Нохчийн урхаллин декъашхошца цхьанакхетар хилча республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана даржашкахь хиллачу хийцамех лаьцна хаам бира. Культуран, туризман, кегийрхойн, спортан министраллийн гIуллакхашна тIехь Iуналла даран вице-премьеран керла дарж юкъадаьккхина цо. 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна спортан министр лаьттина волу Дадаев Муса хIоттийна цига. 2002-чу шарахь дуьйна Кадыровн накъост ву иза.
Физическан культуран а, спортан а министран мукъадаьлла дарж Эдилов Валида дIалаьцна, цул хьалха республикан куьйгалхочун секретариатан куьйгалхо болх бина цо кхаа баттахь. Нохчийн премьер-министран гIовс Эдилов Валидан ваша – Эдилов Iабдул-Керим ву. Ший а спортхо ву, Кадыровн берашна спортан летарш дан Iамийна цара.
Республикан куьйгалхочун секретариатан куьйгалхочун гIовс Кадырова Хутмат хIоттийна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхоалгIа йоI.
- Кавказ.Реалиино масийттаза яздира, низамаш кхолларан а, кхочушдаран а Iедалехь лаккхара даржаш дIалецнарш Кадыров Рамзанан гергарнаш, юьртахой а хилар. Дайначу шарахь дуьйна оцу тайпа даржаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхиъначу берашка а кхийдадора.
- 2017-чу шеран ГIуран-баттахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн Министралло санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Урхалло бехкевира иза кхелан сацам а боцуш нах байъарна, Iазапехь латторна а, кхинйолу адамийн бакъонаш хьешарна. Санкцийн тептаре баьхна Кадыровн гонера кхин а хьаькамаш а, нуьцкъахой а.
- ТIаьххьара Кадыровна дуьхьал дозанаш диттира Японино – Оьрсийчоьнан Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалацарна.