ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн нанна а, зудчунна а сепаратистийн "ЛНР-н" "пачхьалкхан совгIаташ" делла


Кадырова Аймани, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нана
Кадырова Аймани, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нана

Луганскан къоман республика шех олучун куьйгалхочо Пасечник Леонида Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нанна Айманина а, зудчунна Меднина а къаьмний ДоттагIаллин орденаш елла.

Сепаратистийн республикан бахархошна гуманитаран гIо латторна делла шен гергарчу наханна "пачхьалкхан совгIаташ", аьлла билгалдаьккхина Кадыровс шен телеграмерчу каналехь. Украинера тIом боьдучу юкъанна цуьнан ненан сацамца "ЛНР-е" иттанашкахь тоннаш сурсаташ а, уггара оьшург а яхьийтина, аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Иштта, цо бахарехь, Кадырова Айманис "бIеннашкахь цомгуш нах а, лазийнарш а Оьрсийчоьнан дозане схьабахкийна".

Охан-баттахь эксперташа тидамбира, Нохчийчуьра даийтина гуманитаран ду боху сурсаташ украинехь арахецна хиллера. Масала, Bellingcat зорбанан журналист-талламчас Христо Грозевс бахарехь, иза Мариуполан бахархошна кадыровхоша лечкъийна сурсаташ декъна хиларан тоьшаллаш ду. Цул тIаьхьа гуманитаран гIо дIасадоькъу видео Кадыров Рамзанан телеграмерчу каналера дIаяьккхира.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана президент йолчу, зуда вице-президент йолчу Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу фонд масийттаза бехкейина цунна кхоьхьуьйту ахча нуьцкъаха хуьлу бохуш. Амма Кадыровс бехкаш тIе ца лоцу. Цул сов, цуьнан чоьте ахча кхачаран некъаш билггал цахиларна зорбанаша цунах Кадыровн "альтернативе казна" олура.

Пасечнико иштта "ЛНР-н Турпалхой" совгIаташ делла Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна а, республикехула волчу чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Алханов Русланна а. Марсхьокху-беттан юьххьехь Кадыровс а, Пасечнико а совгIаташ вовшашна делира: нохчийн политиках "ЛНР-н Турпалхо" хилира, тIаккха сепаратистийн республикан куьйгалхочунна Кадыров Ахьмадан цIарх орден кхечира.

  • "Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь ю Кадыровн цIарах фонд.
  • Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо 2021-чу шарахь деклараци йира, ша ахча ца даьккхина, аьлла. Урхалхоша бахарехь, 2019-чу шарахь фондана 6 млрд соьманна сагIина ахча делла (цул хьалха 2,2 млрд), амма тIаьххьарчу шина шарахь ша ахча ца даьккхина, бохуш яздо цо. Фондо шех лаьцна бийцинчу хаамашца, цо шена оьшучу гIуллакхашна ахча дайъина а дац. ЧухIоттийна чот коммерцин йоцучу организацина гергахь "тамашена" ю аьлла эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG