Нохчийчуьрчу эскархоша "ларбеш" шаьш ларми чохь масех кIира даккхарх, иштта цара шайга баркаллаш олуш, видеош дIаязяйтарх лаьцна дийцина Гостомель гIалара бахархоша "Важные истории" гIирсан журналисташка.
Меттигерчу наха бахарехь, уьш баккъала а бара шаьш дийна биссарна баккхийбеш, камерана хьалха и ала гIерташ а бара. Цул сов кадыровхоша баккъала кхача кхоьхьура царна – йоьхьаш, нехчаш, амма Нохчийчуьра еана яцара уьш, Украинера яра. Гостомель гIалин бахархоша бахарехь, сурсатийн складашкара лечкъийна. Иштта цара билгалдоккху, дукхахболчеран петарш чохь талораш дина яра.
"Сан петар чуьра цIена телевизор яьхьна. Суна доьзало совгIатна плазма еллера 65 дюйм йолуш, и чохь хилла яьшка а йиссинера. Яьшкица цхьаьна дIаяхьна. Тхоьца уьш кIоршаме лела буьйлабелча аса телевизорца бехк боккхура цаьргара. КIоргенза хоьттура: "Стенга яьхьна аша сан йоккха телевизор?" Оцу минотехь уьш дIасовцура", - дуьйцу Гостомелерчу яхархочо Ларисас.
Кхечу ларми чохь латтийначо, Богдана, дагадоуьйту, кадыровхоша массо хенахь билгалдоккхура, шаьш тхо кIелхьарадаха кхаьчна бохуш.
"Нохчий дIабоьлхучу хенахь церан коьртехь волу командиро схьа а веана элира: "Тхоьга Рамзан Ахматовича шу ларде аьлла, шу Рамзан Ахматовича лардеш ду!" Билгалдаьккхира, тхо маьрша нах хилар, амма тхо ара довлуьйтур дац тхан кхерамазалла ларъярхьама", - боху Богдана.
Цо бахарехь, нохчаша саццанза дуьйцура, шина дийнахь Киев схьайоккхур ю бохуш.
"ТIаккха хан мел ели гIайгIане хуьлура, элира шаьш кеста дIагIур ду, ткъа [Украинан президенто Владимир] Зеленскийс юха хьалаюттур ю йохийна гIаланаш. Иза [Оьрсийчоьнан президента Владимир] Путина дийра-м дац, аьлла хаттар делча, цо элира: "Дац дера, иза Зеленскийс дийра ду", - дуьйцу Гостомелян вахархочо.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Украинана дуьхьала Оьрсийчоьнан агрессехь дакъалоцучу нохчийн батальонаш тIехь йолу видеош сих-сиха арахоьцу. Цо бахарехь, цара жигара дакъа лоцу тIеман тийсдаларшкахь, амма украинхойн агIоно а, бозушбоцу тIеман эксперташа а иза харцдо. Цара тIечIагIдо, кадыровхоша меттигаш "дIацIана" бен ца йо, меттигера нах кхерамехь а латтабо.
- Нохчийн телехьожийлехь иштта оккупаци йинчу латтанаш тIера бахархошна гуманитаран гIо доькъуш сюжеташ саццанза гойту. Царна чохь украинхоша баркалш олу Кадыровна а, нохчийн салтешна а.
- Гостомелан уллерчу жимачу гIалара яхархочо, Кадыровн баркалш бохуш яьхначу видеон "турпалхочо" Иринас (цIе хийцина цуьнан кхерамазалла ларъярхьама. – ред.), дийцина Кавказ.Реалиига, ша кадыровхойн Iуналлехь ларми чохь кхо кIира даккхарх, елла нена нана берех дIалечкъорах, нохчийн салташа камерна хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочун шега баркалш бахийтарх лаьцна.