ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров уггар дезачунна тIекхевдина". Шайн кIентий тIамах ларбан гIерта Нохчийчуьра наной


2018-чу шеран гурахь арме дIагулбинарш, Соьлжа-ГIала. Гайтаман сурт
2018-чу шеран гурахь арме дIагулбинарш, Соьлжа-ГIала. Гайтаман сурт

Шайн бераш Украинерчу тIаме ца хьийсор доьхуш Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга анониман кхайкхамаш дIасакхехьуьйту Нохчийчуьрчу бахархоша мессенджерийн къевлинчу чаташкахь. Меттигерчу зударша шаьш "тIамна ца кхиийна" шайн доьзалхой боху, "шайн кIентех, гергарчех дог мел лозучуьнга" оцу кхайкхамийн "шайн ма-хуьллу репосташ йар" доьху – уьш Кадыровга дIакхачийта.

"Тхо тIамна дуьхьал ду, тхо тIеман бераш ду. Тхан бераш бух боцучу бахьанашца кхалха дезаш дац. Тхан кIентий мича текхабо ахь [Кадыров Рамзан]? Хала садетташ ду тхо, амма тхан собар хIинц-хIинца кхача мега. Дитийша тхо паргIат даха, тIамца долу хаттар машарца листийша!" – кхайкхам бо цхьайолчу меттигерчу яхархочо.

"Рамзан Ахматович, ахь бохура: и сан къам ду, и сан нах бу. ТIаккха дог ца лозу хьан хьайн къомах, аша тIаме хьийсочу кIентийн дайх-нанойх? Нохчийн боьрша стаг воьлхуш мичахь гина шуна? Уьш тахана боьлхуш ца го хьуна?! Хьан берийн хенара бераш ду ахь тIаме лоьхкурш. Тхо дуьхьал ду! Сацаде!" – боху кхечу гIаддайначу зудчо.

Кхин а цхьа кхайкхамехь авторо Кадыровга бехкбоккху, шайн кIентий тIамехь кхелхачу хенахь, наной царна боьлхучу юкъанна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо тезетана меттана Соьлжа-ГIалахь самукъане шоу хIиттайо (юьйцург ю Jony йишлакхархочун концерт. – Билг.).

Юьззина йоцу мобилизаци Оьрсийчохь дIакхайкхале Кадыровс регионийн куьйгалхошка бохура "самомобилизаци" йолае. Иштта къен доьзалш царна пачхьалкхера кхочучу гIонах дIахедабе элира цо, церан божарий кадыровхойн полке базбала дуьхьал хилар шена хиъча.

Цул сов, гезгмашин-беттан юккъехь Кадыровн администрацино гурахь бахархой эскаре кхойкхуш омран проект кечйира – цунна кIелнисло 18-27 шераш долу кегийрхой. Бакъоларъярхой кхоьру, керла дIагулбинарш Украинерчу тIаме хьийсорна.

Хетарехь, гурахь дIакхойкхур хиларна сагаттдаро тIаьххьаре а декхаре бира Нохчийчуьра наной Кадыровга кхайкхамаш дIаяздан. Шен тобанашкахь, чаташкахь Соьлжа-ГIаларчу "Сердце Чечни" маьждигна хьалха гезгмашин-беттан 21-хь митинг кечъярх лаьцна дIахьедира цара.

Дуьххьара республикан Iедалша дIахьедира, Соьлжа-ГIалахь цхьа а нанойн акци хир яц, тIаккха и хаамаш "информацин чукхоссар" ду элира. Амма цул тIаьхьа Кадыровс тIелецира, резабоцу зударий протесте бевлла хилар. Уьш дIалецна бохуш дуьйцу цо.

"15-20 зуда [акце] араяьллера… Аса элира, церан кертара божарий уьш цIахь латто а, царна доладалуш а бацахь… [тIаккха] и божарий лерринчу тIеман операци дIахьочу дозанехь хила беза (Оьрсийчоьнан Iедало иштта олу Украинерчу тIамах. – Билг.). Цигахь шайн йогIург схьаоьцур ю цара, карахь ахча долуш юхабогIур бу, тIаккха шен доьзална хIусам эца аьтто а хир бу", – аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кавказ.Реалиин хаамашца, Кадыров Iедалехь волчу юкъанна Нохчийчуьрчу Iедалхоша лелочунна дуьхьал дуьххьара хилла митинг яра гезгмашин-беттан 21-хь хилларг.

"Кадыровн гергарнаш бала ма ца безий"

Чиллан-беттан 24-хь чугIортар доладелчхьана меттигера божарий оьрсийн эскаран декъехь Украинерчу тIаме баха лууш санна гайта гIерта Кадыров. Амма бакъоларъярхоша масийттаза хаамбора Кавказ.Реалиига, Нохчийчуьра эскархой нуьцкъаха дIагулош хилар – харц бехктакхаман гIуллакхашца кхерамаш а туьйсуш, ницкъахоша тIаме баха декхаре бо бахархой. Иштта дIагулбо тутмакхаш, Кадыровн рожан критикаш а.

Нахехь кхерам лаьтта, нохчийн юкъараллех иза иэдинарг ву Кадыров

Зазадоккху-баттахь Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь лаьттачу тедеграм-каналаша республикера "лаамхой" Украине дIабуьгуш видео арахийцира – уьш новкъабохучу зударийн белхарш хеза видео тIехь, доза тоьхначу меттехь лаьтташ хуьлу уьш. "Ерриг Нохчийчоь хьалагIаьттича" цхьа а вуьгур вацара тIаме, олу цхьамма.

Цул тIаьхьа "лаамхой" наношна хьалхахула дIабуьгар гойту видеош тIе зурма, йа нашид хIиттош арахоьцура.

Мангал-беттан чакхенехь дуьйна Киеве кхача дош делла волчу Кадыровс тIеман тийсдаларшка хьийсо керла батальонаш кхуллу. "Эшахь" шен цIийнах болу нах а Украине кхочур бу "дийна ницкъан" кепехь, бохуш дIахьедира цо зазадоккху-баттахь. Амма хIинца а Нохчийчоьнан куьйгалхочо автоматаш меттана гергарчу наханна докъурш даржаш ду.

Шен кIентий тIаме стенна ца хьийсабо, бохуш шена йинчу критикана жоп луш Кадыровс телеграмерчу каналехь дIахьедира, Украинехь къийсам латтош КадыровгIеран цIийнах верриг аьлча санна 18-45 шерш долу боьрша стаг ву. Амма шиннан цIе бен ца яьккхира цо – Кадыров Медин а, Халидан а –"нисса тIемаш долхучехь" ву и шиъ, бохура. Лаамхойн кепехь суьрташ даьхначул тIаьхьа шайн Соьлжа-ГIаларчу кабинеташка юхабаьхкира уьш.

"Суна хетарехь, дерриг логикаца догIуш ду. ТIедиллар кхочудина – "тиктокаш" яьхна. Кадыровн гергарнаш цигахь бала ма ца безий. Оцу гIуллакхна кхинберш бу, уьш балийта", - кхетийра республикал арахьа вехачу блогеро Абдурахманов Тумсос Нохчийчоьнан куьйгалхочо лелочух.

Iадийначу хьолехь

"Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхо, нохчийн политолог Кутаев Руслан тешна ву, тIаме республикера керла эскархой хьийсор бу Iедало гурахь кегийрхой армех дIагулочу хенахь.

"Нах баланехь бац – уьш Iадийначу хьолехь бу, нуьцкъаха шайн бераш Украине хьийсорах кхоьруш. Оцу Iедалах тешаш стаг вац. Нахехь кхерам лаьтта, нохчийн юкъараллех иза иэдинарг Кадыров ву. ХIинца уггар деза-хьомечунна тIекхийдаш ву Кадыров - берашна. 18-19 шо долу кегийрхой – уьш бераш ду. Шен бер лардан араяьлла йолчу зудчуьнга дукха хIума далур ду", - дуьйцу къамелдечо Кавказ.Реалиига.

Мобилизаци йолаелча зударийн резабацар гучудер ду, царна тIаьхьа – ерриг нохчийн юкъараллин а, тешна ву Кутаев.

"Кадыров а, цуьнан тIаьхьбаьзнарш а зударийн жигаралла орамехь иэшо гIерта, уьш кхеро, царна ца магадан. Амма мобилизаци хилахь шеко йоцуш Кадыровна гур ду, уггар хьалха [протесташка] зударий арабевр бу, царна тIаьхьа - йиссина нохчийн юкъаралла а. Амма иза цхьана минотехь хила йиш яц, цунах кхета деза, тIаккха хIинца оцу гIуллакхна бух кийча бу, хIунда аьлча бахархой политикаца бала болуш хиларна. Ас массо хенахь олу, Оьрсийчохь нохчел чIогIа политикаца бала болуш къам дан а дац, уьш кхета, Путин а, Кадыров а эшначу хьолехь хилар", - боху политолога.

Бельгехь ехачу бакъоларъярхо Газиева Фатима а ю Нохчийчуьрчу хьолана сагатдеш: загранпаспорташ схьа ца ло, аэропортехула дIаваха аьтто ца ло, нах гона юкъахь нисбелла, и дерриг – Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна муьтIахь хилархьама, аьлла хета цунна.

Суна хаац, маьждигна хьалха арабевллча и сацлур дуй цаьрга

Простентан бараман хьокъехь Кутаевс бохучунна реза яц къамелдийриг – Газиевана хетарехь, Нохчийчохь яккхийра митингаш хир яц, амма цаьрга сатуьйсцу цо.

"АллахIо хуьлуьйтийла иза, Нохчийчохь хилла а ца Iаш, ерриг Къилбаседа кавказехь наной арабовлар… Урамашкахь нах дIа а лоьцуш, тIаме дIабуьгу бохуш хезна суна, иза ирча хьал ду. Суна хаац, маьждигна хьалха арабевллча и сацлур дуй цаьрга, амма арахьара цхьаъ дан деза. Ерриг кIошташкара берриг наной арабевр бу аьлла ца хета суна, хIан-хIа. Хила тарло, цхьаъ-шиъ. Наной кхоьру, гIур бац, церан божарша а пурба лур дац царна", - кхетийна бакъоларъярхочо.

Дуккхаъчу эксперташа дуьйцура, Нохчийчохь кхоалгIа тIом хирг хиларх. Нохчийн бакъоларъярхочо бахарехь, тахана республикехь хуьлург – иза кхоалгIа тIом бу, нохчийн къам леррина хIаллакдеш ду, аьлла дерзийна Газиевас.

  • Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира пачхьалкхехь юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийна. Цунах лаьцна омрана куьйг яздина, элира президента Оьрсийчоьнан бахархошка гезгмашин-беттан 21-чу Iуьйранна бинчу кхайкхамехь. ТIеман декхарш кхочушдинарш а, запасера бахархой а нислур бу омрана кIел. ДIахьийсорал хьалха кхин а кечамех чекхбевр бу уьш, боху президента.
  • Гезгмашин-беттан 14-хь Кадыров Рамзана куьйг яздина республикера "1995-2004-чу шершкара бахархой 2022-чу шеран гIадужу-баттера гIуран-батте кхачалц эскаре дIакхайкхар кечдар" цIе йолчу омрана. Кавказ.Реалиица къамел динчу политологаша, бакъоларъярхоша а дIахьедо, эскаре дуккха а нах дIабига мегаш хилар – тIаьххьарчу шерашкахь дуьххьара.
  • Кавказ.Реалиино яздора, Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара салти сих-сиха реза ца хуьлу Украинерчу тIамехь дакъа лаца, цигара юхабоьрзу уьш – тIаккха Оьрсийчохь балхара дIабоху уьш "тIеман декхаршна кийча бац", олий. Ишттачу хьоле нисвелира ГIебарта-БалкхаройчуьраРосгвардин 115 белхахо, Владикавказера 50 контрактхо а, Краснодарерчу ОМОН-н "Пластун" ротера 12 эскархо а. Ша дIакхайкхийна йолчу Къилбаседа ХIирийчуьра оьрсийн базера 300 гергга эскархочун аьтто белира, шайн лаамехь Украинера цIабахкарна жоьпаллина кIел ца нисбала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG