ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн зударех лаьцна талламаш бинчу "Проектан" коьрта редактор Оьрсийчуьра дIавахана


Баданин Роман
Баданин Роман

Журналистийн талламаш бечу "Проектан" коьрта редактор Баданин Роман а, цуьнан гIовс Рубин Михаил а Оьрсийчуьра дIавахана, карарчу заманчохь Американ Цхьаьнатоьхначу Штататшкахь ву и шиъ. Reuters агенталле бин а хаам ша Баданина.

Цо дийцина, ша цкъачунна балхах мукъа хиларх а, Project Media, Inc. (проект кхоьллинарг) "ца оьшу организаци" дIакхайкхорах а. Оьрсийчу юхаван дагахь вац Баданин цкъачунна.

Иштта "Проектан" кхин а масех журналист а ву кхечу пачхьалкхе дIаваха Iалашо кхобуш. Интернет-Iгирсан коьртачу редакторо дIахьедина, шаьш болх сацон лерина цахиларх.

Карладоккху, Охан-беттан 7-чохь арабелира "Проектехь" Кадыровн зударийн бахамах болу таллам. Талламан авторша бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун шина зудчун – Кадырова Меднин а, Хазуева Фатимин а – долахь ю Москварчу тоьлла ларалучу меттехь 800 миллион сом мах болу хIусамаш. Соьлжа-ГIалахь и информаци цхьана а кепехь яц официало йийцаре еш. Кремлехь а ца делира журналисташна цара динчу хаттарна жоп.

Instagram машанерчу "Проект" интернет-газетан аккаунтана "веллачу ден" статус хIоттийра (пайдаэцархо велча хIоттош хуьлу иза). Оцу бахьаница журналисташ 24 сахьтехь Iийнера шайн агIоне керла посташ ца хIитталуш. Иза цара дузу шаьш Нохчийчоьнан зударийн бахамах лаьцна дукха хан йоццуш арахецначу талламца. И материал араяьллачул тIаьхьа хаамийн гIирсан сайтанна маситтазза дина ddos-тIелатар. Оццу талламан хьокъехь пачхьалкхан "Грозный" телеканало дина арз бухе а хIоттош, дIакъевлира "Проектан" видео-агIо YouTube видеохостинго а.

"Проект" "ца оьшу организаци" леринчул тIаьхьа Баданин Роман а, журналисташ Чуракова Ольга а, Лукьянова Юлия а, Железнова Мария а юстицин министраллан "арахьарчу агентийн" тептаре бехира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG