ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"КадыровгIеран ООО". Нохчийчоьнан куьйгалхочо реклама йина шина хIусамненан бизнесна а, кIентан энергетикна а

Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Кадырова Медни а
Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Кадырова Медни а

Хьалхо дӀакъевлинчу "Лента" туьканна метта Соьлж-ГӀалахь схьайиллина керла гипермаркет. Цигахь туька йоьллучохь дакъалоцуш хилира Кадыров Рамзан. Шен маршалла хоттуш долийначу къамелехь цо ца хьахийра, гипермаркет шен хӀусамненан хилар а, ткъа цу чохь йолчу аптекин долахо шег шолгIа зуда хилар а. Политико къаьсттина тидам тӀебахийтира терхи тIерачу меттигерчу сурсаташна: шен доттагIийн пирожнешна а, кӀентан энергитикна а.

Доьзалан гIуллакх

Керла гипермаркет схьайиллина охан-беттан 15-чу дийнахь. Иза республикехь уггаре а йаккхийчех цхьаъ йу. Цо коьртачу декъана, 2024-чу шарахь дIакъевлинчу "Лента" туьканан меттиг дIалаьцна. Эксперташа дийцарехь, иза дIакъовларан хила тарлучу бахьанех дара пайда цахилар а, цигахь духкуш къаьркъа хиларца йоьзна чолхаллаш а. Къаьркъа духкура Iуьйранна 8 сахьт даьлча итт сахьт даллалц. Маларш дохкар дихкина хиларна йохкархойн тIоьрмигаш кегадора уьш туьканара арабовлучу заманчохь.

Инвесторана, керлачу гипермаркетан долахочун а цIе ца йаьккхира официалехь, иза йовзийтинарг йу шейх Заедан цIарах йолу фонд, цо ахча латтош ду Нохчийчуьра бизнесна "социалан-экономикан агIор кхиар алсамдоккхуш", аьлла ду организацин сайта тIехь йаздина.

Хууш дац, керлачу гипермаркетан долахочунна баккъалла а ахчанца гӀо оьшуш хиллий. Спаркан базанера хаамашца, "ВкусДом" - иза "Трейд Сити" ООО компанин долахь йу. ТӀаьххьарчу хаамашца, 2024-чу шарахь фирмина хилла цӀена пайда 250 миллион соьмал сов бу.

Карарчу хенахь компанин долахой реестрера къайлабаьхна бу, амма 2023-чу шарахь дуьйна, йиллинчу хьостанашна тӀе а тевжаш, Кавказ.Реалиино йаздира, цуьнан долахойх цхьаъ - Нохчийчоьнан куьйгалхочун хӀусамнана Кадырова Медни а йу 99% акцеш шен долахь а йолуш. ШолгIа долахо хиллера Честиев Мохьмад (1%). Иштта церан долахь "Трейд Сити" компанихула йохка-эцаран «Беркат» центр а, республикехь уггаре а йаккхийчу йохка-эцаран туьканех йолу «Грозный Молл» а.

Иштта Кадыровн хӀусамненан долахь йу Marzo аьллчу цIарца бренд йолу шоколадан компани, цунна регистраци йина 2025-чу шеран мангал-баттахь. Оцу компанино йина кампеташ а, шоколадца дӀайуьзна апельсинаш а къастош дIагайтира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна гипермаркетехь экскурси йеш.

Кадырова Iайшатан сторизера скриншот
Кадырова Iайшатан сторизера скриншот

Амма леррина шен терго йира политика "К13" цIе тIехь йолчу "меттигерчу энергетикан". 2012-чу шарахь энергетикаш "дIавш" ду, бусалба динца догIуш дац уьш мийлар баьхначу цо чам баьккхира хинан, гонах лаьттарш бийла а беш."Уггар а тоьлла энергетик йу-кх!", - аьлла, цунна там беш вистхилира мехкан премьер-министр Даудов Мохьмад.

"К13" – иза 18 шо долчу, мехкан урхалхочун кхозлагIчу кIентан, шен ден хадархойн куьйгалхо волчу Адаман бренд йу.

Документашца Кадыров Адаман цхьа а зӀе йац энергетикан хица – иза арахоьцург Висалиев Исламан К-13 компани йу. Иштта цо куьйгалла до "K-13 энерджи", ТД "Ирс", "Юнайтед компани" фирмийн а. ТӀаьххьарчун карахь ю брендан патент; регистраци йан Iалашонца дехар чу деллера зазадокху-баттахь дуьйна, хаам бо Spark базано.

ХӀумма а хууш дац охьайагарйинчу компанех лаьцна а, йа церан долахочух лаьцна а. Юкъараллехь болчу хаамашца бен гучу ца долу, 2017-2018-чу шерашкахь Висалиев Теркйистан кӀоштан хиллачу куьйгалхочун Хаджиев Сайд-Ахьмадан гӀоьнча хилла хилар. 2020-чу шарахь Грозненскан муниципалан кӀоштан урхаллера алапа оьцуш вара Висалиев, цу кӀоштан куьйгалхо хиллачун гӀоьнча санна дIайазвина вара телефонийн тептарш тӀехь, йаздо "Верстка" зорбанан гӀирсо.

Кадыров Адама, Оьрсийчохь йихкинчу инстаграмехь энергетикан маларна пропаганда йеш видео йаржийна. Цу тIехь "К13" аьллачу логотипашца гуш йу BMW-н дрифт, ткъа салонан панелаш тIехь йоза ду "DUSTUM" аьлла. Цо жигара пайдаоьцу оцу цIарах мел лахара а 2024-чу шарахь дуьйна. Цо а, цуьнан накъосташа а лелош йу а "логотипаш" шайн машенийн номерш тӀехь а, тайп-тайпанчу бедаршна тӀехь а, масала, футболкашна а, майкашна а, кепкашна а тӀехь. Стохка Адаман доттагӀчо, UFC-н чемпионо Чимаев Хьамзата Iелин-Йуьртахь ша йинчу спорткомплексана «Dustum» аьлла цӀе тиллира. "К13" бренд тIехь йолу духар эца йиш йу энергетикан сайта тIехь.

"К13" энергетикна реклама йинчу роликан скриншот
"К13" энергетикна реклама йинчу роликан скриншот

Керлачу энергетикна пропаганда йина Кадыровн йоккхаха йолчу йоӀа Ӏайшата а, цуьнан куьйгакӀел болчара а, церан бераша а. Масала, Нохчийчоьнан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан вешин кӀанта а, 270-чу "Ахмат-Кавказ" мотогерзан полкан буьйранча волчу Межидов Хьусейнан кхиазхо волчу кӀанта а.

Официалехь аьлча, энергетикан маларш арахецаро Оьрсийчоьнан низам дохош дац. Уьш дохкар буьззинчу барамехь дихкина дара Нохчийчохь 2012-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц, цу хенахь Кадыров Рамзана луьра критика йеш къамел дира. Амма тIаьхьо меттигерчу низамехь хьелаш малдира- хӀинца дихкина ду энергетикан маларш дохкар школашна уллехь а, йукъараллин барамашкахь а, иштта дӀа кхин а.

Кадыров Адаман энергетикца йинчу рекламаца йуха а гойту нохчийн лидеран дешнашна а, лелочунна а йукъахь долу бӀостане дерг, аьлла дийцира тхан редакцига Айсин Руслана.

"Оцу наха буьтту аьшпаш, уьш доллучу хIуманах дIахедда нах бу. Царна моьтту, цхьа къамелаш дан, жамIаш дан шайн бакъо йу, тIаккха шаьш кийча хуьлу шаьш дийцинарг, аьлларг тIехтаса, цуьнан терго ца йан. Со кхеташ воцург хIун ду, и боллу нах къен ма бац. Энергетикашна тIехь миллиардаш ахчанаш дохур ду аьлла ца хета суна цара, мел кӀезга а, кестта хирдолуш хIума дац-кх иза. И царна хӀунда оьшуш хилла, башха тIекхуьуш вац со. Амма, схьагарехь, царна массо а хӀума магош хиларо а, шайна хеттарг дан ницкъ хиларо а, цхьана маьIнехь дӀахьулбо церан рационале хьежамаш", - бохура политолого.

Нохчийн маттахь "Коза ностра"

Шен да Iалашвар доцург, Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонехь а куьйгалла а деш, махкара йоллу ницкъаллин структурашна тIехь Iуналла деш, ГIазза секторехь болчу нахана гIо латтош волчу Адаман керла бизнес йоцург а, гипермаркетехь доккха дакъа дIалоцура, масала, Manima кондитерин марзолгаша. И бренд АбдулазизовгIеран доьзалан долахь йу, Кадыровн гергара нах бу уьш а. Нохчийчуьра лоьрийн страхованин фондан куьйгаллехь ву Абдулазизов Денилбек, цуьнан кIант Турпал-Iела- Веданан кIоштан администрацин куьйгалхо ву, ткъа ваша Шарпуди- Iадаман ресурсийн министр ву.

Кадыровн цӀарахчу гипермаркетехь къаьстина меттиг дIалоцу Darba Pharmacy аптеко. И аптека схьайиллира Нохчийчохь 2024-чу шарахь, низамашца доьзна хаттарш бахьана долуш, кхин йолу аптекаш дӀакъовла а йолош. Йуьхьанца Darba Pharmacy нохчийн куьйгалхочун йоӀаца Табарикца йузура, амма тӀаьхьо официалан тептарш тӀехь гучуделира керлачу аптекийн урхалла деш Кадыров Рамзанан шолгӀа хӀусамнана Хазуева Фатима хилар. "Спарк" системо бинчу хаамца, цуьнан долахь йу "Ирс Трейд" компанин 99% акцеш.

2006-чу шарахь Нохчийчохь цкъа дIайаьхьначу хазаллин конкурсехь шолгIа меттиг баьккхира 15 шо долчу Хазуева Фатимас, цул тIаьхьа шолгIа зуда хилира иза Кадыров Рамзанан. 2023-чу шарахь дуьххьара гучуйелира иза КадыровгIеран доьзалан даьккхинчу суьрта тIехь. "Проект" зорбанан гIирсо къастийра, Хазуеван долахь 370 миллион сом доьху чу-ара ца баккхалун бахам хилар. Ишта цуьнан долахь йу Москвара тоьлла 130 йеакIов метарна тIера 29 еакIов метарна тIе кхаччалц бахам. Цхьана петаран мах бу 200 миллион сом.

Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Хазуевана дуьхьал санкцеш йехира Американ Цхьанатоьхначу Штаташа а, Японино а.

Кадыров Рамзанан шолгIа зуда лору Хазуева Фатима йу аьрру агIор хьалха йерг
Кадыров Рамзанан шолгIа зуда лору Хазуева Фатима йу аьрру агIор хьалха йерг

Кадыровн дуккхаъчу гергарчара а, доттагIаша а лелош йолу бизнес а, керла гипермаркет схьайеллар а, ахча даккха Iалашонца лелош хIума дац, аьлла хета социологна Дубровский Дмитрийна. Дахаран доллу дакъаош шайн кара дерзо хьийза уьш, шайн доьзалера пурба доцуш йа пачхьалкхан органашка а, йа бизнесе а нахе ког ца баккхийта. Цу кепара Нохчийчохь тайпанийн бух тӀехь йолу и урхаллин система лелоро дагайоуьйту "Коза Ностра" кхуьучу заманчохь хилла Италин Сицили. Мафиозин пачхьалкхах тера а йу иза а.

"Мафин декъашхой массанхьа а хила безаш бу: пачхьалкхан Iедалехь а, парламентехь а, бизнесехь а. Цецвала хӀума ду, и официалан Ӏедалца цхьана хилар, цуьнан структураш дӀайовлуш йу, хӀунда аьлча церан цхьа а маьӀна дац; уьш йеккъа формалан кепехь лелош йу. Цара институташ дIалецар дац вай дуйцург, ду цара уьш хӀаллакйеш хилар ду. Эскар а, полици а йоцург, йерриг а йохош йу", - бохура Дубровскийс.

Цундела Нохчийчоьнан куьйгалхочо энергетикаш зулам ду аларна а, камерашна хьалха шен кIанта арахецна хи цо маларна а йукъара бIостаналлех цецволийла дац, кхин дIа а дийцира социолога: "Цуьнан воIа арахоьцург доцург, дерриг а зулам ду. КадыровгIар шайн дуьненахь беха: низамаш цара хIиттош ду, цундела уьш дохо а бакъо йу церан. Цара, шаьш доцучарна, массарна а кхечарна таIзар дийр ду и низамаш дохийча. Нохчийчохь йа бакъонаш а, йа низамаш а, йа дозанаш а хьакхалуш дац цхьана элитан тобанах. Хуьлийла уьш некъан низамаш, царна мега шайна ма-хетта машенаш хехка а, нахана тIе уьш йетта а, энергетикаш арахеца а".

18 шо долчу Кадыров Адаман энергетик дохка долийра иза дарбан цӀийнера араваьккхина аьлла, ши бутт баьлча. Некъан бохам Iоттабеллачул тIаьхьа кхаьчнера иза цига.

  • 2025-чу шеран зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамненах Кадыров Медних лаьцна хаамаш дIабехира юридикан нехан реестрера. Хьалхо оццу реестрера Кадыров Рамзанан шина йоIах-Iайшатах а, Табариках а лаьцна информаци а къайайаьккхинера. Цул а хьалха 26 шо долу Кадыров Iайшат цхьаъ бен йоцу долахо хилира "Нохчийн минералан хиш" компанин, 3 миллиард соьмана активаш карахь а йуьтуш.
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кхаа кIентан долахь бу Соьлжа-ГIалин йуккъера ши миллиард сов мах болу бахам. Долахойх жимахволчун исс шо ду. И хаамаш гучубевлира журналисташна Росреестрера цхьаммо Iорабаьхча. Тхан сайто дуьйцу, муьлха активаш йу кхин а Кадыров Рамзанан доьзалан долахь, оцу хьокхехь меттигерчу бахархошна хетачух а.
This item is part of
XS
SM
MD
LG