ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцахьа леллачу дагестанхочунна таIзар дийр ду аьллачу Кадыровн векало ша шен дешнаш харцдина


Нижневартовск, гIалин сурт
Нижневартовск, гIалин сурт

Ша нохчо ву а аьлла, Нижневартовскерчу туьканахь дов эккхийтина волу Ильясханов Артур республике юхавалор ву боху къамелаш элдитнаш ду, аьлла дIахьедина Нохчийн республикан адамийн бакъонехула ХМАО-хь векал волчу Абдулхажиев Iаббазо. Хьалххо ша Абдулхажиевс дийцира иза журналисташка.

"Илисхановна 15 де-буьйса ма тоьхна чохь даккха. Кхин дIа цунах хиндерг хууш дац. Шен таIзар цунна кхаьчна хIицле а. Нохчийчу хьажор ву бохуш долу къамелаш - уьш элдитнаш ду. Дагестанхо ма ву иза, Нохчийчу ваха стенна оьшу цунна?", - аьлла цо Ura.ru зорбане.

Делахь а, Абдулхажиевс NEFT зорбане товбеца-беттан 25-хь дIахьединера, Ильясханов Нохчийчу вига кечвеш ву, меттигерчу Iедална "карор бу цуьнга бийца мотт", аьлла. Цул сов, векало элира, Ильясханов тIаме хьажо кийча хилар, бахарехь, иза цигахь йа "турпалхо санна лийр ву", йа "лартIахь волчу стеган кепехь юхавоьрзур ву".

ХIинца Нохчийчоьнан векална хетарехь, Ильясханов туькнахь харцхьа лелар – иза питана ду. Амма Абдулхажиевс ша хьалхо емалдинера Нижневартовскера и хьал. Дагадоуьйту, дайначу кIирнахь меттигерчу кхело 15 де-буьйсанна дIалецира, туькнахь йий оьцуш дIадала ахча ца хила, шишнахь кегдина волу Дагестанера вахархо, белхахочо ша динарг дIадаккха аьлча, "нохчочо цкъа а цIанйийр яц оьрсийчунна хьалхара", олу цо. Видео тIехь цо мохь туху "Сий хуьлда Американа, сий хуьлда Украинана". Шина административан артиклехула протоколаш хIиттийра цунна дуьхьал: кегийра харцхьа лелар, Оьрсийчоьнан эскарна дискредитаци йар а.

Цул тIаьхьа зорбанехь Ильясханов бехказа вуьйлуш кхин видео араелира - ша вехна хиларца кхетийра цо шен лелар, ша дийнарг сийдоцуш ду а элира. Низамхочуьнца хилла къамел текстан кепехь арахецна NEFT зорбано, цу тIахь Ильясхановс олу, ша мукъаваьлча шен цIа, Дагестане кхача лаьара шена, амма кхоьру Нохчийчу дIавигарна. Цо бахарехь, "нохчийн диаспоран векалшкара" кхерамаш кхочу цуьнга.

  • Ильясхановца скандал хиллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикал арахьа а бехаш, "шайн къам юьхьIаьржа хIиттадеш" хьийзачу нохчашна нуьцкъаха юкъараллин белхаш дайтарца кхерамаш тийсира. Пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутатаца Делимханов Адамца хиллачу цхьанакхетарехь цо тIедиллина, "лела ца хууш болу" махкахой цIаберзор. Цо бахарехь, цаьрга "горгамаш хьоькхуьйтур ю".
  • Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста видеорепортажаш гучуюьйлу гечдар доьхуш. Нохчийчуьрчу бахархошкара "сийсазечу видеон" тергойина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино, дуьненаюкъарчу динан маршонах 2021-чу шарахь хIоттийначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна Нохчийчуьрчу зорбанан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш кхайкхор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG