ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн посташ бухахь резаболуш комментариш язъян декхаребина хьехархой


Нохчийчуьра цхьахйолу школа
Нохчийчуьра цхьахйолу школа

Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан посташна бухахь реза хиларца комментариш язъйе аьлла аьлла, юкъаозийна Нохчийчуьра хьехархой. "Социалан машанашкахь жигаралла лахъелла" аьлла, регионалан урхалхочо бехкбаьккхинчул тIаьхьа хилла ду и, хаамбина Кавказ.Реалиин махкара дешаран системера хьасташа.

"Вайна оьшу аш схьакхачийна белхахойн тептарш карладахар. Цуьнца догIуш кехаташ хIинцале а дIадахьийтина. Дукхахболчара массо а белхахой юкъабалийна бац. Нисло Instagram-ра никнеймаш а, Telegram-ра id-адресаш а цхьатерра хуьлуш", - аьлла дIасакхоьхьуьйтучу хаамашкахь (скриншоташ йолуш ю Кавказ.Реалиигахь).

Грозненскан кIоштахь цхьахйолчу школан директоран гIовса редакцица хиллачу къамелехь хаамбира, гезгамашин-беттан 19-чу дийне кхачале массо а белхахошна тIедожорах инстаграмехь а, телеграмехь а аккаунташ схьа а йиллина, электронан форма дIаюза аьлла. Цул тIаьхьа "тергоян еза", комментариш язъеш, кIошташкарчу дешаран дакъошна лерина жамIаш хIиттош.

Оцу кепара тIедахкарш дина хиларх хаийтира редакцига республикерчу МВД-н цхьахйолчу ницкъаллин структурийн белхахочо а. Цо бахарехь, "социалан машанашкахь жигара хилар" тIедожийна церан дакъойн массо а белхахошна масех бутт хьалха дуьйна.

  • Хьалхо хааме даьккхира, шаьш режимна муьтIахь хилар дIа а ца гойтуш, оцу юкъанна йа дуьхьал а ца бовлучу "бендоцчу" бахархойн тергоярх Нохчийчохь. Регионан куьйгалхочо "уггар а кхераме" лерира и категори. Дукха хьолахь буьйцурш бу кегийрхой. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъоларъярхоша билгалдоккху, оцу кепашца шен республикера раж кхин тIе а чIагIъян гIерташ хилар Кадыров.
  • Нохчийчуьра масех бюджетан структурашкара Кавказ.Реалиин хьасташа а хаамбира "патриотикан гIуллакхашна интернетехь" шаьш бертаза юкъаийзорах. Къамелдинчара дийцира урхалло тIедожорах социалан машанашкахь жигара хила а, республикех лаьцна язъйечу вон комментарешна дуьхьал позитиве йозанаш дита аьлла а. Зорбанан министраллера хьастийн хаамашца, Дудаев цхьанакхеттера цхьахболчу хаамийн гIирсийн редакцишца, цо дийцина социалан машанашкахь "Нохчийчоьнехула позитиве повестка" даржон дезарх. Иштта тIедахкарш кхаьчна кхечу хьукматашкарчу белхахошна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG