ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн пиар а, гIоьналлица сийсазалла а: Гвинейна гIо дийр ду дотацеш тIехь йехачу Нохчийчоьно


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Нохчийчоьнан Iедалхоша гIо дийр ду Африкера къоьлла хьоьгучу берашна аьлла, дIахьедина Санкт-Петербургехь йоьдучу форумехь мехкан куьйгалхочун йоIа Кадырова (Карина) Хадижата. Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь юкъаралхоша элира хьал сийсазе ду: 2022-чу шарахь бинчу бертана Оьрсийчоь дуьхьалйаларна украинхойн йалта Iаьржачу хIорда тIехула Африке кхачон таро йац, йохка-эцар лелорехь доккха дакъа дIалоцура оцу хIордо.

Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондехула Нохчийчоьнан урхалхочо шена политикан пиар йеш гIоьналлех пайдаоьцуш дуьххьара дац. Оцу йукъанна республикера дахаран тIегIа йустийла ду Африкан цхьайолчу пачхьалкхашкахь бахархошна хуьлучу пайдаца. Дахначу шерашкахь Кадыров Рамзана реклама йора шен нанас куьйгалла дечу фондо Мьянмера а, Балканан ахгIайритIера а, Шемара а, СаIуда Iаьрбийчуьра а, иштта кхечу пачхьалкхашкара а бусулбанашна гIо деш.

Шахьарна йуккъера къоьлла

Кадырова Хадижата лур ду аьллачу ахчанан цхьа дакъа вовшахтуьйхира "Нохчийчуьра бераша – Африкера берашна" аьлла, дIайаьхьначу акцихь. Форум хилале хьалха Соьлжа-ГIалахь хилира и акци. Цигахь доьхкира дешаран хьукматашкара бераша дехкина суьрташ, оцу бараме баьхкира мехкан куьйгалочун гонера баккхий хьаькамаш. Меттигерчу зорбанан гIирсаша бахарехь, цу дийнахь 12 миллион сом вовшахкхийтира. Оцу мехах йоьхкинарг а хIун йара, эцнарг а мила ву, дуьйцуш дац.

"Африкера халла хене довлучу берашна гIо дийр ду оцу ахчанех, царна йуург оьцур йу, йокъа лаьттачу меттигашкара хица йолу проблемаш йерзор йу", - дийцира Гвинейра делегацица йоьIан хиллачу цхьанакхетарх Кадыровс ша.

Санкт-Петербургера "Россия - Африка" форумехь йу Кадырова Хадиат (Карина). Кадыров Рамзанан телеграм-канелра видео йуккъера скриншот
Санкт-Петербургера "Россия - Африка" форумехь йу Кадырова Хадиат (Карина). Кадыров Рамзанан телеграм-канелра видео йуккъера скриншот

Оьрсийчоьнан статистикан зерашца, (иза бакъхиларх шеконаш экспертийн хилла ца Iаш, Кремльна гергарчу бизнесхойн а цхьаьна йу) Нохчийоьно пачхьалкхехь ворхIолгIа меттиг дIалоцу къоьллан тIегIанехь – хене вала тарлун рицкъ кхочу бахархойн дакъа. 2022-чу шарахь республикехь 11 эзар сом дара и, США-н ахчанца аьлча 120 доллар.

Къоьллехь беха 19.4 процент нах, вуьшта аьлча, хIора пхоьалгIа нохчо. Оцу йуккъехула тIаьххьарчу пхеа шарчохь и гайтам 1,1% бен тобелла бац. Официалехь Нохчийчохь хала бохку нах кIезиг бу, ГIалгIайчохьчул а (30,5%), Тывехь (28%), Кхарачой Чергазийчохь (22%).

Нохчий а, доллу дуьненара бусулбанаш а Iалашбийриг ву ша аьлла, шен васт кхолла хьийза иза

Йуккъерчу статистикехь республикехь кху шарахь тIебогIу пайда (кхузахь лору боллу бахархой, бераш а, пенсхой а) 27 718 сом дара, йа 300 доллар. Луларчу Дагестанехь а, Къилбаседа ХIиричохь а долчу хьоле хьаьжча, лахара гайтам бара и, Оьрсийчохьчул а 1,5-зза лахара а. Нохчийчуьра хуьлучу боллу пайданан кхоалгIа дакъа – социалан ахчанаш ду, Къилбаседа Кавказан гонашкахула доьзалан бюджетехь коьрта рицкъ и ду хIора воьалгIачу вахархочунна, пачхьалкхехула – хIора пхоьалгIачунна.

Нохчийчуьра йуккъера алапа дечкен-зазадокху беттанашкахь дара 36 эзар сом, 400 Американ долларш. Нохчийчочьнан Iедалхоша гIо дан леринчу Гвинейхь алапа 1,5-зза лахара ду, 250 доллар, оьрсийн соьмашца 23 эзар сом.

РИА "Новости" пачхьалкхан агенталлин рейтингаца регионо 83-гIа меттиг дIалоцу бахархойн дахар эвсара хиларехь – экспертийн лараршца, цхьацца хьашташ кхочушдинчул тIаьхьа шина бераца болчу доьзалан карахь дуьсу 2027 сом.

Гуттар а лаьттачу къоьллехь Кадыров Рамзан даим а (2023-чу шарахь дуьйна хьаькамийн деклараци зорбане йоккхуш йац) уггар а хьал долчу губернаторийн могIарехь хуьлура. Цо йезачу машенашца совгIаташ дора блогершна, спортхошна, артисташна – хIора машенан мах бара йуккъерчу вахархочунна итт шарахь тIебогIучу пайдан барамехь. Иштта политикан шахьар а йу дашон варкъ диллинчу кепехь кечйина, шен телеграм-канале хIиттон видеош йоху цо цу чуьра кест-кеста.

Кадыровн альтернативе казна

Шайна тIебогIу пайда оццул лахара боллушехь, регионера бюджетникаша бертаза шайн алапан ах дакъа Кадыров Ахьмадан цIарахчу гIоьналлин фонде охьадуьллу, чIагIдо журналисташа а, бакъоларйархоша. 2015-чу шарахь оьрсийн ресурсо хаамбира, оцу фонде шаьш ахчанан 10% дехьадаккхарх, цхьахйолчу хьукматехь, дIахьедарехь, 70 процент гергга сецош хиллера белхахошкара. Ахчанаш доху шайгара бохуш, дуккха а тоьшаллаш доллушехь, Iедалхоша хIинца а бакъ дац и боху.

"Цхьана вахархочунна алапа тIера ахча сацийна хилча, суо дош хетар дацара суна. Нехан кисана кхийдарг суна йа борша а, йа бусулба а ца хета. Сан да велча, сана нанас кхоьллина хIара фонд, тхан мел хилларг йукъа а диллина", - дIахьедира журналисташка Кадыров Рамзана.

Йиллинчу хьасташкахь и информаци талла аьтто бац. Йасакх оьцучу Федералан хьукмате хIора шарахь хьажош йолу информаци – фондан активех хоуьйту ша цхьаъ бен йоцу хьаст йу. Коммерцица йоьзна йоцу организацеш а декхаре йу шайн хуьлучу пайдех лаьцна хаамаш зорбане баха, оцу кепара хаамаш Нохчийчуьра фондо беш цахиларан тергойира журналисташа 2015-чу шарахь. ХIетахь "Коммерсантан" хаттарна юридикан министралло жоп делира: фондо "республикера зорбанан гIирсашна хоуьйту" аьлла. Дуьйцурш муьлха зорбанаш ду – хууш дац, йиллинчу хьасташкахь цхьа а хаам бац йукъараллин организацино бина.

Донбассера сепаратистийн лидершна дечу VIP-совгIаташца а, цигахь тIемаш бечу кадыровхойн доьзалашна гIо латторца а цхьаьна регионера фондо хIинца 10 стипендин лур ду Гвинейра баьхкина медицинан доьшийлашкахь болчу студенташна, цунах гIо хир ду царна Оьрсийчохь деша а, баха а.

Африка – коьрта йац

Кавказ.Реалиин сайтаца къамел динчу Оьрийчоьнан федералан цхьана политолого билгалдаьккхира, дуьххьара дац "боллу нохчий а, бусулбанаш а Iалашбийриг ву" ша аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхо шан васт кхолла хьийза. Оьрсийчохь репрессин низамаш хиларна шен цIе цайаккхар дийхира цо.

"Оьрсийчоьнан исламан структурашкахь йуьхь йоцу куьйгалхой болчу йукъанна ша харизма йолуш, медийшкахь лидер волуш санна лела иза, цу тIе АллахIа доза тоьхна (кхузахь дуьйцург ду, ахча стенгара долу хьуна аьлла, шега хаттар дича "АллахIа ло" цо алар. – Редакцин билгалдаккхар.) ахча бен ца кхочуш", - билгалдаьккхира къамелахочо.

Нохчийчоьнан Iедалхойн дIахьедар доьзна хила тарло, массо а хIуманах оьрсийн бюджето дIалур ду аьлла, тешна хиларца

Iарбойн пачхьалкхашкахь урхалла дечу элиташца доттагIаллин уьйраш кхион хьийзира нохчийн политик, амма саIудахой дика кхета цуьнан таронех а, Оьрсийчоьнан Iедалехь цуьнан хIун декхарш ду а, цундела шийло хилира уьш Кавказо хьажийначуьнца, кхин дIа дуьйцу эксперто. Цуьнан дешнашца, "бусулбанаш Iалашбийриг" аьлла, цуьнан васт башха тIе ца ийцира цхьанхьа а, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь бен. Доккхачу декъанна, Кадыровн ницкъ ца кхечира оьрсийн-украинхойн конфликтехь исламан дуьне шена тIетайта.

"Цуьнан Iарбойн Эмираташкахь охьайехкина активаш лерича, тамаш бу-кх Нохчийчоьнан куьйгалхочо арахьарчу политикан вектор хийцахь. Бусулбачийн Гвинея йелахь а, цунна и приоритетехь йац. Тарло иза "Ахматца" ЧВК "Вагнеран" эскархой хийца гIорта, амма, Пригожинан Питерерчу форумехь хилла цхьанакхетар лерича, Кремлан и Iалашо йац цкъачунна", - дерзийра политолого.

Кадыровс даим а ахчанаш дохкура Персийн аймера пачхьалкхийн Iедалхошца йолчу йукъаметтишка, тамаш бу-кх Африкаца йукъаметтигаш нисйан цунна лаахь, дIахьедо Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь "Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс.

"Суна хетарехь, Нохчийчоьнан Iедалхойн дIахьедар доьзна ду массо а хIуманах оьрсийн бюджето ахча дIалур ду аьлла тешна хиларца. Хьалха а ма хиллара", - билгалдоккху эксперто.

Путинан тIедожорца гIодар?

Европехь куп тоьхначу нохчийн "Цхьааллин ницкъ" организацин куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата тидам тIеозийра Африкера пачхьалкхийн бахархошна Нохчийчоьнан Iедалхоша а, республикин могIарерчу бахархоша а гIо дарна йукъарчу башхаллин.

Сомалихь йокъа а хIоьттина, цо мацалла гIаттийначарна лерина куп. 2022-чу шеран чиллин-бутт
Сомалихь йокъа а хIоьттина, цо мацалла гIаттийначарна лерина куп. 2022-чу шеран чиллин-бутт

"ХIара Кадыровгара инициатива йу Оьрсийчоьнан политикин контектстехь, африкахойн лидерш "оьцуш" Кремлан инициативашна дуьненан майданашкахь уьш тIетайта. Москвано доло гIуллакхаш къобалдар – Кадыровн декхар ду, цундела хIоттийна ву иза куьйгалле а. Амма и ахчанаш лаамехь гулдийр дац, административан ресурсан чоьтера хир ду. Нохчийчуьра бюджетан белхахошкара ишта а ахчанаш дохуш ду Кадыров Ахьмадан фондо", - элира Сулеймановс.

Цунна тIетов нохчийн диаспоран йукъаралхо Албаков Шемал а – цо дийцарехь, Африкера пачхьалкхашна гIо вовшахтохар шуьйра даьржина ду нохчийн а, Къилбаседа Кавказан а йукъараллехь. Бакъду, Кремлан политикехь "политикан пиар а, гIоьналлица сийсазалла а" санна го хIара".

Ислам дин – доггаха лелориг ду, пиар а, шалхалла а йац

"Йалтанца бина барт бохорца, Оьрсийчоьно Африкан бахархой мацалла хьега буьутш бу. Йалтана импорт йарна доза а тухуш, уггар хьалха украинхойн йалтана, Москвано дIахьедо, царна ден долчу гIоьнан барамашка дилла йиш йоцу хуьсигаш шаьш латторг хиларх, - дуьйцу Кавказ.Реалиин сайтан спикеро. – Оцу нехан цIийца йу сийсазалла, цара мел дечу гIуллакхца йу и: цкъа Нохчийчоьнна бамбанаш йетта, тIаккха Украине тIом бан бохуьйту нохчий. Украинхойн бепиг Африке ца дохьуьйту, цул тIаьхьа гуманитаран гIоьнах дIахьедо".

Къамел дечо а боху, махкара бахархой шаьш а бу гIад дайначу хьелашкахь, ткъа кхиа таронех а, гIирсех а йаьккхина Нохчийчоь. Амма Кадыров Рамзан Путинан пиар-акцих дIакхетта: "Ислам дин – цIеналла, даггара дерг ду, пиар а, шалхалла а, нах бойучийн а, Iазапхойн а моттаргIанаш йац".

Африкехь къоьлла хьоьгучу нахана гIо деш белхаш бо Дагестанера Iеламчан Саситлинский Абу Iумаран (Ахмеднабиев Исраил) фондаша – Оьрсийчохь иза бехкевина шен гIоьналлин фондашкахула даIишан террорхошна цо ахча латтийна бохуш. Цуьнан гIоьналлин фонде ахчанаш дехкинчу Оьрсийчоьнан бахархошна дуьхьал а бехкзуламан гIуллакхаш дохур ду аьлла. Цаьрца зIе хилла аьлла бехкевира дагестанхойн "Черновик" газетин журналист Гаджиев Iабдулмумин. Талламан версица, шен артиклашкахь агитаци йеш хиллера цо, гIоьналлин "Ансар" фонде ахчанаш дахка бохуш.

  • Оьрсийчоьнан къилбера шина организацино цхьана меттехь дIайаьхьира 17 тендер Санкт-Петербургехь дIахьочу "Россия-Африка" шолгIачу форумехь хьашташ латтон. 20 миллион сом гергга мах бара церан. Краснодаран кIоштара кхелан пурстоьпийн Федералан хьукматан "Баьццара тогIи" санаторий а, Астраханера АО "Къаьстина экономикан "Лотос" зона" а йара и. Иштта пурстоьпийн санаторийно ийцира африкахойн делегацешна кеманан билеташ а.
  • Товбеца-беттан 27-чуьра 29-чу дийне кхаччалц дIайаьхьира "Россия - Африка" форум. Африкахойн континентера йозуш йоцчу 54 пачхьалкхах 49-ннан векалш баьхкира цига. Иштта хилира цигахь Африкахойн йукъараллин а, континенталан организацийн а лидерш. Саммитан коьртачу темех дара Москвано Iуналла а деш, Африке сурсатийн коридор кхоллар.
  • Саммитехь тIеэцна 2026-чу шаре кхаччалц ден долчух деклараци, ду цу тIехь атоман энергетикехь а, йалтана экспорт йар алсамдаккхарехь а цхьаьна болх бар, иштта маьхза Африке оьшург кхехьийтар – масех бутт баьлча долор ду и. Оцу йукъанна Оьрсийчоь цкъачунна кийча йац йалтаца бинчу берте йухайан. Оцу йуккъехула Къаьстина тема йара африкахойн лидерийн Украинаца бертан дийцаршкахь йукъарло лелор. Товбеца-беттан 30-чохь йирзинчу жамIийн пресс-конференцихь Путина дIахьедира оьрсийн журналисташка, ма-дарра аьлча, Африка доттагIаллица хьоьжу Оьрсийчоьне аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG