Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада конкурс кхайкхийна Кадыров Ахьмадан (мехкан куьйгалхочун да), Кадырова Айманин (мехкан куьйгалхочун нана), Кадыров Рамзанан шен а "тоьлла исбаьхьаллин сурт" дилла аьлла.
Къовсамехь дакъалаца кхойкхуш бу дозанал а арахьа беха нохчий, хаамбина Даудовс шен инстаграмехь
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, вице-премьер Висмурадов Абузайд а, нохчийн парламентан депутат Ханбиев Мохьмад а, Австрехь нохчийн мухIажар верца доьзна дукхазза хьехийна волу Кадыровн гIоьнча Турлаев ШаIа а цхьаьна волуш, йоьдучу эфирехь дIакхайкхийна ю спикеро конкурс
ХIора конкурсан номинацехь тоьллачунна регионалан юкъараллин Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондера 500 эзар сом лур ду.
- Карладоккху, 2019-чу шеран Гезгмашин-баттахь Брянскерчу вахархочо Авито-н сайтехь дохка даьккхинера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан сурт тIехь долу ахча-жетон. Цхьана агIор Кадыровн сурт дара "Сийлахьчу пачхьалкхехь деха тхо" аьлла, тIе а яздина. Ткъа вукху агIор "Нохчийчоьнан дог" цIе йолчу маьждиган сурт дара. 140 сом мах хIоттийнера духкучо.
- Кадыров Рамзанан компьютерца диллина портрет эца цхьа а ца ваьлла аьлла, хьалхо хаамашкахь яздора. Кхузаманан исбаьхьаллин эксперто, гоьваьллачу галеристо Гельман Марата Кавказ.Реалиина комментарехь и лот "профанаци" ю элира, и сурт диллинчу художникан кхин цхьа а болх цахилар билгалдоккхуш. Иштта къамел динчо элира, Оьрсийчохь тахана шуьйра бевзачу суртдиллархоша цкъа а пайда ца оьцу шайн белхашкахь Кадыровн аматех аьлла.
- Бакъонашларъярхоша масийттазза билгалдоккхура, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен ден культ дIахIоттош доккха дакъа лацарх. Оьрсийн Би-би-си-н зерашца, Нохчийчохь 346 урам бу карарчу хенахь мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан а, цуьнан гергарчийн а цIарах. Царех доккхахдолу дакъа Кадыров Ахьмадна лерина ду. Цуьнан цIарах ю футболан клуб, гIоьналлин фонд, стадион, Соьлжа-ГIалара бIав а, университет а, аэропорт а.