ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровн а, ЭрдогIанан а дуьхьа" ша вуьйр ву аьлла, кхерамаш тесна Парижехь дешархочо лицейн директорна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Терроризм къобалъярна а, доларчу лицейн директорна а, цуьнан йоIана а кхерамаш тийсарна лаьцна Парижехь, хьалхо оцу доьшийлера дIаваьккхина дешархо. ФранцхойнLe Point журналан сайтехь бечу хаамца, кхерамаш тийса волавеллера иза кху шеран Стигалкъекъа-беттан юьххьера схьа дуьйна. ХIетахь лицейн Фейсбукерчу аккаунтехь жимчу стага яздинера "Пати Самюэльна санна директорна урс хьакха" лууш ву ша аьлла. Шо хьалха корта баьккхира школерчу хьехархочун Пати Самюэлан Нохчийчуьра схьаваьллачу Анзоров IабдуллахIа.

Ша "Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Туркойчоьнан президентан ЭрдогIан Реджепан а дуьхьа" лелаш ву аьлла, дIахьедина хилла дешархочо. Кхерамаш тийсаран бахьана хилла – оцу лицейра иза дIаваккхар – шен аьтто бохарна директор бехкевина цо.

Директорца къамел хиллачул тIаьхьа, жимчу кIанта къинтIера ваьккхинера иза, амма шинарин дийнахь шена вевзачу кIанте дийцина хилла цо, билггал лицейн директор вен дагахь ву ша аьлла, шен Франицно делла кехаташ а этIийнера цо.

Полицин информацица, иштта дIакхайкхийна хилла цо, "Франци, Малхбузе, Европа а бIаьргаян ца еза" шена, цундела школан кертара францхойн байракх а ягон дагахь ву ша аьлла.

Цуьнан электронан почта яьстича, карийна директоран йоIе цо кхехьийтина кехаташ а, царна тIехь а кхерамаш туьйсу цо, ша иза хьийза йина, юьйр ю аьлла.

Схьаваьлла меттиг хоуьйтуш боцу дешархо лаьцна ву, кеста кхела хьалха хIоттор ву иза.

  • 47 шо долу историн а, георграфин а хьехархо Пати Самюэл вийра стохка ГIадужу-баттахь. Зулам дарна бехкевира Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийра лоцучу муьрехь полисхоша. Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккхура прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.
  • Францин резидента Эмануэль Макрона Патин тезетахь дIахьедира, ислам-динехь кризис ю, кхойкхура Францин бахархой радикалан кепе йирзинчу исламан экстремизманна дуьхьалхIитта. Макрона динчу дIахьедаро эргIад бахийтира Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхийн Iедалхой. Туркойчоьнан президенто ЭрдогIана "психикана дарба де" аьлла, хьийхира Макронна.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГIадужу-беттан 27-чохь элира, Францин президент Макрон Эммануэль "ша ву хIинца терррорхочух дIатарлуш", ткъа мехкан муфтийс тиллина Макронна "№I террорхо" цIе.
  • Нохчийн парламентан спикера Даудов Мохьмада дIахьедира, Францехь историн хьехархо Пати Сэмюэль вийна нохчо Анзоров IабдуллахI "жихIадехь велла" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG