ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн амбицеш. Стенна оьшу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Оьрсийчоьнан арахьарчу политикехь дакъалаца?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

2022-чу шеран гIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана китайхойн, Iарбойн, ингалсан а меттанашкахь кхайкхам беш видео зорбане хIоттийра, НАТО-на дуьхьалдовла вовшахкхета аьлла, бусулбанашка.

Бусулба дин лелочеран культурина а, ламасташна а бIостане йолу мехаллашна пропаганда йеш лела Къилбаседа Атлантикан альянс "дуккхаъчу тIеман конфликтийн бахьана" ду элира цо. Оцу юкъанна ца хьахадо цо Оьрсийчоьно тIаьххьарчу ткъе итт шарахь нах хьийзош, адамаш дойуш, иштта эзарнаш бусулбанаш а цхьаьна, лелийначух лаьцна: шен Нохчийчохь хилла ши тIом, 2008-чу шарахь Гуьржийчоьнан дозана тIехь хилла конфликт, ГIирмина аннекси йар, 2022-чу шарахь Украинана чугIортар.

Китайхойн маттахь бинчу кхайкхамехь Кадыровс ца хьахийна, Китайн урхалла дечу партино оцу пачхьалкхерчу бахархошна тIехь – уйгурашна- лело харцо, уьш хьийзор.

Цхьана а пачхьалкхан куьйгалхочо йа бусулбачу юкъараллин лидерша Кадыровн кхайкхамна официалехь йина терго йац. Кремло а комментарий йина йац видеон хьокъехь.

Кадыров арахьарчу политикана юкъагIертаран тергойира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Масала, 2020-чу шеран гIадужу -баттахь, Францин президент Макрон Эммануэль "терроризм иракарахӀотторг" ву аьллачул тIаьхьа, Кремлан векало дIахаийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, "субъектийн урхалхоша арахьара политика лелош йац, цхьана а кепара сацамаш тIеоьцуш бац" аьлла. Цунна жоп лучу Кадыровс дIахаьедира, ша "Оьрсийчоьнан хьаькам санна вистхуьлуш вацара Макроне, бусулба стаг санна луьйш вара" аьлла.

2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Израилан Iедалхошка Палестинехь динчунна гечдар деха аьлла, тIедожийча Песковс юха а дагадаийтира, Оьрсийчохь арахьара политика лелориг мила ву.

2021-ра шо довш Кадыровс критика йира туркойн президентана ЭрдогIан Реджепна, Кёрфез гIаларчу паркана Ичкерин хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран цIе тилларна. ХIетахь Кадыровн дIахьедаран тIаьхьало мел а кIадйан гIоьртира Песков, "чIогIа, чIогIа эмоционале, амма кхета мегар долуш ю, масех тIамах чекхваьллачу Оьрсийочьнан регионан куьйгалхочун реакци" аьлла.

2022-чу шеран дечкен-баттахь, тIамца чугIортале хьалха, Оьрсийчоьнан президентан метта ша хилча, цунна хетарехь, "США-но лелош" йолу "Украина тоххара схьайаьккхина" хир йара аьлла Кадыровс дIахьедича, Песков юха а вистхилира политике, оцу кепара аларш цуьнан компетенцехь дац аьлла. ТIаккха юха а бехказавийла гIоьртира Нохчийчоьнан куьйгалхо, субъектан урхалхочо санна дина дацара ша и дIахьедар бохуш.

Стохка аьхка Кадыровс критика йира коллективан кхерамзаллин Бертан Организацин декъашхошна-пачхьалкхашна, Украинера тIом бахьанехь "тапъаьлла" Iарна, Оьрсийчоьно Казахстанна цигахь протесташ йолуш гIодар дага а доуьйтуш. ХIетахь казахийн журналисташа а, блогерша а шога тергойира Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнийн, цул тIаьхьа Кадыров юха а декхаре хилира кIелхьарвийла.

Мехкан урхалхочунна гатто ю регионалан гIентахь, Кадыровна шен Iаткъамбан шоралла оьшура, аьлла хета нохчийн бакъонашларйархочунна Д.Адамна, шен цIа хьулйан лиира цунна.

"Кадыровн "малхбузенна дуьхьал" йолчу рогIерчу пассажан коьрта идей ю – денна шайн муьтIахьалла а, Оьрсийчоьнан президентан лартIахь йоцчу политикана шаьш тешаме хилар а дIагайта оьшучу Путинна муьтIахь болчу нехан хьалхарчу могIарехь хила лаар. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо чуьра а вуьлуш до и, Володинан дешнаш кхечу кепехь аьлча: Путин вуй – Кадыров а хир ву, Путин хир ваций- хир вац Кадыров а", - аьлла хета Кавказ.Реалиица къамелдинчунна.

Путинца уллора уьйраш хилар бахьана долуш, Кадыровна магош ду, Оьрсийчоьнан субъектийн кхинболчу лидершна магош доцург а, тIетов Карловн университетан политологин факультетан профессор Аслан Эмиль.

"Кху заманан Оьрсийчохь чIогIа мехала ю, дукха хьолахь меттигера а, федералан а политика билгалйоккху, формалехь йоцу уьйраш. Цул совнах, 2000-чу шерийн юьххьехь Нохчийчоьнан муфтий лаьттинчу Кадыров Ахьмадан доьзал Путинан ражо гойту Оьрсийчохь динашна юкъахь собаре хиларан масал санна", - чIагIдо эксперто.

Политологан дешнашца, мехкан куьйгалхо масийттаза вистхилира меттигерчу бусулбанашна хьалха, Оьрсийчоьнан антиколониалан а, ламастийн а интересаш хьалхататтархьама: "Нохчийчуьра а, Шемара а, кхечу пачхьалкхашкара а бусулбанашца Оьрсийчохь лелош шогалла йоллушехь, оцу тактикех тешна Гекргарчу Малхбалехь а, Африкехь а, малхбузенна дуьхьал ницкъе дог-ойла а, Советан ностальги а хилар бахьана долуш".

РогIера Кадыровн дIахьедаршкара цхьа тIаьхье хир ю аьлла, сатуьйсийла дац, тешна ву талламчийн "Стратегин анализан Центр", "Юккъерчу Азин Институт" а цIераш йолчу йозуш йоцчу организацийн эксперто, Кавказ толлучу Баранец Томаша. ХIетте а, билгалдоккху цо, кхечу Къилбаседа Кавказан субъектийн куьйгалхойн тамаш бу оцу кепара дIахьедарш дан йиш йелахь аьлла.

"Кадыровн дешнаш – цуьнан амбицийн гайтам бен бац. Регионан куьйгалхо хуьлучул а, кхин а цхьана доккхачу даржехь го цунна ша, лиъна цунна шен коллегашна-губернаторшна рогIера дIагайта, шен позицеш церачул а дуккха а дика юйла, Iедалан ирхонехь ша мел а пайдечу хьолехь вуйла а", - боху Баранец Томаша.

***

The Wall Street Journal-н хаамашца, Украине чугIортале хьалха Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIедиллира Кадыровна Киевера Iедалхойн гIишлош дIалеца, Украинан президент Зеленский Владимир а ве аьлла. Цуьнан метта кадыровхойн могIаршкахь баккхий эшамаш хилира Киевн кIоштахь.

Кремло тергамза йитира Украинан президент лоцуш, цуьнга хеттарш деш, Кадыровс пачхьалкхан куьйгалхочух лаьцна, иза клоун ву а бохуш, байташ йоьшуш яьхна сийсазе роликаш.

Укрианхойн бакъоларйаран органаша лаца кхайкхийна Кадыров. Пачхьалкхан кхерамзаллин Сервисан хаамашца, Кадыровс ша куьйгалла дина Нохчийчуьра дакъоша къаьстина тIеман операциш дIахьочу хенахь, "буьйраш деш, церан куьйгалхойн жамIашка ладоьгIуш". СБУ-н зерашца, Кадыровна муьтIахь долу дакъош бехке ду Украинехь маьрша нах байарна, Оьрсийчоьно оккупаци йинчу заманчохь.

Кадыровхошлахь билггал маса стаг вийна хууш дац- Нохчийчоьнан Iедалхоша хоуьйтуш дац цунах лаьцна. Кавказ.Реалиин лараршца а догIуш, дечкен-беттан 9-чу дийнахь мел кIезиг а 168 Нохчийчуьра эскархо вийна. Билггал долу терахьаш кхин а лакхара хила тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG