политикан режимна реза цахиларна, и нах шайн латтанаш тIера арабаьхна бу, шайн доьзалашна а, гергарчарна а генахь бу уьш, дай баьхначу лаьтта баха а йиш йоцуш. Оцу рожца къийсам кхайкхо и дерриг а тоаме ду. Амма и гIазот ду аьлла дIакхайкхо деза нохчийн Iеламчаша. Ас юха а боху, нийса цуьнан мах хадон уьш бозуш хила ца беза кадыровхошца а, йа Украинехьа тIемаш бечу батальонашца а", - билгалдоккху къамелдинчо.
Са гатдайтархьама
Ичкерин агIончийн гIазотах билггал йолчу Iалашонех а, къайлах нах вовшахбеттарх а кхин хууш хIума доццушехь, Нохчийчоьнан Iедалша хIинцале а терго йина оцу хаамийн, дийцира Кавказ.Реалиига Белокиев Ислама.
"Тхуна хаьа, тхан дIахьедарша баккъал а цхьа барамаш лелон декхаревина Кадыров. Оха йийцинчу базехь, Шелан кIоштахь хIаваэхула тIелетарна дуьхьалоен дакъош кхолла аьлла, дийхира цо. Цара карлабаьккхина машенаш тIера Iаьржа пардо дIадоккхуш болх, ткъа [меттигерчу бахархоша] терго йира, цхьайолчу кIошташкахь зIе хадарх", - охьадагардира Белокиевс.
Кадыров а, цуьнан го а кхеташ бу, дIахьедар дешнаш хилла ца Iай
Европехь куп тоьхначу "Толам" пачхьалкхан бухан Комитетан" куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана хетарехь, тесна кхерам кхочушбийр белахь а, мацца бахь а, - гIазот кхайкхоро сагатдойтур ду Кадыровн.
Эксперто билгалдоккху, нохчийн ламастен юкъараллехь чIир кхочушъян тарлу хан-зама яьллехь а, тIаьхьенехула, ткъа дуьйцург къоман сий делахь, ямартлонна гечдийр дац.
"Кадыров а, цуьнан го а дика кхеташ бу, и дIахьедар дешнаш хилла ца Iай. Юха а боху ас, чIир кхайкхийнехь а иза кхочушйойла ду шо даьлча, итт шо даьлча, амма и кхайкхор – Iаламат доккха хIума ду. Зуламхо вехар ву, денна шена бекхам барна а кхоьруш", - дерзийра къамел Сулеймановс.
Шен рогIехь хIокху кхераме хьежаро Нохчийчоьнан куьйгалхо сихван тарло дуьхьал цхьа жоп луш барамаш баха, кхин а чIогIа республикера тоталитаран режим чIагI а еш, хета Галлямов Iаббазана. Цуьнан ойланца, "шена реза а боцуш, массарна а хезаш цунах лаьцна дIахьедеш болу нах хIаллакбар сий ларден гIуллакх" хир ду Кадыровна.
"Ишачу меттигашкахь, хила тарло, резабоцурш лоьхуш, Кадыровн рожо кхоьллина хилла таIзар даран системин нуьцкъалла кхин дIа а яхьа. Гайканаш тIекъовла гIуртур ву иза-м, жоп луш. Кхузахь хаттар ду, оцу гIуллакхана ницкъ тоьар буй-те цуьнан", - элира Галлямовс.
***
"ДжихIад" бохучу кхетамех шайн риторикехь пайдаоьцу Кадыровн гоно а – куьйгалхочун уллорчу наха Украинера тIом "динехь беза лерина". Масала, нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, Украинехь болийначу тIамехь дакъалоцучу Нохчийчуьра бахархоша "ислам лардеш ду" аьлла. Кадыров Рамзанан хьехамчана Шахидов Адамна хетарехь, Украинера нохчийн бIахой – "муджахIидаш бу, Делан новкъахь болу" (исламан динехь "тIемалой". – Редакцин билгалдаккхар), ткъа цу тIамехь кхелхинарш – "шахIидаш" (гIазотехь кхелхинарш, балахьегнарш. Редакцин билгалдаккхар.).
Цуьнца реза ву, Украинехь кадыровхой "иблисан тIаьхьенца тIом беш бу", шайн къам а, дин а Iалашдеш аьлла, дийцина Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а. Украинера тIом джихIад ду аьллачу Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа дIахьедира, нагахь санна, лаамхой ца хилахь, "НАТО-ца цхьаьна Оьрсийчу кхочур ю, динехь магийна йоцу йоллу боьхалла", ткъа къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, "Европерчу ламасташна" дуьхьал лаьтташ бу нохчийн бIахой аьлла.