ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхой "ДНР-хь", Пригожинан а, Кадыровн доха новкъадаьлла гергарло


Кадыров Рамзан, Шойгу Сергей, Путин Владимир, Пригожин Евгений. Коллаж
Кадыров Рамзан, Шойгу Сергей, Путин Владимир, Пригожин Евгений. Коллаж

Кадыровхой "ДНР" олучу метте дехьабахар, Нохчийчоьнан куьйгалхочун, ЧВК "Вагнеран" долахочун гергарло дохорхьама Кремло лелориш, адвокат Идалов дIалаьцначохь кхин дIа а витар, Нохчийчуьра Арсамиков Идрис лачкъорна гIуллакх цадолор - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду "Маршо" радион 13-чу подкастехь.

ХIиттайе кху подкастана лайкаш, тхо дIадуьйлало.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыров а, "ДНР" агIора дислокаци йар

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, нохчийн батальонаш сепаратистийн "ДНР" латтанаш тIе дехьайовлуш хиларх. Хьалхо кадыровхой дукхахьолахь "ЛНР" олучу меттехь лаьтташ хуьлура. Кадыровна шен тIеIаткъам луларчу сеператистийн "республикехь" чIагIбан лаарах хьалха а дийцира Украинин къоман дуьхьаллонан центран эксперташа.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча, "Ахмат" батальонан буьйранча волчу Алаудинов Аптис бахарехь, нохчийн батальонаш украинхойн Марьинка гIалана улло дIайигна - Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Херсонан а, Запорожьен мехкашкахь а, сепаратистийн ДНР латтанаш тIехь а хиндолчу тIелатарна кечамбарах дийцира цо. Iалашонаш йу "цхьа могIа" меттигаш дIалаца - билггал муьлхарш йу, хууш дац.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедина, лерринчу Iалашонийн батальон "Марьионо агIора дикка кхиамаш беш йу" аьлла. Цу хаамна кхин тоьшаллаш дац.

Дислокацин меттиг хийцаран хIун Iалашо йу кхетош, тхан подкасте дийцира Киеверчу махкахойн маршонийн центран политолого Савва Михаила:

"ХIинца нохчийн батальонаш Донецкан-мехкан латтанаш тIе дехьадахар масех баттахь лелочу стратегин цхьа дакъа ду - Оьрсийчоьнан шуьйра агресси йола а йалале, тIамехь дакъалацарна оккупаци йинчу Украинин латтанех цхьа дакъа Кадыровна лур ду аьлла, дош делла хилла. Дош делла хилла боккъал а - цунна магийначу цу латта тIехь цуьнан нехан шайна луъург лелон таро хир йолуш, къоланаш дан а, нехан хIуманна тIекховда а, меттигерчу совдегарийн бизнес схьайаккха а, латтанаш шайн доладаха а магош. Нохчийн раж Нохчийн республикин дозанал арайаларан стратеги йу иза. Оккупаци йинчу латтанаш тIехь аьтто бер бу цу кепара дерг лелон. Цигахь адамийн бакъонаш гIелйина хуьлу, ма-дарра гушдолчу зуламашна а жоьпе ца узу."

Тидаме лаца догIу, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь дийцина хилар, нохчийн батальонийн кхечанхьа дехьабовлар тIеман министралло къобалдина хиларах - хьалхо политико ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнца Пригожин Евгенийца цхьаьна массийтаза йемалйинера и министралла, амма кхушеран бIаьста президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар ма хиллинехь, цо шен хьежамаш цIаьххьана хийцира. Америкахойн "ТIом талларан институтерчу" эксперташна хета, Украиница болчу тIамехь Iедалхоша нохчийн батальонашка и тIелатаран болх шайна тIелацийтина аьлла. Иза даран Iалашонаш Кадыровн, Пригожинан гергарло дохон лаар ду, Кадыровн батальонашна тIехь Кремлан олалла дуйла гайтар ду.

Сепаратистийн "ДНР" йолчу агIора нохчийн батальонаш дехьайовлар ЧВК "Вагнеран" ницкъаш Бахмутера арабевлча дIадолийна ду, боху "ТIом талларан институтан" аналитикийн дIахьедарехь. Кадыровхой коьрта тIелатаран ницкъ хилар гайта Оьрсийчоьнна лаарца доьзна хила тарло и, аьлла хета эксперташна.

Институтехь болучара дагадаийтира, нохчийн тIемалой дукхахьолахь дIалаьцначу латтанаш тIехь хилар, ткъа Кадыровс шен ницкъаш тIамана йуккъе ца кхуьссуш, "консерваш йина" латтор. Нагахь махкара 7 эзар эскархо Украинерчу тIамехь ву бахар бакъ делахь, церан масех ондачу тIелатаро баккхий кхиамаш бийр бу аьлла, хета эксперташна. Амма стигалкъекъа-беттан 31-чу денна хIоьттинчу хьолехь нохчийн батальонаш тIелатаран билгалонаш аналитикашна ца хаайелла.

Дагадоуьйту вай, Украинина дуьхьал тIом болийчхьана, Кадыровс массийттаза кхерамаш тийсира, Киев "схьайаккха" ша кийча хилар дIахьедеш. Ткъа цуьнан уллорчу накъосташа шаьш "Берлине кхача" лерина ду бехира. Оьрсийчоьнан эскарш 2022-чу шеран зазадоккху-беттан чакхенгахь Киев-мохк буьтуш, йухадевлира. Иза украинхойн эскаран дуьхьало хиларан тоьшалла дара.

Aдвокат Идалов дIалаьцначохь кхин дIа а витар

Нохчийн адвокат Идалов Тимур Iалашвечийн ницкъ ца тоьъна иза дIалацар къовса – къайлахчу сервисийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а белхахоша дIахьедина, террорхойн тобанашца а, нохчийн зуламхошца а цуьнан уьйраш хила тарло аьлла. Прокурорна кхерамаш тийсарна, шина баттана лаьцна вуьтуш, СИЗО хьажийна Идалов.

ГIуллакхан материалашна йукъатоьхна ФСБ урхаллин куьйгалхочун жоп, цу тIехь боху, Идаловн "шуьйра уьйраш йу кеп-кепарчу дуьненайукъарчу террорхойн йукъараллашца, нохчийн зуламхойн тобанашца а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллера бехкзуламан гIуллакхаш толлучу хьаькаман рапорта тIехь чIагIдо, юристан нохчийн зуламан тобанашца уьйраш йу, "Оьрсийчоьнел арахьа дуккха а бевзаш нах а бу" цуьнан. Хетарехь, Оьрсийчохь террорхойн лерина батIалхьажойн динан тоба йу йуьйцург, цу вовшахтохараллин векалшна адвокат хIоьттинера иза ГIалгIайчуьра экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхо верах долчу гIуллакхехь.

ГIуллакхан ладогIаршкахь адвокаташа талламхочуьнга хаьттира, цуьнан криминалан зIенаш хиларх цхьаъ мукъна а масал далон таро йуй хьан аьлла, амма вукхо жоп ца делира.

Цунна дIасавалар доьхкуш хIоттийначу кхелехь чохь вуьтуш сацам бар къовсу адвокаташа, уьш тIетевжира и шеконаш а, дина боху зулам а тоьшаллашца тIечIагIйина цахиларна. Цул совнах адвокаташа дийхира, 55 шо долчу Идаловн могушалла цахилар а, ша адвокат хиларе терра, цо лелош хилла гIуллакхаш а йукъахдовларна а, кхечу махкахь лела паспорт талламхочуьнга дIаделла хилар а (пачхьалкхера дIаваха таро цахилар) тидаме эцахьара аьлла. Бехктакхаман гIуллакх долор - цунна бина бекхам бу аьлла адвокаташа, цхьа могIа резонансе гIуллакхаш цо дIахьош хиларна. Цуьнан аргумент йу, прокурорах лаьцна кхелехь цо дешнаш аьлла ахшо даьллачу хенахь бехкзуламан гIуллакх айдина хилар.

Идалов Iалашвечарех цхьана адвокато Мусаев Мурада дIа ма хьедарра, процессехь дакъалоцучу прокуроре аьллера цо: "Хьо капитан Каттани-м вац (италхойн сериалашкахь мафица къийсам латтош хилларг – Билгалдаккхар.) Цунна тоьпаш ма тоьхна".

Чергазийн гIуллакхна йина конференци


Ломанхойн республикин йозуш цахиларан 105 шо кхачарна лерина конференци йолайелла стигалкъекъа-беттан 27-чохь Киевехь. Оцу бараман уггаре коьртачех хаттар дара - чергазойн къомана йина геноцид а, Украино иза хилар бакъдар а.

Конференци вовшахтоьхнарг йу Украинин стратегийн коммуникацийн, хаамийн, кхерамзаллин Центр. Дийцаршкахь дакъалецира чергазойн Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а, Туркойчуьра а йукъараллийн организацийн векалша. Иштта цигахь дакъалоцуш бара нохчийн а, дагестанхойн а халкъийн делегаташ, царлахь вара Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад а.

Дагадоуьйту вай, Кавказан тIом а, Османан имперехь чергазошна депортаци йар бахьана долуш, дай баьхначу лаьтта тIехь верриг а висинарг ву пхи процент гергга чергазойн къоман векал. Карарчу заманчохь чергазой беха дуьненан 50 сов пачхьалкхашкахь. Чергазошна геноцид йар бакъдинарг цхьа Гуьржийчоь бен йац.

Хьалхо Украинин Лакхарчу Радера халкъан депутатийн тобано хьийхира Оьрсийчоьнан империно чергазошна йинарг геноцид йара алий, тIелаца деза аьлла. Инициативана тIетайра мел кIезиг а кеп-кепарчу депутатийн тобанхошна йуккъера 50 парламентхо, шайлахь урхалла дечу "Халкъан йалхой" партин декъахой а цхьаьна болуш.

2022-чу шарахь Украинин Лаккхарчу Радехь сацам бира Нохчийчоь Оьрсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу аьлла, иштта йемалдира махкахь ши тIом боьдучу хенахь "нохчийн халкъана йина геноцид".

Нохчийчуьра гей Арсамиков Идрис лачкъорна гIуллакх цадолор

Москвахь гей ву аьлла Арсамиков Идрис лачкъорна бехктакхаман гIуллакх ца долийна Нохчийчуьра талламийн комитетaн урхалло. Иза Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, республике дIавигна ву - цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дац.

Арсамиков лоцуш, Нохчийчу дIалуш низамза лелийнарш билгалдохуш дIахьедарш дина цуьнан адвокаташа, хаамбира "СК SOS"- кризисан тобано. Арсамиков цхьамма а дIалаьцна вац, цуьнга цIахь хьуна сагатдеш хьан нана йу, хьо цIаверза веза аьллера, иза резахилла, дIавахара, боху зераш динчу талламхоша.

ДIалоцучу хенахь Арсамиков ца гайтира адвокаташна - ницкъахоша элира шайгахь иза дIалаца аьлла "Нохчийчуьра ориентировка" йу. Арсамиков Идрис дIалоцучаьргахь хилла и лаца кехатан бакъо. Шелковской-кIоштан полицин хьаькамо куьг йаздина ду иза. Полицин декъан куьйгалхо ву Геремеев Рустам. 2015-чу шарахь Борис Немцов веран хьокъехь бехке хила тарло аьлла лохуш волчу Геремеев Русланан ваша ву иза.

Нохчочунна баккхийчу барамашкахь жоьлкалла лелорна бехкаш кховдорна кхоьруш бара цу хенахь бакъонашларйархой. Республикерачу талламийн комитетехь дIахьедира, Арсамиков гIуллакхехь теш санна чекхволуш вара, полицин декъехь хеттарш динчул тIаьхьа, шаьш иза цIавахийтина аьлла.

Нохчийчу дIа ма виггнехь, Арсамиковс ши видео хIоттийра машанашка. Царлахь цо дIахьедира, тIеIаткъам барна вистхиллера ша бакъонашларйархошка, шена церан гIо ца оьшу аьлла. Цунна гIело йечух тера ду, сийсазаллаш лелош, таIзарш деш хила мега аьлла, дIахьедина СК SOS тобано. Иза маьршаваккхар тIедожош, Оьрсийчоьнан Iедалхошка йистхилла бакъонашларйархойн итт цхьаьнакхетаралла.

Соьлжа-гIалара МГУ филиал

Гезгамашин-баттахь Соьлжа-ГIалахь схьайоьллур йу Москвара Ломоносовн цIарахчу пачхьалкхан университетан филиал. Цунна оьшу гIирс дIахIоттор бу, хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу накъостаца, Оьрсийчоьнан депутатца Делимханов Адамца йоьзначу "Смарт Билдинг" компанино. Mарсхьокху-бутт тIекхачале цу фирмо и гIирс а, оргтехника а дIахIоттон йеза, иштта лакхарчу доьшийлан пхи аудитори чохь хинйолчу кампусна йийбар а. Мел ахча хьажийна оцу гIуллакхна – хууш дац, и контракт дина пачхьалкхан цIарах гIирс оьцучу системел арахьа.

"Смарт Билдинг" схьайиллинарг а, цуьнан коьрта директор а ву Зубайраев Сайд-Мохьмад, Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а кхин а йалх компани йу цуьнан цIарах. Хьалхо оцу компанина тIедиллинера иштта "Грозный молл" йохка-эцаран а, самукъадаккхаран а центр, Соьлжа-ГIалара аэропортан дуьненайукъара терминал, Соьлжа-ГIалара дуьненайукъара университет, 435 чакхарма "Ахмат Тауэр" стигал-бохь йар а.

Ставрополехь арадолучу Newstracke хьосто хаамбира, Нохчийчохь Зубайраев Сайд-Мохьмад сих-сиха го Оьрсийчоьнан парламентан депутатца, мехкан урхалхочун уллорчу накъостаца Делимханов Адамца аьлла. Депутато дакъалецира компанин гIишлошна презентаци йечохь а. МГУ филиална оьшург эцарах подкастана комментари йелира коррупцина дуьхьалчу юристо Машанов Григорийс.

“Бизнес, дукхахьолахь, уллорчу а, генарчу а гергарчеран цIарах лелайо. Низамо магадо иза, кхианза долчу берийн цIарах лелон а мега. Амма цхьа а биографеш йоцучу адамийн, ноунеймийн цIерашца кечдина кехаташ долуш, бизнес лелоран масаллаш суна Нохчийчохь бен гина дац. Кадыровн федералан центраца долу гергарло тидаме эцча, кхечу губернаторшна цамагийнарг цунна магийна хиларе хьаьжча, мел а шеконаш йуьсу, оццул дукха болчу шен гергарчеран цIарах цо и гIуллакхаш цалелорна."

Аша ладуьйгIира "Маршо" радион 13-чу подкасте. Оха дийцира Нохчийчуьра керлачу хиламех.

Ма дицло тхуна лайкаш йахка а, комментареш йазйан а - цара алсамбоху тхан ладогIархой.

Йазло Маршо Радион подкасте:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG