ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн дин: Iазап хьегна хьуьжаран хьехархо Нохчийчуьра ведда


Эльмурзаев IабдуллахI

Мисарахь динан Iилма карадерзийначул тIаьхьа Нохчийчохь хьуьжарехь бутт ца кхоччуш хьехархочун болх бан ларийра Соьлжа-ГIалара вахархо Эльмурзаев IабдуллахI – цуьнан болх юкъахбаьккхира экстремизмна дуьхьало латточу Центро (ЦПЭ). Масех кIиранах латтийра Эльмурзаев шайн декъехь, Францино Оьрсийчоьне дIавеллачу, цул тIаьхьа СИЗО-хь кхелхинчу 19 шо долчу нохчочунна Мурадов Даудна тIехь доцург кхолла бохуш, ницкъбинера цунна (кхуьнан телефон чохь йозанаш гучудевллера Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна луьйш).

Цара "боххучу хенахь" вешин кIант ша тIевалор ву аьлла, дош делла деваша юкъа а хIоьттина, маьршаваьккхира Эльмурзаев. Амма хьехархо лаьттинарг оцу сохьта дIавахара махкара. Карарчу хенахь Туркойчохь вехаш ву иза, ши бутт хьалха ютюбехь схьайиллина канал а лелош, цу тIехь цо харцдо Нохчийчуьрчу официалан динан дайша ден дIахьедарш. Медийхь цо жигаралла дIа ма-йоллий, республикехь беха цуьнан гергарнаш хьийзон болийра.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Эльмурзаев АбдуллахIа дийцира, кадыровхой шена тIаьхьабовларх а, иштта шена хетарг дийцира Нохчийчохь «магийначу» цхьаъ бен доцчу динан гарех а, массарна а хууш иза лело дуьхьалболчарех хьулучух.

– АбдуллахI, Кадыровн ражна диллина дуьхьал болчийн гергарнаш кест-кеста жоьпе ийзабо нохчийн Iедалхоша. ХIетте а, и гIулч яккхина ахь. ХIунда?

– Сайна луург лоьхуш вацара со, бакъонан дош ала волавеллера со, Далла гергахь сайн декхар кхочушдеш. Оцу зуламхошна тусалой, хьо шайх озавеллий, цара шайн Iаткъам кхин а тIе а чIагIбийр бу. Иштта кIезигчу нахах пайдаэца дезаш хуьлу-кх, дуккхаъчарна цунах пайда балийтархьама.

Цул тIаьхьа тIаьхьалонаш мухха хилахь а, бен дац. Сайн ма-хуьллу гIиртира со пайденна а, зенна а юкъара баланс латто. Вай кхеташ хила деза, вайн дин цкъа а ца хилла, йа хир а дац вайн дахарехь атта дакъа. Гергарчарна а, гонаха болчарна а кхачочу сингаттамаша хьуна тапъаьлла Iен бакъо луш хилча, Дала нийсонан дош алар тIедожийна хилча, вайн дин дайна хир дара. Далла массарначул а дика хаьа.

– Хьан гергарчу нахах хьанна тIебаханера ницкъахой?

– Шахидов Адам (Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча, Iеламстаг. Украинера тIамехьа вистхилира иза, пайхамаран хьадисашца къамел тIе а чIагIдеш. – Редакцин билгалдаккхар.) хьадисех харц кхетийна хилар дIахьедеш, ас видео дIаязйинчул тIаьхьа, сан нана а, ши ваша а тIекхайкхинера ЦПЭ, тоххара сан гIуллакх луьстуш хиллачу белхахоша. Дуьххьара хьехнера царна, массарна а гергахь со шайх дIахадаве, массо а агIор бехкаш а дохуш аьлла, тIаьхьо аьллачух тера дара, со дIасацаве.

– Хьайн доьзалца уьйраш юй хьан хIинца?

– Видео зорбане яьккхинчул тIаьхьа ас хадийра цаьрца йолу зIе, царна зен доцург, цунах дика болх хир боцийла а хууш. Иштта ас сацамбина, айса дендолчух ца дийца а, кхин тIе а цаьрга Iаткъам ца байта.

"Дийна аравер вуй иза?» аьлла, шайга хаьттича – сан гергарчарна жоп деллера: "Ца хаьа"

– Стенгара, мича бахьанашца дIавигира хьо ницкъахоша?

– Дахначу шеран Лахьан-беттан 23-чохь дара иза. Со хьуьжарехь вара, керла тобане нах дIаоьцуш хиларх лаьцна видео дIаязъян кечлуш вара со, могIарерчу нехан духар доьхна ши стаг неIаре веача. Хьиджама яйта баьхкина клиенташ бу аьлла, хетта со царна дуьхьал вахара – оцу процедурина кабинет яра сан.

Хьалхарчу "хьешо" цхьа а хIума дага ца тесира суна, амма шозлагIчуьнга хьаьжча, со кхийтира, уьш белхахой [ницкъаллин структурера] хиларх. Соьга цхьа ши хаттар дан декъе дIаван веза аьлла, дIахьедира цара. Нах муха сецабо цара хууш волчу ас дуьхьало ца йира – сан лечкъо а, кхера а хIума дацара. Соьлжа-ГIаларчу ЦПЭ-н ши белхахо вара и шиъ – Ислам а, Адам а, фамилеш суна ца хаьа церан.

ДIа ладоьгIча, цара лачкъийначо [Мурадов Дауда] сан цIе яьккхина хилла царна – хьеннан яккхий а, цIе яккха аьлла хиллера цуьнга. Бакъо йоцуш вовшахкхеттачу тобанех дIакхета гIортарна бехкево со элира белхахоша. Ма-дарра аьлча, Бютукаев [Асланан] тобанех. Кхин тIе а бехкевора, теракташ кечдеш ас гIо дина, лелхийтарш дайта меттигех хаамаш дIакхачош хилла аьлла.

Вежарша хьехнера, лазош вацахь а, чIогIа мохь хьекха беза аьлла

Суна бехке дохку хIуманаш Iаламат даккхий дара, сан гергарчара дуьххьара белхахошка хаьттинарг дара: "Дийна аравер мукъна а вуй иза?" Царна жоп деллера: "Ца хаьа".

Оцу сохьа хеттарш долийра? "1АДАТ тоба евзий хьуна?", "Тумсо [Абдурхаманов] вевзий?" (оппозицин нохчийн болам а, Кадыровн ражна дуьхьал волу блогер а.- Редакцин билгалдаккхар.). Сан синтем бан болийра. Цул тIаьхьа сан цIе яьккхинчу кIантах лаьцна хеттарш долийра, вевзий суна иза, мел хан ю вевза, хоьттура.

Ас дуьхьалонца жоьпаш дала долийча, со лаьтта охьа а виллина, ток йеттийта буьйлабелира суна. ТIехьара лаца а лаьцна, куьгийн пIелгех мIерий а тийсина, дерриг а шайна схьадийца бохуш, тIедожийра. Сайн дийца хIума дац элира ас, тIаккха дIадоладелира…

Сан дегIахула пхоьазлагIа ток тIетесначул тIаьхьа со кхийтира, дуьхьало ярх сайн хIуммаъ а нислур доцийла. Цара "тIекхухкург" тIелаца волавелира, оцу тIехь кхин нах бехкехилар тIе а ца дуьтуш. Цул тIаьхьа паргIат витира со, пIелг ца Iуттура.

– Оцу декъахь мел хан яьккхира ахь?

– Со цигахь Iийна 33 дийнахь. "Айкхцавалар" аьллачу Iедалан къепехь кехаташ хIиттор ду шаьш, бакъонца доцург цхьаъ дан гIерташ вуйла хаьара сан цIеяьккхинарг аьлла, цул тIаьхьа со дIахийцира. Цунна дуьхьал теш хилла, вистхила везаш вара со, ишта а гIад дайна долу цуьнан хьал кхин тIе чIагIдеш – и ца дархьама, со дIавахара. Делан къинхетам бу, соьгара арахьара паспорт схьадаккха царна дагадеана ца хилла. Цул тIаьхьа цхьаммо ямартлонна бехкевира со, амма итт шарна набахте гIойла дацара сан. Суна ницкъбеш, соьга хиттинчу кхечу вежаршна тешнабехк бан ца лаьара. Цкъа шайн куьйгех бехвелларг цIанвала ца вуьту цара.

Цу тIе, хууш дара, Мурадов набахте а хьажийна, уьш [ницкъахой] суна тIеберза дагахь хиллера. Цундела, со лацарх кехаташ хIиттийра, цул тIаьхьа дIасавалар дехка Iалашонца. Амма набахте воьдучу меттана а, Дала къинхетам бойла цунах, оцу йовсарийн карах валар нисделира Мурадов Даудан. СИЗО хьажийнера иза.

– Цунна дIавш делла, иза вийна бохуш, дIахьедо Мурадовн гергарчара а цхьана. Билггал цунах лаьцна хууш дуй?

– Бакъболчу хаамца хууш ду суна, амма церан цIераш яха йиш яц сан.

Со тапъаьлла Iачу хенахь, гергарчийн проблемаш ца хуьлу, со къамелдан вола ма-велли – дIаюьйлало

– Тоххара хьуна вевзаш варий Мурадов Дауд?

– Со хьехархо санна вевзара цунна, сих-сиха хеттарш дора цо динах лаьцна, амма суна ша ца вевзара иза. Суна хууш дерг, Францино Мурадовна экстрадици яр Оьрсийчу, Москва схьа ма-кхаччара, ФСБ-но хьуьнха а вигина, къиза ток йеттийтинера цунна, йиттинера, верзина ваьккхина, диттах дIа а вихкина. Цхьадолчу цара лелийначу къизачу хIуманех дица а эхь хета суна. Цхьа хан яьлча Нохчийчу СИЗО дехьаваьккхира иза, Старопромыслан кIоштара (карарчу хенахь Висаитовн. – Редакцин билгалдаккхар.). РОВД-хь юха а ца лалучу агIор бала хьегийтира цуьнга. Хетарехь, цигахь дезна цуьнан сан цIе яккха – шолгIачу дийнахь лачкъийра со а.

– Девешас кехат яздина дIахийцира хьо. Хьо пачхьалкхера дIавахначул тIаьхьа хьовзам хилирий цунна?

– ХIаъ, дера хилира. Оцу сохьта тIекхайкхина, Iаткъам бинера, со схьавалаве бохуш. ХIинца хIора бахьана мел хIутту, тIекхуьйкху иза, хеттарш до цуьнга. Со тапъаьлла Iачу хенахь, гергарчийн проблемаш ца хуьлу, со къамелдан вола ма-велли, оцу минотанна тIекхуьйкху.

Со полисхойн декъера араваьккхира, ницкъахоша сох къинхетам бина а бохуш, ма-дарра аьлча, цунна тIехьа цхьа доккха хIилла дара, Далла а, царна а бен хаа йиш йоцу. Уффай, уьш вайна бевзаш бацахьара!

– Хьуьжарехь хьеха маца волавеллера хьо?

– Со лоцучу хенахь ас хьоьху хьалхара бутт бар-кх, цул хьалха кхечу меттигашкахь белхаш бина ву со, КъорIан нийса дешар а хьехна ас, ша КъорIан а. ТIейогIучу заманчохь Iарбойн мотт хьеха дагахь вара со, амма, Делан пурбанца, ца ларийра.

– ХIун аьлла хета хьуна, Нохчийчохь лело магийна цхьаъ бен доцу динан гара суфизм ду олийла дуй? Кхечу динан Iилманна тIаьхьабевлла леларш диллина мехкан Iедалхоша экстремизмна а, терроризмна а бехкебо аьлла, сурт хIуьтту.

Путина магийначу исламца догIуш мел доцург дихкина ду

– ХIокху пачхьалкхехь суфизм интересе ю, хIунда аьлча, муьлххачу а Iедална уггар а муьтIахь долчех ду и гара. Цхьана Нохчийчохь хилла а ца Iа иштта. Суфизмо шена чохь гулдина, Iедална муьтIахь хила кхайкхамбен аяташ а, хьадисаш а. Шайна ма-хеттара "хьийзадо" [Iедалхоша] уьш, баккъал стаг теша а веш.

– Нохчийчохь воллушехь, массарна а хезаш, хьоьхура ахь хьайн хьежамаш?

– Нахана а хезаш, сайна хетачух ас ца дуьйцура дера, кхоьрура, кхин дIа а Мисара сайн Iилма Iамо юхаверза бакъонах ваккхарна. Делахь а, сан цкъа а ца дезна уьш лечкъо, нагахь санна, соьга хеттарш дахь. Масала, ас лардора тIехуларчу хотIца а, духарца а низамаш. АллахIа ларвора со, кхул хьалха сан хилла яц проблемаш.

– Ткъа хIун хила тарло, эр вай, "лар ца лучунна"?

– Путина магийначу исламца бIостане мел дерг дихкина ду, и дохадахь хьуна тIаьхьабевр бу. Нохчийчохь дихкинарг диллина дIа а олуш, лелашверг лачкъо тарло, цунна дуьхьал гIуллакх доло а, цунна тIехь къизаллаш лело а, иза вен а тарло.

– Шайна кхерам го-кх Iедалхошна динан кхиндолу гаранаш довза луучаьргахь?

– ХIаъ, и коьрта фактор ю. Царна муьтIахь а волуш, тапъаьлла хьо Iахь, хьоьга хеттарш хир дац церан.

***

Кавказ.Реалиица къамелдинчара хьалхо билгалдоккхура, нохчийн дахаран йоллу аспекташ шайн куьйгакIел ерзон гIерта Нохчийчоьнан Iедалхой, церан тIехулара хотIера дIа, социалан машанашкарчу леларе кхаччалц.

"Оцу рожна Iуналла дан лаьа нохчийн дахаран ерриг а агIонна, шайна юкъахь духар лелор а, зуда ялийча адамийн лелар а, наха вовше дуьйцург а, социалан машанашкахь нохчийн лелар а долуш. Социалан машанаш доза доцуш хиларна, ткъа даймахкал арахьа бехаш бIеннаш эзарнаш нохчий бу, диаспорна тIехь Iуналла дар вуно мехала хIума ду Кадыров Рамзанна", - бохура Европерчу нохчийн диаспоран дахар шен тидамехь латточу Сулейманов Эмиля.

Хьалхо Нохчийчоьнан парламентан спикеро шога критика йира, соцаиалан машанашкахь эфираш дIахьочу махкарчу кегийрхошна. Даудовс кхайкхамбира церан гергарчаьрга а, меттигерчу Iедалхойн векалшка а, «Тикток» а, «Биго Live» а сервисашкахь "даьса къамелаш" дечарна тIехь тергояр тIедожош. Нохчийн кегийрхойн лелар "товшдоцуш" лерира цо.

Нохчийчоьнан Iедалхоша тIаьххьарчу дуккхаъчу шерашкахь пайдаоьцу, "бехкалабахначаьрга" эхье видеош дIаязйойтучу практикех. Хьалхо хаамбира, Нохчийчоьнан вице-премьеро Умаров Джамбулата "тIехдика практика" ю аьлла, нахана хьалха дIа а хIоттйина, гечдар дехийтар, и практика йоллу Оьрсийчохь а яржон еза аьлла.

"Сийсазе гечдар доьхучу видеон" тергойина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино дуьненаюкъарчу динан маршонех 202I-чу шарахь хIоттийначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, Нохчийчуьрчу зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яхар.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG