ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн "аьтту куьг" а, "ДНР-н" векал а. Муьлш бу Пачхьалкхан Думехь къилберчу регионашкара


Делимханов Адам

ГIадужу-беттан 12-чохь керлачу Пачхьалкхан Думехь хиллачу кхеташонехь депутаташ бекъабелла 32 комитеташка – ялх комитет сов ю цигахь стохкачул. 450 депутатан бакъонаш формалехь цхьабосса елахь а, комитетийн куьйгалхочун а, цуьнан хьалхарчу гIовсан а даржаша аьтто бо лобби латто, политикан мах лакхаро бу оцу гIенташка ховшучийн.

Оьрсийчоьнан къилберчу декъан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара 70 гергга депутат ву керлачу Пачхьалкхан Думехь. 20 ву Краснодар-махкара (цкъа а ца хиллачул дукха), 13 – Ростов-махкара, 8 – Дагестанера, Кхарачой-Чергазийчуьра ву 2, цхьаъ бен вац ГIалгIайчуьра – "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхо, "Ингушнефть" компанин куьйгалхо Татриев Муслим. Регионашкарчу харжамхойн дукхалле хьаьжжина ду депутатийн терахьаш а.

Бакъду, депутаташ дукха белахь а, комитетийн куьйгалхошлахь вац цхьа а краснодархо я ростовхо, ткъа 6 депутат бен Думе хьажийна а боцчу Ставропол-махкара бу шина комитетан куьйгалхой: Тимофеева Ольга а, Казакова Ольга а.

Керланаш а, "патриархаш" а

Йозушйоцчу Пачхьалкхийн ДоттагIаллин (СНГ) гIуллакхашкахула а, Евразин интеграцин а, махкахошца уьйраш латточу а комитетехь кьуйгалхочун хьалхара гIоьнча хилла Донан гIалгIазакхийн эскаран экс-атаман Водолацкий Виктор кхаьчна оцу комитетан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан дарже.

Оццу комитетан куьйгалхочун шолгIачу гIовсан гIентахь висина цхьана мандатах лаьттачу Сочин харжаман гонехь тоьлла Затулин Константин. "Русский мир" айарца вевза, Испанехь бахамаш болу иза ву оцу даржехь 2003-гIачу шарера схьа.

"Цхьааллин Оьрсийчоьнан" праймериз йоьдуш Затулина арздира федералан цхьаьнатохаран комитете, шена депутатан гIант доладерзо новкъарло йо шен конкурента, ИТАР-ТАСС агенталлин инарла директор Iийначу, 80 шо долчу Игнатенко Виталийс, аьлла. Делахь а шегахьа ондда лобби а яьккхина, Затулинан аьтто белира ша шен партига хьалхататтийта а, харжамашкахь тола а.

Юьйцучу Йозушйоцчу Пачхьалкхийн ДоттагIаллин (СНГ) гIуллакхашкахула а, Евразин интеграцин а, махкахошца уьйраш латточу а комитетехь куьйгалхочун кхоалгIа гIовс висина Къилбаседа ХIирийчуьра коммунист Тайсаев Казбек.

Ростов-махкара кхин цхьа депутат а ву оццу комитетехь - "ДНР" шех олучу сепаратистийн гонан лидер лаьттина Бородай Александр ("Цхьааллин Оьрсийчоь") – Ростов-мехкан парламентан вице-спикерна Василенко Вячеславна догIу мандат кхаьчна цунна.

Бюджетан а, йолан а комитетехь куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан даржехь къахьоьгу Ремезков Александра. Хьалха "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах а лелла, хIинца шозлагIа "Нийсонан Оьрсийчоь – Бакъдолчуьнгахьа" партехула парламенте кхачийна иза, хаьржина Курган, Омск, Тюмень мехкашкарчу наха. Амма дуккха а шерашкахь Iийна Ремезков Краснодар-махкарчу губернаторан Ткачев Александран гIовс, хаамийн гIирсаша дийцарехь, лаккхара мах болуш бизнес ю цуьнан Краснодар-махкахь.

Оцу комитетехь куьйгалхочун гIовс ву хIинца Панеш Каплан – Адыгейн пачхьалкхан кхеташонехь либерал-демократийн фракцин лидер вара иза. Дуьххьара хаьржина "Майкоперчу йий дечу заводан" инарла директор Панеш парламенте.

Краснодарера коммунист, хьалха цуьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь Iийна Харитонов Николай шолгIа а хIоьттина депутат – амма вац иза цхьана а регионна тIеязвина. Цуьнгахь дисина Генара Малхбале а, Арктика а кхиоран комитетан куьйгалла. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин "патриарх" ала тарло Харитоновх: халкъо хаьржинчу ерриг а 8 парламентехь хан яьккхина цо, 1990-чу шарахь дуьйна ву цигахь. Оцу шерашкахь 1444-зза дина цо трибуни тIера къамелаш, 100 сов низам кечдеш дакъалаьцна.

Кхерамзаллин, коррупцина дуьхьалолатторан комитетехь куьйгалхочун хьалхара гIовс хIоттийна Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочунна Термезов Рашидна догIу мандат дIаэцна волу Старшинов Михаил. Юридикан Iилманийн кандидат волу иза ву Москвара вахархо, цхьа а уьйр йолуш вац шена депутталла совгIатдинчу республикаца. 2013 шарахь "Аргументы и Факты" газето дийхира оцу политике ша Iилманийн кандидат волуш яздина диссертаци довзийтар. Депутата доцца хадийра, долуш ду иза, аьлла, амма ца гайтира журналисташна.

Краснодар-мехкан Iаьржачу хIордан йистонан векалехь Напсо Юрийгахь дисина Думин пачхьалкхан гIишлош яран а, низамашкахула а йолчу комитетан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан дарж. Либерал-демократ Напсо вевза "БлогСочи" порталан директор Валов Александр 2018 шарахь набахте хьажавайтарца, цунна 400 эзар сом гIуда тохийтарца а – шегара Валовс кхаъ бехна, бохура цо. Блогер вевзаш вара Сочерчу Iедална критика ярца, тIе ца ийцира цо шена бехк, кхеле ша политка бахьанехь оьзна, чIагIдора.

Къилбаседа ХIирийчуьра Макиев Зураб ("Цхьааллин Оьрсийчоь"), ву жимчу а, юккъерчу а бараман бизнесан комитетехь куьйглахочун гIовс. Изза ву могашалла Iалашъяран комитетехь Iедалан партехула депутат ваьлла ГIалмакхойчуьра лор Башанкаева Бадмы. Ростовра Дерябкин Виктор хIоттина транспортехула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовс. Туризман комитетан куьйгалхочун гIовс ю Краснодар-махкара депутат Костенко Наталья (иза хаьлха гражданан юкъаралла кхиоран комитетехь яра куьйгалхочун гIовс). Спортан комитетехь гIовс хIоьттина Таганрогера паралимпахо Бурлаков Сергей. Спортан комитетехь куьйгалхоун хьалхара гIовс хIоттийна Краснодар-макара боксер Пирог Дмитрий – хьалхарчу парламентехь могIара декъашхо вара иза оццу комитетехь.

Хьалха дешаран а, Iилманийн а комитетехь куьйгалхочун гIовс лаьттина Ростов-махкара Тутова Лариса могIара декъашхо ю кху парламентехь. Лаамехь эскаршкахь гIуллакх дан луучу мехкаршна дуьхьалоярца билгалъелира иза хьалхарчу парламентехь.

Дагестанхой-депутатех виъ (царех цхьаберш формалехь кхечу регионашкара ларало) кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьало латторан а комитете кхаьчна. Бакъду, могIархой санна. Царалахь ву "Молуш йоцу Оьрсийчоьнан" лидер Хамзаев Бийсултан, инарла Гаджиев Iабдулхьаьким, сенаторан Керимов Сулейманан гергара стаг Гаджиев Руслан (хаьржина иза Татарстанехь), "Оьрсийчоьнан Цхьаалла" партин фракцин куьйгалхо, Дагестанан экс-куьйгалхо Васильев Владимир.

Тийна Iен Кавказ

Пачхьалкхан Думин Кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьало латторан а комитетехь могIара декъашхо ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах юха а депутатан мандат кхаьчна волу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "уггаре тешаме стаг", цуьнца геннара гергарло долу Делимханов Адам.

"Сан уггаре гергара доттагI. Вешел а уллера волу стаг. Сан массо а вежаршна, церан берашна, сан массо а гергарчарна веза иза, уьш массо а бу тIамехь. Иза лаьмнашкахь тIом беш ву хIинца. Пачхьалкхан Думехь Нохчийчоьнан цIарах депутат воллушехь, лаьмнашкахь тIемаш беш ву иза", – иштта мах хадийра цуьнан Кадыровс 2009 шарахь, иза ву, бохура, шегара хенан йохалла дарж караоьцундерг.

Делимханов вевза парламентехь цкъеллиг цкъа шегарчу балхаца доьзна кхул хьалхарчу Думехь дош аьлла вацарца а, цхьана дийнахь, болх боьдуш, депутатах Журавлев Алексейх леташ, хаьнтIера шен "дашо тапча йожорца" а. Формалехь доцуш Делимхановна кхачийна кхечу регионашкахь беха нохчий "нисбар", цаьрца йозу конфликташ листар. Цо ша "луьстур ду" бехира, масала, Москвахь Навальныйгахьа хIоттийначу митингехь ницкъхойх леттачу студентан Джумаев Сайд-Мухьаммадан гIулакх, цо довдира кхечу республикашкарчу къаьмнийн векалшца юкъарло лелорна нохчийн йоI "кхетамчу ялош" хьийзинчу кегийрхошна. Европан мехкаша а, Америко а кхайкхийначу санкцийн тептарахь ву Делимханов.

Нохчийчоьнан цIарах шозлагIа ву Пачхьалкхан Думехь Саралиев Шамсаил а. Хьалха иза информацин политикан комитетан куьйгалхочун хьалхара гIовс вара, хIинца – дуьненаюкъарчу гIуллакхийн комитетехь ву куьйгалхочун хьалхара гIовс. Парламентан балхахь тIех дукха дакъалаьцна вац иза а – 2011 шарера схьа цо дакъа лоцуш кечйина низамийн 40 проект, 17-зза бен ца дина цо депутаташна хьалха къамел. Цо тIаьххьара дош эцна вистхила 2020 шеран юьххьехь, цул хьалха ши шо делира Саралиевс Думехь къамел данза.

Авторитетах дозий дерриг а?

Харжамийн №67 гонехь (Минеральные Воды) хаьржина йолу Казакова Ольга хIоттийна дешаран комитетан коьрте – кхул хьалха шозза депутат лаьттачу муьрехь доьзалийн, зударийн гIуллакхашкахула а, культуран а комитеташкахь яра и "Цхьааллин Оьрсийчоь" партера депутат. Гражданан юкъаралла кхиоран, юкъараллин, динан гIуллакхийн комитетан коьрте хIоьттина кхин а цхьа Ставропол-махкара депутат – Тимофеева Ольга. Лахъяр ду цунна оцу дарже хIоттор. Иза вице-спикер яра хьалха. Цуьнан гIовс къастийна 31 шо долу дагестанхо Бичаев Артем.

Гарехь, "‎комитетан куьйгалхо” дарж дац коьртаниг‎, комитето луьсту гIуллакхаш ду

"Оьрсийчоьнан маршонан а, нийсонан а партин" лидера, вевзаш волчу журналиста Шевченко Максима кху аьхка дагадаийтира Тимофеевас 2012 шарахь мехкаршна пачхьалкхехь хьиджабаш а, корталеш а лелор дехка деза баьхна хилар. Оцу бахьаница зудчо арз дахьийтира Шевченконна Талламан комитете.

Журналиста карладаьккхира Арашуков Рауф шен хенахь Тимофеевас хестийна хилар. Амма оцу деррригено а новкъарло ца йо лаккхарчу балхахь йиса "Оьрсийчоьнан Цхьаало" депутатан меттиг беллачунна Ставрополерчу функционерна.

Казакова Ольгин комитетехь гIовсан меттиг кхаьчна школин директор Iийначу, хIинца депутат волчу, велча Оьрсийчоьнан турпалхо винчу дагестанхочун дена Нурбагандов Нурбагандна.

Туризман комитет караелла 39 шо долчу КВН-ловзархочуьнга Тарбаев Санхьаьжига - "Керла нах" партино кхачийна иза дарже.

"Гарехь, "‎комитетан куьйгалхо” дарж дац коьртаниг‎, комитето луьсту гIуллакхаш ду. Масала, дуьненаюкъарчу зIенийн, низамашкахула йолу комитет лакхара лара еза дешаран а. туризман а комитеташна хьалха", – билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица шен хиллачу къамелехь политолога Грабовец Ольгас.

"Лаккхара мах болу комитет" караяларо гойту депутатан мах шен партина хьалха а, Iедалан структурашна хьалха а. Шайга доладан еллачу комитеташкара даржаш партийн куьйгалхоша ма доькъий дIаса", - элира эксперта.

Керлачу Пачхьалкхан Думехь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партерчу депутатийн карахь яц 17 комитет бен, кхечу партешкара бу 15 комитетан куьйгалхой.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG