ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн рожан закъалтхой. ЦIера дIабахначарна тIаьхьабуьйлу нохчийн Iедалхой

Нохчийчуьра полисхо. Архивера сурт
Нохчийчуьра полисхо. Архивера сурт

Кадыров Рамзанан Ӏедалх бевдда, кхечу пачхьалкхашкахь къайлабовлахь а, уьш маьрша а бу, кхерамзаллехь а бу, олийла дац. Ницкъахой тIаьхьабуьйлу царна кхечу мехкашкахь а, йа бале лоцу церан даймахкахь баха бисина гергарнаш, царна тIе Iаткъам бан а гIерташ. Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН) Оьрсийчоьнан цIарах адамийн бакъонашкахула долчу хьолах лаьцна дуьйцучу лерринчу докладхочо Кацарова Мариянас, иза "къаьсттина къиза" нохчийн диаспорина дуьхьал транснационалан репрессеш лелор ду аьлла, билгалдаьккхина. Тхан редакцино дуьйцу и тӀеӀаткъам муха беш бу а, гергарчарна тӀеӀаткъам бар коьрта гӀирс хилла стенна буьсу а, Оьрсийчуьра бевдда бахначул тIаьхьа нохчашна дуьхьал зуламаш лелорах хууш долчух а.

ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонехь йовзитинчу керлачу рапортехь аьлла ду, шуьйрачу барамехь Украине чугIоьртинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Iедалхоша дозанал арахьа шайна луьйш болчу нахана тIаьхьабийлар цIеххьана жигарадаьккхира аьлла. Лерринчу докладхочо Кацарова Марианас билгалдаккхарца, Нохчийчохь шуьйра даьржина лелош хIума дара 2022-гIа шо карадале а, Iедалхойн критикийн гергарнаш кхерор. Ткъа хIинца оцу кепара методаш бакъ хиларх дозана арахьара а дуккха а документалан тIечIагIдарш кхочу. ЦIера дIабахначийн гергарчу нахана кхерамаш туьйсу, цаьргара бахамаш схьабоху, божаршна кхерамаш туьйсу мобилизаци йийр йу бохуш, цкъацкъа лоьцу уьш, лечкъабо, царна тIехь къизаллаш лелайо.

Оьрсийчуьра дIабаха нохчашна бахьанаш тайп-тайпана хила тарло. Цхьаболчара критика йина Кадыровна, цхьаверг бакъоларйаран йа журналистан белхаш беш хилла ву, йа политикаца гIуллакх догIуш. Ткъа кхинберш дIабахна шайн ориентаци бахьана долуш, доьзалехь гIело латторна, йа бертаза маре шаьш дахийтарна кхоьруш. Амма бовдахь а, кхоччуш шайн Iазапхочун карара бевлла ца хуьлу и нах.

Уггар а гIарадаьллачух масал ду дозанал арахьарчу Ичкерин хьалханчаца Закаев Ахьмадца хилларг. 25 шо сов хьалха цIера ваьлла иза, 2000-чу шерийн йуьххьехь дуьйна вехаш ву Лондонехь.

2020-чу шеран гезгамашин-баттахь Закаевс оппозицин 1ADAT телеграм- канална гӀортор йеш нахана хьалха къамел динчул тӀаьхьа ницкъхоша лаьцнера цуьнан ши ваша а, ши йиша а. Закаевс дийцарехь, Хьалха-МартантӀера Соьлж-ГӀала бигина хиллера уьш. Дукха хан йалале Ӏедалехьа болчу нохчийн хаамийн гӀирсашкахь видео гучуйелира: политикан гергарчаьрга нахана хьалха Закаев йемалвайтира, иза сийсазвеш, цунна неIалт а кхайкхош. Ша Закаевс хилларг дузу ша йукъараллин жигархошна гӀортор йарца; Нохчийчоьнан Ӏедалша чӀагӀдора, цуьнан гергарчара шайн лаамехь сацам бина иза шайх дIахадо, бохуш.

2023-чу шарахь Закаевн заьӀап волу вешин кӀант Хьусейн шен вукху вешица цхьаьна лаьцна, нохчийн тIеман декъах тоьхна, Украинана дуьхьал тӀом бан хьажийра. 2026-чу шеран зазадокху-баттахь The Insider интернет-гIирсо йаздира, Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш Закаев Ахьмадан Лондонехь беха гергарнаш лечкъо дагахь йу аьлла.

Транснационалан репрессийн цхьахйолу башхалла санна, иштта и механизм йу Кацаровас шен рапортехь йалийнарг. И стаг даймахкара дIавоьду, амма цунна Iаткъам бан буьйлало цIахь баха бисинчу цуьнан нахана. Адамна тIаьхьа бовлий, цунна тIехь терго латтор, уьш кхерор, юридикан а, администаративан а кепехь гергарчу нахехула царна Iаткъам беш йолчу Оьрсийчоьнан системех лаьцна дуьйцу рапортехь. Цхьацца йолчу меттигашкахь адам дуьйш меттиг а нисло.

Баймурадова Iайшат
Баймурадова Iайшат

Цу кепара, 2025-чу шеран гIадужу-баттахь Ереванерчу цхьана петар чохь йийна карийра Нохчийчохь доьзалехь шена тIехь гIело латторна, йедда кӀелхьарайаьлла 23 шо долу Баймурадова Ӏайшат. Цуьнан гергарчарна хууш дара иза мичахь йу, ткъа ша Ӏайшата социалан машанашкахь къайла а ца хьош, дуьйцура шен дахарх лаьцна. Цо иштта критика йора Кадыровн рожана а.

Баймурадова тIепаза йайра, шена инстаграмехь йевзичну йоIаца цхьанакхета йахначул тIаьхьа. И йевзарг хиллера Иминова Карина. Иза хиллера тIаьхьара цу петарчуьра арайаьлларг. Иминоваца цхьана хиллера Ӏедалца уьйраш йолчу нохчийн бизнесхочун Байсаров Русланан вешин кӀант Байсаров Сайд-Хьамзат.

Эрмалойчоьнан Iедалхоша шайн дакъа дIахьо аьлла, шайга хаам бинчул тIаьхьа, йоьIан гергарчара тергал ца динера церан дехар. Пхеа баттахь волуш да а воцуш, моргехь латтийра цуьнан дакъа. Эххар а , зазадокху-бутт бовш пачхьалкъан чоьтах Нубарашенскан кешнашкахь дIайоьллира Баймурадова.

Шен рапортрехь Кацаровас билгалдоккху, къаьсттина жигархой, ЛГБТ йукъараллийн векалш, доьзалехь бечу ницкъах бевддарш а тIаьхьара ца бовлуш лоьцуш хиларх, Оьрсийчуьра арабевллачул тIаьхьа. ТIаккха хьийзабо церан гергарнаш: "сий лардеш", шайн стаг цаьрга воьйтуш меттигаш а нисло. Иштта ницкъбо жигархошна а, церан Iа лакъон, цара беш болу болх сацабайта.

Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а
Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а

Иштачух хилларг ду вежаршца Магамадов Салехьца а, Исаев Исмаилца а Iоттаделларг. Оппозицин гIуллакх лелош хиларна а, ЛГБТ-ца боьзна бу аьлла, шеконаш хиларна а Нохчийчуьра дIавахара и шиъ. 2020-чу шарахь ши ваша лецира, царна тIехь ницкъ а бинера кадыровхоша. Шен оппозицин каналца хиллачу уьйрашна дохковаьлла аьлла, къинтIера довлар доьхуьйтуш, видео дIайазйайтира цуьнга.

Цул тIаьхьа ши ваша Лаха Новгороде дIавахара. "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" лаьцначу хIусамехь Iаш вара и шиъ. 2021-чу шеран чиллан-беттан 1-чу дийнахь нохчийн ницкъахоша лачкъийра Салехь а, Исмаил а цу петарера. И шиъ бертаза Нохчийчу дIавигира, цигахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьла а даьккхира цу шинна, тIемалошна гIо латтийна ву аьлла. Amnesty International йукъараллин бакъонашларйархоша бехкаш бух боцуш ду элира, хаамбира царна тIехь Iазапаш лелийна хиларх а, кхел дIахьочу заманчохь харцонаш лелийна хиларх а. 2022-чу шарахь Салехьна набахтехь даккха бархI шо туьйхира, Исмаилна – йалх шо.

Диссидент сийсазвина, иза мел гена валарх а "таIзар доцуш" вуьтур вац ала гIерта Iедал

ТӀеӀаткъаман дакъа кхечира ишта шина вешин гергарчарна а. 2021-чу шеран зазадокху-баттахь ницкъхоша 20 ца кхоччуш церан гергара нах полицин декъе дӀабигира. Буьйсанна 2 сахьт даллалц цаьрга хеттарш динера Салехьан а, ИсмаьӀалан а да-нана стенгахь ду, вежарий схьа а карабай, шайна тIебалабе бохуш. Эххар а да-нана а, воккхаха волу ваша а Оьрсийчуьра дӀабахара. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, цул тӀаьхьа денна бохург санна Магамадовн а, Исаевн а гергарчаьрца къамелаш деш хиллера полисхоша. Болчу хаамца, оцу къамелашкахь царна Ӏаткъам беш хиллера, "сий лардеш" ший а ваша вен веза бохуш.

Мовлаев Мансур
Мовлаев Мансур

Кацарова Мариянас масалашца дийцира, Оьрсийчоьнан Iедалхой пачхьалкхал арахьа и стаг велахь а, цунна тIаьхьара муха ца бовлу. ЦIе йаьккхира Петербургера Навальный Алексейн штабан волонтер хиллачу Емельянова Юлиян а, Кадыров Рамзанна критика йеш хиллачу жигархочун Мовлаев Мансуран а. 2025-чу шарахь Казахстанехь лаьцна и ший а, карарчу хенахь даймахка дӀадала кхерам лаьтта цу шинна. Оьрсийчоьнан Ӏедалша бехкейо Емельянова къоланаш дарна, ткъа Мовлаев экстремизм лелорна. Шиммо а чIагIдо, шайна дохку бехкаш цхьа а бух боцуш ду бохуш. 2026-чу шеран мангал-баттахь, ша Оьрсийчоьне дIалуш бина сацам Мансур къовса гIертачу заманчохь, Нохчийчохь цуьнан да-нана а, вежарий а дIабигина хиллера полисхоша. Ишта цкъа лачкъийначул тӀаьхьа, дарбан цӀийне кхаьчнера цуьнан ваша.

Оцу гIуллакхашца доьзна Кацаровас кхайкхамбина Интерполе, Москвано политикан Iалашонашца бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьалдахар йукъахдаккхалц, Оьрсийчоьнан къоман бюрон бахархойх лаьцна болу хаамаш листар сацаде аьлла. Цо ишта хьехна транснационалан репрессешна дуьхьал дуьненайукъара конвенци кечйар а.

Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Уггар а дукха дийцинчех ду, нохчийн оппозиционерийн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана, 57 шо долу Мусаева Зарема кадыровхоша лачкъор. 2022-чу шеран гIуран-баттахь иза бертаза Нохчийчу дIайигира Лаха Новгородера церан хIусам чу лилхинчу нохчийн ницкъахоша. ХIетахь зуда бехкейира полисхочунна тIелатарна, 2023-чу шарахь чохь даккха пхи шо туьйхира цунна. И хан чекхйолучу заманчохь кхин цхьа керла гIуллакх диллира цунна дуьхьал, ФСИН-н белехахочунна тIелетта аьлла. Тоьшаллаш а доццушехь, цуьнан могушалла ледара йоллушехь, ала догIу, инсулинах йоьзна иза хилар, кхело кхин а кзо шой, итт буттийн хан туьйхира цунна.

Цул совнаха, доьзална тӀеӀаткъам бан болийра Мусаевана дуьххьара хан а тохале. Иза лачкъийначул тӀаьхьа Кадыров Рамзана нахана хьалха кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгӀеран доьзална бекхам бийр бу аьлла, цунна тIетайра кхинболу хьаькамаш а, ницкъахой а. Доьзална дуьхьал митинг хIоттийра Соьлж-ГӀалахь, цигахь дакъалоцучара церан суьрташ этIош, царан тIе когаш хоькхуш, уьш дагийра. Заремин кӀентий Янгулбаев Абубакар а, Байсангур а, ИбрехӀим а террорхойн а, экстремистийн а тептаре йазвира. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Нохчийчуьра ЯнгулбаевгӀеран деваша а, кхоъ девешин кӀант а нуьцкъала хьажийра Украинина дуьхьал тӀом бан. ТӀаьхьо, и доьзал юкъабогӀучу Келой тейпан векалша, уьш шайх дIахадийра, неӀалт кхайкхош, бекхам бийр бу шаьш аьлла, кхерамаш тийсира.

Янгулбаев Абубакар
Янгулбаев Абубакар

Оцу кепара Iедалхоша гойтуш ду, эмиграцино кхерамзалла луш цахилар, аьлла вистхилира редакцица хиллачу къамелехь Янгулбаев Абубакар.

"Гергарчарна тӀехь гӀело йар – иза дозанал арахьа волчу стагана Iаткъамбан Iалашонца лелош хIума ду. Нагахь санна, цо ша беш болу болх саца ца бахь, цуьнан дена-нанна, вежаршна, йижаршна, йа кхинболу гергарчу нахана кхераме ду. Цу гӀуллакхо бехкала вохуьйту, ша лелочунна доза тохуьйту, кхинболчу нахана а кхерам бохьу. Цундела вай дуьйцург цхьацца ницкъаллин структураша ларамаза лелош долу гӀуллакхаш дац, амма массарна а таӀзар даран а, транснационалан репрессийн а механизм йу", - бохура цо.

Янгулбаевс бахарехь, Нохчийчуьра милла а хила тарло волайнхо, йа Кадыров Рамзанан закъалтхо, хIунда аьлча, мехкан урхалхочунна доза тухуш дац "йа динан а, йа культурин а, йа эхь-бехкаллин а, йа бакъонан а гураша".

Iаткъамбаран цхьахйолчу механизмах лаьцна элира Прагера университетан политологин профессоро Эмиль Аслана а. Нохчийн диаспорех лаьцна талламаш беш, зераш деш схьавогIуш ву иза дуккхаъчу шерашкахь.

Цо бахарехь, таIзар дан уггар а атта гIирс бу - гергара нах: "Уьш Нохчийчохь бу, царна тIекхача а атта ду. Царна таIзар дар къаьсттина лазаме ду, дозанал арахьа бехачу диссиденташна. Оцу кепара диссидент шен метта охьа а хаийна, иза сийсазван, иза мел генахь хиларх шаьш "цунна таIзар дан тIекхочур дуйла" дIахаийта хьийза Iедал.

Карарчу хенахь гергарчарна тӀеӀаткъам баран практика Эмиль Аслана йузу хьалха шерашкахь хиллачуьнца. ХIетахь гIаттамхойн гергарчу нахах пайдаоьцура дуьхьалойар сацадайтархьама. Цунна хетарехь, оцу кепан эвсаралла а, психологин тӀеӀаткъам а бахьана долуш, Кадыровн Ӏедало кхин дIа а лелош долчух тера ду цунах пайдаэцар.

Дунаева Роза
Дунаева Роза

Бакъонашларъярхочо Дунаева Розас билгалдоккху, цу кепара дийцарш дуккха а хилар а, нахана тӀаьхьара цабийлар а, царна тIехь терго латтор а долуш ду аьлла. Дунаевана хетарехь, нохчийн администрацин векалшна дика хаьа йукъараллехь дерг, царна дукха дика хаьа, муха бан беза тӀеӀаткъам. Бакъонашларъярхочо бахарехь, къаьсттина эгIаза хуьлу тIетовжийла йоцурш, тIехь да воцуш бераш хьалакхиош болу зударий а, ишта беллачийн, йа доь доцуш байначийн доьзалш а.

Дунаевас иштта тидам тӀебахийтира хьалхо Ичкерина гӀортор йеш, йа цуьнан маршонехьа тIемаш бина, тIаьхьа Iедалехьа ца бирзинчарна а, оцу йукъанна политикан дахарехь дакъа ца лоцучарна а. И тайпа нах кхидӀа а тергонехь латто тарло. Цул сов, набахтешкара арабевллачийн, йа цхьана хенахь лецна хиллачу нехан а тептар ду лелош. Царех цхьаболчарна маьрша дIасалелар дихкина ду. Бакъонашларйархочо бахарехь, цу кепарчу хьелашкахь тӀеӀаткъам оцу стагана бина ца Iаш, цуьнан дена-нанна а, берашна а, кхечу гергарчарна а бан тарло.

"Цундела наггахь верг бен ца хIутту шен цIе йаккха. Оха дIаIаздеш ду дерриг а, йеш статистика йу, цIахь хьийзийна, цIера бовла дезначу доьзалех лаьцна дийцарш ду вовшахтухуш. Цкъацкъа чIогIа Iадабо нах, йоллу йуьртана кхерам а тосуш. Шен ойланах ца вухуш, Нохчийчуьра оккупацин Iедална муьтIахь ца хилла и стаг велахь а, адамаша цунна букъ тоха тарло, шайх а, шайн доьзалех кхоьруш. Аса царех цхьанна а бехк ца буьллу. Нохчийчуьра оккупацин Iедалан векал неIарх чоьхьаваьлча, лулахочо араваьлла, иза кIелахьара воккхур вац. ХIунда аьлча, цунна бале дала тарло и хIума. Цундела шерашкахь лаьтташ ма бу и кхерам", - дийцира тхан редакцица къамел динчо.

Бакъонашларйархочо билгалдоккху, даймахкана гена болчарлахь а кхерам лаьтташ хилар. Цо дийцарехь, нохчийн информцин гIирсашкахь нахана дагадоуьйтуш хила деза, социалан машанашкахь сема хилар, лайкаш ца хIиттор, комментареш ца йазйар, ша дуьхьал хиларх дIа а ца хоуьйтуш. Даим лелош хилла кепаш кху заманан технологеша дIа ца йаьхна, мелхо а кхин тIе а таронаш хуьлуйту тIехь терго латто а, Iуналла дан а.

  • Москвано гIо а деш, "къаьсттина къиза" кампани дIахьош йу Нохчийчоьнан Iедалхоша дозанал арахьа йолчу диаспорина дуьхьал. Оцу дешнашца дIахьедар дина адамийн бакъонашкахула ООН-н лерринчу докладхочо Кацарова Марианас. Нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура бехкейира Кацарова Мариана "террорхошкахьа гIодахарна а", питанаш лелорна а. Амма билггал ша буьйцурш муьлш бу ца хаийтира.
  • Гезгамашин-беттан 14-чу дийнахь Германино шайн пачхьалкхера араваьккхина Нохчийчуьра ворхI вахархо. Бакъонашларйархочо Дунаева Розас тхан редакцига дийцарехь, уьш махкара бевдда баьхкина бара цигахь Iедало баха а ца битина. Депорт йинчийн цIераш йовзуьйтуш йац зорбанашкахь. ЧIагIдо, царна даймахкахь кхераме хиларх.
  • 155 жигархочо а, йукъаралхоша а, бакъонашларйархоша а, ишта бакъоларйаран а, Оьрсийчоьнан Iедална оппозицихь йолчу йукъараллаша а куьйгаш йаздина кехат дахьийтина Казахстанан Iедалхошка лерина, Нохчийчуьра вахархочунна Мовлаев Мансурна а, Оьрсийчуьра Навальный Алнескйн штабана хиллачу белхахочунна Емельянова Юлияна а экстрадица цайар доьхуш. Уьш даймахка дIахьовсабахь, кехатан авторша чIагIдарехь, йеххачу заманчохь царна тIехь къизаллаш лелор йу, уьш набахте а хьовсор бу.
​
XS
SM
MD
LG