ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхоша лачкъийна Нохчийчуьра гей карцере дехьаваьккхина

Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а
Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а

Ялх шарна таIзар дина хилла Нохчийчуьра Исаев Исмаил 15 дей-буьйсий даккха карцере хьажийна. Краснодар-махкарчу ИК-11 колонехь хан токхуш ву иза – Чиллан-баттахь Исаев а, цуьнан ваша Магамадов Салехь а бехкевира Нохчийчуьрчу кхело гIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла. Вежаршна тIаьхьабовлар церан ориентацица дузу бакъонашларъярхоша.

Исаев карцер чу дехьаваккхарх хаамбира ОВД-Инфо ресурсе "СК SOS кризисан тобанан" секретаро Розанов Мирона. Цуьнан дешнашца, Исаевс дийцинера, иза бехкевинчу гIуллакхехула карцере хьажор - "деш хIума ду" аьлла, колонин белхахоша кхеторах.

Оцу юкъанна, Товбеца-беттан 15-чу дийнера схьа дуьйна хууш дац, стенгахь ву Магамадов Салехь – цуьнан адвокаташна а, бакъонашларъярхошна а цунах лаьцна хоуьйтуш дац. Хьалхо яздора, Магамадов "Владимирский централ" олучу, лоьмар 2 йолчу набахте дIавигина аьлла, амма цигахь вац иза.

20 шо долу Магамадов а, 18 шо долу Исаев а бехкевеш таIзар кхайкхийра Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело кху шеран Чиллан-беттан 22-чохь. Апелляцин инстанцехь Стигалкъекъа-беттан 11-чохь Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело листина гIуллакх хийцам боцуш дитира. ГIаттамхошна гIо латтийна ву аьллачу Магамадовна бархI шо хан туьйхира набахтехь яккха, Исаевна – ялх.

  • Магамадов а, Исаев а къар ца ло, шаьшиъ цхьана а хIуманна бехке вац бохуш. Адвокаташа тергалдо бехке хиларх тоьшалла дина цахилар а, кхел йоьдучу заманчохь низамаш дуккхаза дохийна хилар а, царна хета, вежаршна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, гендеран идентификаллица а доьзна хилар (цу шиннах цхьаъ гей ву, важа гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолу телеграм-канал лелор.
  • 2021-чу шеран Чиллан-баттахь Магамадов а, Исаев а лачкъийра Нижний Новгородерчу кризисан хIусамера, и шиъ Нохчийчу дIавигира. 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь цара дIахьедира, шайна йетта, бехкаш тIелаца бохуш. Царна тIехь къизаллаш лелорах бехктакхаман гIуллакх доло реза ца хилира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла.
This item is part of
XS
SM
MD
LG