ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхой а, шайна хьалхара бала тийсар а: Кавказера тIеман йийсархойх лаьцна


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Золкин Владимир – Оьрсийчоьнан тIеман йийсархошна тIекхача аьтто болу цхьаъ бен воцу украинхойн блогер ву. "Ищи своих" лехамийн проектан координатор волуш санна а, официалехь СИЗО кхача бакъо йеллачул тIаьхьа а цаьрца 300 сов видеочухула хIинцале а къамелаш дина цо.

ТIеман йийсархой а, белла салтий а дIасахийцарх лаьцна дийцарш доладо цо - билгалдоккху, Оьрсийчоьнан агIоно оцу процессан сихо йеш цахилар. Охан-баттахь цуьнан ютьюб-каналехь зорбане яьккхира Украинехь дитинчу Оьрсийчоьнан эскархойн декъийн масех вагонах лаьцна видео. Ша Золкина чIагIдарехь, ролико йоккха гIовгIа эккхийтира нахалахь: хIетахь Оьрсийчоьнан омбудсмене дукха дехарш дира беллачийн доьзалша декъий дIадоьхуш (дерриг а оцу видео тIера ялх).

Марсхьокху-баттахь Золкина канале хIоттийна видео бахьана долуш аьтто хилира Нохчийчуьрчу кхин а цхьана бIахочун дакъа довза, иза хуьйцучийн тептарехь вацара. Гуьржийчуьра схьаваьлла нохчо вара иза, Украинана дуьхьал тIемаш бечу кадыровхойн олучу дакъошлахь хилла.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Золкин Владимира дийцира, шен роликийн турпалхойх хиллачух, кадыровхойх уггар а лакхара мах стенна хIоттийна а, Украинан муфтий Оьрсийчоьнан салташца цхьана хIунда кхеттера а.

Золкин Владимир
Золкин Владимир

–"Ищи своих" проект муха кхоьллина ю?

– Официалехь «Ищи своих» проектаца сан гIуллакх дац. Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчас Андрусив Виктора кхоьллина ю иза, Оьрсийчоьнан йийсаре эцначеран а, байъинчеран а идентификаци ян Iалашонца. Йийсархошца цхьаьна интервьюш кечъечу сан доттагIчо Дмитрийс язйина ю оцу проектана лерина софт. Цуьнан духанехьара зIе ю – Украине хьовсийначу салтийн гергарчара шайн телефонаш кхачайора тхоьга, координатор санна цаьрца зIене вуьйлура со, ютьюбана эфираш а йеш.

Оцу нахана ша цхьаъ бен йоцу таро яра и шайн гергарчу нахах лаьцна хаа, ткъа тхуна – хуьлучух ма-дарра оцу агIонна дIахаийтар. Массеран а аьлча санна, Оьрсийчоьнан агIор реакци цхьабоса яра, денацификацих лаьцна методички тIехь дерг дIадоьшуш санна. Оцу процессехь суна интересе хийтира, йийсаре бахначу шайн гергарчех хиъча, муха кхетар бара-те уьш аьлла. Иштта кхоллаелира тIеман йийсархошца къамелдаран идей, царна таро луш цIа телефон тоха, и дерриг а камери тIе дIа а яздеш. Официалан Iедалшца дийцарш хиллачул тIаьхьа, тхуна бакъо йелира йийсархошна тIекхача.

– ХIун Iалашо ю аш ечу интервьюн?

– Юьхьанца Iалашо яра билггал долу хьал дIагайтар. Кхузахь бойий, йийсаре лоьций Оьрсийчоьнна дIахаийта, хIунда аьлча, уьш тешаш ма бацара Оьрсийчоьнан агIор зенаш хуьлу бохучух. Тхуна лаьара Оьрсийчуьра мел а дуккха а нахана хазийта Украине тIамца чугIоьртиний, йийсаре лецначу церан шайн гергарчара цунах лаьцна дийца.

Кадыровхой– тIемалой бац, цхьа мифашкара турпалхой болчух тера ду

ТIаьхьо кхийтира, йийсархой дIасахийцийта цаьрга сихо яйта а, хIара интервьюш чIогIа оьшуш юйла. Гергарчара къамелан видео дIагайтича, Оьрсийчоьнан агIо декхаре хуьлура тIепаза байна аьлла, шаьш дIаязбинарш, тIеман йийсархой хилар къобалдан.

– Кавказан регионашкара бахархой дукха буй тIеман йийсархошлахь?

– Дуккха а дагестанхой, гIалгIай а бу. Ткъа кадыровхой цкъачунна тхуна дуьхьалкхетта бац.

– Йийсаре лецначу кадыровхошца къамел дан аьтто хилла бац шун?

– Кадыровхой – тIемалой бац, цхьа мифашкара турпалхой болчух тера ду: массарна а хезна царех лаьцна, амма тик-токехь бен гина бац. Пиар йеш лелаш бу уьш, тIом бечу меттана. ТIелетачарлахь кхозлагIчу йа боьалгIачу гонехь хуьлу уьш, хьалхарчу позицешкахь цкъа а бохург санна, хилла бац. Цунах лаьцна тхуна цкъа а хезна-м дац. Заградотрядаш ала тарло царех. Царех бIобанаш йо, уггар а хьалха, суна хетарехь, оьрсашна. Оьрсийчоьнан бахархой тIаьхьакхуьуш бац, украинхой хIунда ца кхоьру кадыровхойх. Ткъа украинхой царех ца кхоьру, хIунда аьлча, уьш а ма бу цIийх а, дилхех а бина, адамашца дерг доцуш беза нах ма бац уьш. Украинхошна цхьа беламе фигураш ю кадыровхой.

– Масех де хьалха аш дIакхайкхийра, наха юкъа ахчанаш дохкуш, оьрсийн салтий йийсаре эцначу украинхойн тIемалошна ял луш программа ю аьлла. Уггар лакхара мах – 600 доллар - бу хIоттийна кадыровхочух. ХIунда?

– ХIунда аьлча, хуьйцучу хенахь уьш уггар а хьалха дIабуьгу. ХIора йийсаре эцна кадыровхо – гаранти ю муьлхха а йийсаре лаьцна тхан бIахо сихонца юхалург хиларан. Шайна хьалхара байа туьйсуш бу Оьрсийчоьнан салтий, ткъа кадыровхойх пайдаоьцу рекламин роликашкахь символ санна, цундела церан "мах" лакхара бу.

Йийсаре эцна кадыровхо – Кадыров имиджна а, цунна шена а тохар ду. Суна хета, цхьа билгал ницкъ болуш а, Путинца бина барт болуш а ву иза. Шен цхьана таронех пайда а оьцуш, оцу сохьта хийцарх лаьттачу хаттаран йист йоккху цо, кадыровхочух муьлхха а тхан тIемало схьа а луш. Кадыровхо СИЗО а кхачавале, тхуна интервью ялийтале хьалха, шен ма-хуьллу маса до цара и.

– Шун канала тIехь репортаж ю, Украинан муфтий Оьрсийчуьрчу бусулбачу тIеман йийсархошца цхьаьнакхетта. И цхьанакхетар стенна вовшахтоьхнера аш?

– Оьрсийчоьнан эскарийн ницкъашлахь Украинаца болчу тIамехь бу бусулбанаш. Кхузахь тхан нах бу бойуш, иштта шайнаш а, церан КъорIанехь яздина ма-хиллара, бусулба вежарий. Стенан дуьхьа? Цхьана "оьрсийн дуьненан" дуьхьий? ХIара чолхе а, интересе а тема ю. Цунах кхетархьама, оха дехар дира Украинерчу бусулбачийн ассоциацига, цара жоп делира тхуна.

Украинера муфтий Рустамов Айдер гIирмахойн гIезало ву, цо къамел дира йийсарехь болчу бусулбанашца, хаьттира хIунда бахкина уьш Украине, дийцира Оьрсийчоьнан эскаро Украинерчу бусулбанашна динчух. Муфтийс бахарехь, оцу къамело Iаткъам бинера царна, дукхахберш ойланашка бевллера. Амма ас иштта эр дара хьоьга, муфтийх доьзна хIума а дац, Украине кхаьчна, цул тIаьхьа йийсаре нисвелла хIора кхеттера дукхаъчу хIуманех и къамел хилале хьалха а дуьйна. Муфтийн ницкъ кхаьчнера цхьадолу дагах кхеташ, динца, оьздангаллица долчу хIуманех уьш кхетон.

– Аш кечйина цхьа репортаж бахьана долуш, аьтто белира, хуьйцучу тептарехь ца хилла, веллачу Нохчийчуьрчу эскархочун дакъа довза. Видео нахалаяьллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан агIоно цуьнан дакъа дIадихирий?

– ХIаъ, оха и зорбане яьккхинчул тIаьхьа оцу докъан бала кхаьчнера, цунах дерг хаа гIертара, хийца а лиира. Оцу видеоно боккха Iаткъам бира Нохчийчоьнна – топехь яра видео, хийцарх лаьцна хеттарш деш, дуккха а хаамаш кхечира тхоьга. Амма кхин дIа хиллачух суна ца хаьа, хийцина хила а там бу. Цунах лаьцна информаци соьгахь яц, со тIевитанчохь бен болх ца бо ас.

– Кадыров Рамзанан бIанакъостан Саидов Мурадан кIентан Саидов Адаман кхолламах лаьцна хIуммаъ а хаьий хьуна? Биъ бутт хьалха цуьнца интервью йира ахь, цу тIехь Адама харцдира, украинхойн тIемалоша ша лачкъийна бохург. ТIаьхьо хааме даьккхира, украинхойн парамедикца Паевская Юлияца иза дIасахийцина аьлла, амма официалехь информаци тIечIагIйина яц.

– Суна хаарца, беа баттахь Адаман статус а, цуьнгара хьал а, могушалллица дерг а хийцаделла дац. Иза дийна а ву, могуш а ву. И информаци юкъаяьккхинчуьнга цхьа хаттар дара сан- мичара кхаьчна шуьга и хаам? Массара а цунах лаьцна яздира, амма цхьаммо а хаам тIе ца чIагIбира. Кхана цхьаммо Адам Батта тIе дIавахна алахь, и хаам бакъбан йа харцбан декхаре со ма ваций. Соьгарчу хаамашца, оцу интервьюхь ма-хиллара ду дерриг хIинца а.

– Нохчийчуьра схьа кхерамаш тийсиний хьуна?

– Суна ца хаьа, къаьсттина Нохчийчуьра сайна кхерамаш хиллий, амма социалан машанашкахь и регион билгалъяьккхинчаьргара а, нохчийн цIерашца болчу нахера а Iаламат дукха кхерамаш кхочу. ТIаьххьарчу хенахь ас йеша а ца йоьшу. Дивана тIе охьа а хевшина, тIемаш бен нах бу уьш, кадыровхойн тик-токерш а санна. ЛартIахь волу цхьа нохчо гIур вац Оьрсийчоьнехьа тIом бан.

***

Марсхьокху-беттан 24-чохь 182-гIа де ду Украинехь тIом боьду. Оцу хеначохь Кавказ.Реалиино йиллинчу хьасташкара схьа а лехьош, шеггара хIоттош тептар ду Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбера а беллачу эскархойх. Карарчу хенахь цу тIехь билгалъяьккхина 1 071 цIе - билггал хила тарло уьш кхин а сов. Эхашерачохь Нохчийчоьно 11 бIахо Украинехь кхелхина хиларх бен бакъдина дац. Кавказ.Реалиина къаьстина оцу махкара веллачу 125 вахархочун цIе.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза хаам зорбане баьккхира хиллачу эшамех: зазадокху-беттан 2-чохь дIахьедира 498 стаг валарх, зазадокху-беттан 25-чохь – пачхьалкхан йоллу регионашкара 1 351 стаг валарх. Украинхойн агIоно дIахьедо, Оьрсийчоьнан эскарера 20 000 гергга стаг велла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG