ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадырова Iайшатан керла титулш а, цIера йедда нохчийн йоI а. КIиранан жамIаш


Кадырова Iайшат
Кадырова Iайшат

Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь йеттарна бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьал хиларх, Нохчийчохь хIусамехь гIело латторна йеддарг, Кадырова Iайшат –вице-премьер а, мехкан халкъан артист а йу. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 31-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

КъорIан дагорах гIуллакх а, Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь йеттар а

Нохчийчуьра талламан комитетан урхалло зуьйр ду лаьцна латточу Журавель Никитина йеттар. КъорIан дагийна цо аьлла, бехкевина лаьцна ву иза, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь цунна йиттира мехкан куьйгалхочун 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама. Меттигера полици дуьхьал хилира оцу хьокъехь бехкзуламан гIуллакх доло, Кадыровн кIентан шераш бахьана долуш.

Йиттина аьлла Соьлжа-ГIаларчу полицин номер 1 йолчу декъе дIахаийтира марсхьокху-беттан I8-чохь, аьлла ду Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин жоьпехь. Массарна а цунах лаьцна гIараделира цул а ши де хьалха марсхьокху-беттан I6-чохь - хIетахь Журавеля ша дийцина хиллера Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансуре.

Талламан комитето дIахьош болу процессуалан талламбар шаьш шайна тIелаьцна аьлла жоьпехь дIахьедира Нохчийчуьра прокуратуро. Оцу йукъанна цхьана кехата тIехь хьахийна вац мехкан урхалхочун кIант, цо лаьцначунна йиттина хиларх ша Кадыров Рамзана а бакъдиншехь - шен кIантах "дозалла до" ша аьлла, йеттачу хенахь дIайазйина видео йаржийра цо.

Карладоккху, 19 шо долу Журавель Никита – аннекси йинчу ГIирмера вахархо ву. Стигалкъекъа-баттахь иза лецира Волгоградера маьждига хьалха КъорIан дагийна аьлла. Цигахь йуург дIасакхоьхьуш болх беш вара иза. Талламан версица, Журавеля КъорIан дагийна хилла Украинан кзерамзаллин урхаллин тIедилларца, шена I0 эзар сом лур ду аьлча. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля бехк тIелаьцна, иштта ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш а вара аьлла цо. Билггал дуьйцург хIун ду, мича буха тIехь гIуллакх вовшахтоьхна, хууш дац, лаьцначо аьллачул совнах.

Кху кIиранах хиира, Журавель Никитин довхаттар Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштан кхеле дIакхачийна аьлла. "Медиазона" хьасто кхелан сайтана тIетевжина хаамбо, Журавельна бехкаш дахкарх делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а, динца болчу цабезамца харцахьа леларна а.

Оцу йукъанна, бехкбуьллуш бухе эцначу КъорIан дагош йаьккхинчу видео тIехь гуш ду, Волгоградера маьждигна генахь акци дIайаьхьна хилар.

ГIадужу-беттан 9-чохь хир йолуш йу кхелан хьалхара кхеташо. Журавель Никитин дов хоттур ду Кадыров Адама цунна йиттина аьлла, йоккха гIовгIа иккхина, пачхьалкхан структураша и тергамза дитинчу йуккъехула.

Кадыровн Адаман инстгарм дIакъевлина

КъорIан дагийна аьлла лаьцначу Волгорадера Журавель Никитина СИЗОхь йиттинчу Нохчийчоьнан урхалхочун I5 шо долчу кIентан Кадыров Адаман @kadyrov_dustum аккаунт дIакъевлина инстаграмо.

Хьалхо Кадыровс-жимахволчо шен агIоне хIиттийнера герз карахь суьрташ, ткъа Журавельна тIелеташ йаьккхина видео гIарайаьллачул тIаьхьа пост хIоттийнера цо: "Хьайна ма-ттов эладиташ дийца, соьца гамо хилийта, сох хьега, суна ле. Амма вайшинна хууш ма дуй, суна тIекхаьчча безамехь къежар ма ву хьо суна…".

Шен аккаунтана блок тохарх хаийтина ша Адама – шен керлачу агIонехь инстаграмо бинчу хааман скриншот хIоттийна цо, цу тIехь боху, I80 денна цуьнан агIо дIакъевлина шаьш, цо йукъараллин низамаш ца лардарна.

Кадыровн кIанта цкъачунна цхьа сурт бен хIоттийна дац - цу тIехь ши автомат йу цуьнан карахь, йаздина: "Цхьа гIулч хьалха".


Нохчийчохь хIусамехь гIело латторах йадар

Нохчийчохь доьзалехь ницкъбора шена аьлла, цIера йеддачу Мусаева Эльзас ша ма леха аьлла. ЦIера дIайахначу цо орца дехнера бакъоларйархошка, шен дахарна а, могушаллина а кхерам бу аьлла.

Жинаш лаьцнера, йа оцу кепара цхьана бахьанех со цIера йеддера бохург бакъ дац. Бахьана доккха дара, суна хетарехь, дуккха а нах кхета, денцIара цхьа а йоI йодур йац цхьа а бахьана доцуш, ткъа сан бахьана дара. Сан дахарх а, могушаллех а хьакхалун бахьанаш дара уьш. Кхин цкъа а дехар до аса, суна тIаьхьара довла. Со карарчу хенахь кхерамзаллехь йу, со паргIат йу".

Кху аьхка Эльза нуьцкъаша Нохчийчу дIайигира Башкирера, хаамбо "Марем" йукъаралло. Иза лачкъоран бахьана дара, шен дас а, девашас а кхерамаш тийсарх цо полицига дIахаийтар.


Бакъоларйархоша дIахьедо, цкъачунна цунах лаьцна ма-дарра дийца йиш йац шайн, амма кийча ду полицина тоьшаллаш дала, цунна билггал кхерам латтарх аьлла.

Мусаева Эльза Нохчийчуьра дIайахначул тIаьхьа иза лоьхуш хиларх гезгамашимн-беттан 29-чохь хаам баржийра байнарш лоьхучу "Лиза.Алерт" форумехь, ткъа де-буьйса даьллачул тIаьхьа лохучуьра дIайаьккхира иза.

Делахь а, Мусаева цIера йадарх информаци гучуйелира Iедалхошкахьа йолчу инстагрм-аккаунташкахь а, пабликашкахь а. Постехь йитинчу комментарешкахь йаздора йеддарг кхетам чохь хилла хир йац, жинаш чудоьлла хир ду цунна бохуш.

"Марем" боламо билгалдоккху, Мусаеван цхьана а кепара психикаца проблемаш йац, цIера ца йаьллачу денна йедда иза аьлла. ГIад дайначу хьолехь нисвелча, ша цхьаъ бен боцу некъ бу цIера вадар бохуш, дуьйцу доьзалехь ницкъбечарна гIо латточу "Насилию.нет" центран пиар-менеджеро Арнаутова Юлияс:

"Иштачу хьелашкахь гIолехь хир дара бакъонан гIо кхаьчча, амма вайн махкахь, цхьана Кавказан регионашкахь хилла ца Iаш, йоллу пачхьалкхехь а тIеэцна низам дац доьзалехь ницкъбарна дуьхьал. Цундела, нагахь санна, вайа туьйсуш кхерамаш белахь, цхьана а кепара зударий Iалашбан бакъонан гIирсаш боцуш бу. Нагахь ницкъбинехь, тоьхна-Iоьттина меттиг хилахь, иза административан низам дохор санна лоруш ду, пхи эзар сом гIуда охьадилличхьана, бехкалара волуьйту. ТIехула тIе иза а ду доьзалан ахчана тIера дIалуш оцу гIело латточо, цу доьзална эшам а беш.

Кавказан регионех дерг аьлча, цигарчу зударшна гIо дан къаьсттина хала хуьлу, цигахь шайтайпа лелаш низамаш хиларна. Масала, Нохчийчохь цхьа интересе хIума ду арахьарчу мехкашкахь лелачу паспорташца…Зудаберана паспорт ца доккху, церан чуьра божарех цхьаммо кехатца пурба ца деллехь. И бохург хIун ду, доьзалехь цунна тIехь латтош контроль йу, дегара-ненера бакъо йоцуш дозанал арайала йиш йац цуьнан, паспорт эца таро цахиларна".

Мусаева Эльзица хилларг – оцу кепара нислучу цхьа могIа цIера идарх ду. Кху аьхка бертаза Нохчийчу йухайигира Сулейманова Седа. Ша "сий лардеш" гергарчара йерна кхоьруш цIера арайаьлла хиллера иза. Ткъа гIелонах йедда Исмаилова Селима "Внуково" аэропортехь лаьцна, кадыровхошка дIайелира.

Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъбар кест-кеста хуьлуш хIума ду, билгалдоккху бакъоларйархоша. Полицино, даим санна, оцу кепара хилларг тергамза дуьту, йа мелхо а гIо до гIело латточарна.

Оцу йуккъехула Нохчийчохь "зударийн бакъонашкахула кхеташонан" декъашхой вовшахтоьхна. Цу йуккъера бархI декъашхошлахь цхьа зуда йу: регионан куьйгалхочун йоI Кадыроыа Iайшат.

Кадыровн йоI – вице-премьер а, халкъан артист а

Культурин министр, мехкан урхалхочун 24 шо долу йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат премьер министран гIовс хIоттийна регионехь. Социалан блоках цо жоп лур ду аьлла, дIахьедина цуьнан дас. Оцу дарже иза хIоттор – хила йиш йоцург ду олийла дац – регионехь коьрта даржаш дIалецнарг мехкан урхалхочун гергара нах а, цуьнан гонерчу нехан гергарнаш а бу.

Иштта Кадыровс шен йоIана Iайшатана Нохчийчоьнан халкъан артист цIе а йелла. Цунна совгIат дIалучу барамехь цо дIахьедина: цунах иллиалархо ца хилла дела совгIат дина ша аьлла. "И цIе мукъна а ло аса цунна", - элира Кадыровс.

Республикехь адамийн бакъонаш хьешарна а, Украинана дуьхьал болийначу тIамна тIетарна а Кадырова Iайшат, цуьнан да а, кхинболу цуьнан гергаран нах а санна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршкахь йазйина.

Махкахь культурин министр йара хIинццалц схьа Кадырова Iайшат. Оцу дарже иза хаийнера цуьнан 22 шо долуш. Нохчийчохь лаккхара даржаш дIалецна иштта Кадыровн кхинболчу гергарчу наха а, пачхьалкхан куьйгаллехь бу цуьнан доьзал, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Масала, Кадырова Iайшатан хIусамда Мацуев Висхан кху аьхка республикин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийра.

Нохчийн куьйгалхочо даржаш дIасадекъарх лаьцна иштта элира политолого Кутаев Руслана:

"Кхузаман Оьрсийчохь марзделла хIума ду шен гергара нах, доттагIий даржашка балор. Ала догIу, и кеп дуьххьара Къилбаседа Кавказехь, йа Нохчийчохь йукъайаьккхина йац, Москвахь, Кремлехь, Путина лакхара меттигаш шен "Озеро" кооперативан декъашхошна дIасалуш, хIетахь доладелла хIума ду. Кавказехь кхоьллина практика йац и, Москвара схьайеана йу".

Iайшат вице-премьер хIоттор нисделла Нохчийчоьнан урхалхо вон хьал долуш ву бохучу заманчохь а, иштта Соьлжа-ГIалара талламан изоляторехь Кадыровн кIанта КъорIан дагийначунна тIелатар динчу хенахь а.

Кадыров Рамзан кхетамчохь вац аьлла хаамбира гезгамашин-баттахь Украинан талламхойн коьртачу урхалло а, цхьа могIа пачхьалкхан хаамийн гIирсаша а, иштта оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало а. Президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий шоззе а дуьхьал хилира Нохчийчоьнан урхалхочун могушаллех журналисташка дийца. Иштта Кадыровн каналехь видео йаржийра, цу тIехь I5 шо долчу Кадыров Адама йетташ йу КъорIан дагийна аьлла, бехкевина чохь латточу Журавель Никитина. Аьхка йиттича, хIинцца гучуйаьккхина видео а, ша Кадыров Рамзанца видеозIенехула къамел дира аьлла тележурналисто Собчак Ксенияс телеграм-канале хаам хIоттор а, эксперташна хетарехь, масала, Преображенский Ивана элира, Нохчийчоьнан куьйгалхо цомгаш ву бохучу хаамашна тIера тидам дIабаккха дина хIума ду аьлла.

Ницкъахоша вийначунна тховкIело цайалар

ТховкIело йала рогIера дуьхьало йина Польшин Iедалхоша ГIалгIайчуьра йахархочунна Кодзоева Ракиатна а, цуьнан деа берана а. 20I6-чу шарахь доьзал беддера Оьрсийчуьра Кодзоеван хIусамда вийначул тIаьхьа ницкъахой шайна кочабаьхкича.

Польшин Iедалхой тешна бу, нанна а, цуьнан берашна а Оьрсийчохь хIинца кхерам бац аьлла.

Кодзоев Изновр, гIалгIайн поэтан Кодзоев Iийссан кIант ву, иза вийра Наьсарахь 2005-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша леррина операци дIахьочу заманчохь. ГIалгIайчуьра ГУВД-н постана тIелатар дина цо бохуш, бехкевора иза. Оцу гIуллакхца доьзна Изноврин вешина Зеламхина колонихь даккха 24 шо туьйхира.

Кодзоев вийначул тIаьхьа, экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахоша кест-кеста хеттарш дан тIекхуьйкхура цунах йиссинарг, бераша доьшучу школе богIура, дийцира хьасте Кодзоева Ракиата "Кавказский узел" хьасте. 20I6-чу шеран гезгамашин-баттахь, цуьнан цхьадолу бераш I8 шаре девллачул тIаьхьа, Беларуси дIайахара иза, кхин а шо даьлча – Польше.

Кодзоевх йисинчо бахарехь, йалх шо а ду тховкIело йаккха иза хьийза, делахь а, официалан документаша билгалдаккхарца, Польшин Iедалхошна хетарехь, Оьрсийчохь цунна маьрша ду.

ПхоьалгIа шена дуьхьало йар къоьвсина Кодзоева Ракиата. Иза кхоьру, нагахь санна, шена депортаци йахь Оьрсийчоьнан ницкъахой йуха а тIаьхьабовларна.

Кху кIиранчохь хаийтира Нохчийчуьра вахархочунна Мовлаев Мансурна таIзар кхайкхорах – Бишкекера кхело колонихь такха йалх бутт хан тоьхна цунна, цул тIаьхьа шайн махкара ара а воккхуш, бакъо йоцуш шайн дозанехула сехьаваларна. Кхелехь шена тIаьххьара дош делча Мовлаевс аьлла, "итт шо кхузахь чохь даккха а реза ву, сайн дахарна кхерам ца хилчахьана" – Оьрсийчу дIалахь цунна кхерам бу.

27 шо долу Мовлаев Мансур тхэквандо спортан мастер ву. 20I8-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь.

Цхьадолчу зорбанаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаамбарехь, 2020-чу шарахь кхо шо тоьхнера цунна меттигерчу Iедална критика йарна. Делахь а, муьлхачу артиклехула цунна таIазар динера - кхелийн сайта тIехь оцу кепара бина сацам бац.

Мовлаев хенал а хьалха 2022-чу шарахь маьршаваьккхира, амма марсхьокху-баттахь йуха а лачкъийра иза Нохчийчуьра Шела кIоштан ОВД-н белхахоша. Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь латтийнера Мовлаев, амма цуьунан ка йелира къайлах вада. ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехат а доцуш, стохка дуьйна цигахь вара иза. Оьрсийчохь Мовлаев лехамашка велла, экстремизмех гIуллакх долош.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

XS
SM
MD
LG