ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс а, тIеман министралло а дIахьедина, Мариуполехь "дукха нах" йийсаре буьйлу. Цуьнан тIечIагIдарш дац


Мариуполь, Охан-беттан 3-гIа де
Мариуполь, Охан-беттан 3-гIа де

Хьалхо Мариуполера Ильичан цIарах комбинат йолу меттиг ларъеш хилла Украинан эзар сов хIордан гIашсалти йийсаре ваьлла, бохуш дIахьедо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"ВСУ-н эзар сов хIордан гIашсалти тахана Мариуполехь каравеана ваьлла. Царлахь бIеннаш лазийнарш бу…", - яздина Кадыровс шен телеграмерчу каналехь.

Iуьйранна хиллачу брифингехь тIеман министраллин официалан векало Конашенков Игоря дийцира, 36-чу хIордан гIашсалтийн бригадера 1 026 украинхойн эскархо ййисаре ваьлла, бохуш.

Украинан тIеман ницкъийн официалан сайта тIехь карарчу хенахь шортта гIашсалтий ййисаре бовларх лаьцна хаам бац.

Украинан Къоман гвардина юкъайогIучу Мариуполь ларъечу "Азов" полкехь реза ца хилира оьрсийн официалера хьаькамийн дIахьедаршна комментарий йан.

Оцу хеначохь ВСУ-н Мариуполера цхьахйолчу тобанан командира шен цIе а ца йоккхуш, хаамбира Кавказ.Реалиига, 36-чу бригадера цхьаберш кхечу тобанашна тIекхаьчна, важа дакъа Ильичан заводехь диссина, аьлла. Шортта нах йийсаре эцарх лаьцна хаам тIечIагIбан, йа харцбан ца хIоьттира иза.

  • Зазадокху-беттан 4-чуьра схьа дуьйна шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 26-зза дIахьедира, оьрсийн эскархоша а, иштта Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан полкан дакъоша а, Росгвардино а гуонна юкъаерзийна украинхойн Мариуполь кеста схьайоккхур ю аьлла.
  • Охан-беттан 13-гIа де – тIеман 49-гIа де. Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дIахьедина, шегахь шеконаш яц аьлла: лерина операци шех олучун Iалашонаш кхочушйийра ю. Цо бахарехь, оцу Iалашонех коьртаниг – "Донбассерчу наханна гIо дар". Мариуполехь луьра хьал лаьтта бохуш хаамаш кхочу. Шинарин дийнахь ВСУ-но йина лерина операци бахьанехь, баттахь сов Мариуполь чоьхьара ларъеш хилла 36-гIа хIордан гIашсалтийн бригадан бIеннаш эскархой гуона юкъара арабаха аьтто баьлла. Харьковна уллора Изюм гIалин агIонехьа йогIуш йолу оьрсийн тIеман техникан йоккха ковр ю спутникан суьрташ тIехь гуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG