ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна критика йарна тIехь ницкъбарх дийцина Нохчийчохь лачкъийначу шина вешин гергарчо


Солсаев Хьамзат а, Леча а
Солсаев Хьамзат а, Леча а

Мехкан Iедалхошна критика йарна Нохчийчохь лачкъийначу СолсаевгIеран вежаршна тIехь ницкъбарх хаийтина церан гергарчу стаго. Солсаевца цхьаьна Iалхан-ГIалара лачкъийна вигина кхин а 18 стаг.

Нохчийчоьнан куьйгаллина критика йарна СолсаевгIеран вежаршна тIехь Iазапаш хьегна, хаамбина Кавказ.Реалиига, Европехь Iаш волчу церан гергарчо. Лачкъийна бигинчех вейтта стаг вевзаш ву къамелдечунна, уьш цуьнан хилла лулахой бу.

"Суна хаарца, Грозненск кIоштан РОВД-хь латтийна СолсаевгIар, ларми чохь, ткъа тахана Iуьйранна экстремизмана дуьхьало латточу центре дIабигина уьш. Официалехь бехкаш дехкина дац царна. Амма тхуна хууш ду, къизаллица царна тIехь ницкъбинийла. Iедалхошна уьш лийна хиларна, ницкъахой дера бара царна. Вежарий дийна бу аьлла, дегайовхо йац тхан", - дийцина гергарчо, шена хаам стенгара кхаьчна а ца дуьйцуш.

Цо бахарехь, вежарша зуламаш лелийна дац, бехкзуламан гIуллакхца доьзна тIекхайкхина а бац. Воккхаха волу ваша телефонаш а, аксессуараш а юхкуш вара, жимахверг ханна болх беш вац, ши кIира хьалха зуда ялийнера цо. Церан нана цIе ца йоккху лазарца ю, кху деношкхаь дарбанан цIийне дIайигинера иза.

Кавказ.Реалиин сайто хаамбарца, лачкъийна хилла 20 стаг Соьлжа-ГIала дIавигинера, цигахь къайлахчу набахтехь латтош бара уьш. Редакцин Iалхан-ГIаларчу шина хьасто тIечIагIдира нах лечкъийна хилар. Къамелдечара кхин совнах хаамаш ца бо, экстремизмана бехкебина хила тарло уьш алар доцург

Республикерчу МВД-н урхалло йина комментарий йац нах лечкъорах а, нийкъбарх а лаьцна.

  • Нохчийчуьра Алхазов Аюб а, Тазабаев Рамзан а кхелхира, махкарчу полицин декъахь Iазапаш хьегначул тIаьхьа. Ницкъахоша лачкъийна вигина, хьийзийначул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ.
  • Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, дохку бехкаш тIе ца дуьтура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG