ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхоша лачкъийна, нуьцкъаша тIамтIе хьажийна нохчо вийна Украинехь


Нохчийчуьра Эна-Хишкара вахархо Сасламбеков Шемал вийна Украинерчу тIамехь. Дийцарехь, тIемаш боьлхучу меттиге бертаза вахийтинера иза – кадыровхоша лачкъийначул тIаьхьа.

Оппозицин нохчийн 1АДАТ боламо хаамбарехь, Сасламбеков лачкъийнера психотропан молханаш моьлуш ву аьлла, бехкевина, цунна ультиматум хIоттийнера: йа Украине воьду хьо, йа шаьш гIаттийначу гIуллакхна тIехула набахте воьду аьлла. Эна-Хишкара вахархочо хьалхара некъ къастийнера.

Лачкъийна хилларг кхалхарх официалехь тIечIагIдина дац. Украине хьийсон контрактхой вовшахтухучу пункташкахь Кавказ.Реалиига дIахьедира, бертаза а доцуш, шайн лаамехь баха луурш бен шаьш дIаоьцуш бац аьлла.

1АДАТ боламан векало Янгулбаев ИбрехIима хаамбира редакцига, боламо шайн телеграм-каналехула вовшахтухуш ю Украинехь беллачех статистика, иштта бертаза цига бахийтинчех а, байинчех а.

"Бертаза хьажийначех, тхуна веллий хиъначех хьалхара ву Сасламбеков. ТIамтIе воьду йа дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доккху аьлча, хьалхара вариант хаьржинера цо. Нохчийчохь тIетаьIIина нах лечкъон масех кIира а ду, лечкъийначарна ультиматумаш хIиттайо. Iалашо ю – Украине шайна хьалхара бала нах хьийсор", - дIахьедина къамелдечо.

Украинан дозана тIехь тIом боьдучу заманчохь вийна цигахь Нохчийчуьра мел лахара а 125 стаг – иза а, "консервативан" лараршкара кхаьчна лахара терахь ду, хаамбина Оьрсийчохь дIайохийначу бакъонашларъяран "Мемориал" центран тобано лелочу "Полный ПЦ" телеграм-канало.

Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархошлахь кхелхинчу 704 эскархочун цIераш хууш ю Кавказ.Реалиина. Зорбанан гIирсийн а, Iедалхойн дIахьедарийн а, шайн хьасташкара а кхаьчначу хаамашна тIехь хIиттина ду и ларарш. Билггал долу эшаман зераш кхин а лакхара хила тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG