ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхойх заградотрядех санна пайдаэцарх дIахьедина Украинехь


Кадыровхой Мариуполехь, 2022-чу шеран охан-беттан 17-гIа де

Нохчийчохь кхоьллина йолу тIеман тобанаш йолу меттиг хийцарх лаьцна дIахьедина украинхойн агIоно, хIинца цара Херсонан кIоштехь тIамера юхабуьйлучу оьрсийн салтешца къийсам латтор бу.

Цунах лаьцна дуьйцу "Агентство", Николаеван кIоштан тIеман администрацина тIе а тевжаш. ГIирсо тIетуху, тIамна таллам бечу Институтехь (ISW) билгалдаьккхина, оцу дIахьедарийн бакъ хилар талла йиш яц, амма хьалхо украинхойн лерринчу сервисаша бовзийтинчу хаамашца догIуш ду уьш.

  • Зазадоккху-баттахь Бородянка гIалахь кадыровхоша Беларуси дехьаваккха кечвина хиллачу Забайкальскан кIоштан Борзя эвлахь куп тоьхначу 36-чу лерринчу мотострелкован бригадин 12 эскархочунна тоьпаш тоьхна, аьлла хаам бира украинхойн журналистан Цаплиенко Андрейс Украинин къайлахчу сервисийн коьртчу урхаллин тIе а тевжаш. Бригадин буьйранчаллас официалехь харцбо и хаамаш.
  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина зазадокхзу-баттахь тIечIагIдира, нохчийн дакъойх заградотрядех санна пайдаоьцуш хиларх. Цо дийцарехь, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецабо кадыровхоша.
  • Охан-бутт бовш Украинан тIеман министралло хаамбира, оьрсийн эскарша гоне ерзийначу Украинерчу Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь вовшашна тIе герзаш деттарх Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Украинхойн агIоно бахарехь, дов даларан бахьанаш дара буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар" а, лачкъийнарг нийса йоькъуш яцар а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG