ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровс багалеяр": пачхьалкхийн президенташна кхерамаш стенна туьйсу Нохчийчоьнан куьйгалхочо


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, архивера сурт
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, архивера сурт

Украинера тIом болабелчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна, официалерчу Киевехьа тIом беш болчу нохчашна а, пачхьалкхийн хьалханчашна а. Амма Нохчийн республикан куьйгалхочун дIахьедарех ийзавала оьший теша?

Шен даржехь волчу хеначохь Кадыров зевне дIахьедаршца вевзина, Нохчийчоьнан бахархошлахь хилла а ца Iаш, цуьнан дозанан арахьа а. Чиллан-беттан 24-хь дуьйна, Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал тIом баьккхинчу дийнера схьа, Кадыров вуно жигар ваьлла, Путин Владимиран пресс-секретара Песков Дмитрийс цул хьалха Оьрсийчоьнан арахьара политика лелориг мехкан президент ву, аьлла цунна дага даийтинехь а.

Кремлана, коьртачу прокуратурина, Талламан комитетана цкъа мукъане а ца карийра Кадыровн дешнашкахь криминале хIумма а. "Сан дешнашна нийса гоч ца дина", "Аса рогIерчу вахархочо санна бохура, республикан куьйгалхочо санна ца бохура", - иштта бехказвуьйлура куьйгалхо, шена бакъоларъярхоша критика йича.

Оьрсийчоьнан президентан метта хиллехь ша "дукха хенахь дуьйна Украина схьаяьккхина хир яра", бохуш дIахьедарш хьалхо Кадыровс динехь а, тIаккха хIинца иза кхин а гена ваьлла: хIинца цуьнан Iалашо Польша ю – ялх секондехь схьайоккхур ю ша иза, бохура. Варшавехь оьсийн векална Андреев Сергейна тIе цIен басарш Iенор бахьана хIоьттира иштта дIахьедарш дан.

Оцу тIехь ца сецна Кадыров. "Украинина тIехь толам баьккхича, НАТО-н пачхьалкхашна демилитаризаци яран" шен план а гучуяьккхира цо.

"Кхин дIа даха кийча ду, хало йоцуш Киев а, НАТО-н пачхьалкхаш а схьаяха", - аьлла дIахьедира цо, тIетуьйхира, шайн тIеман тобанашна "дуьхьало йан ницкъ болуш "цхьа а эскар дац дуьненахь".

Зазадоккху-баттахь Украинан президенте Зеленский Владимире вирзира иза, "низамехь волчу президенте Янукович Викторе" Iедал дIало аьлла кхайкхам а беш. Цо яздира, ша Путинера Украинан таханалерчу президентана лерина тховкIело еха кийча ву, тIаккха вукхуьнан аьтто хир бу "жимма мукъане а шегарчу бехкех цIанвала". Зеленскийна "юхатоха йиш йоцучу тIаьхьалонашца", чIирца кхерамаш тасса а ларийра Кадыров, иштта цо дош делира цуьнан хьехамчан Арестович Алексейн "неIаре пIелг тоха".

Американ президентана Джо Байденна а ца кхечира кхин кIезга оьгIазалла, цуьнах Кадыровс "ша дуьненан жандарм хеташ волу маньяк" ву аьлла, вукхо Путинах "нах бойъу диктатор" аларна.

ТIаккха Кадыров девнаца чухьаьдира Казахстанна а, иза хилира президента Токаев Касым-Жомарта Санкт-Петербургерчу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь Астанас "ДНР-н" а, "ЛНР-н" а суверенитет къобал ца йо аьлча.

ТIаьххьарчу хенахь уггар дукха Кадыровгара дакъа кхочу Украинехьа йолчу Дудаев Джовхаран а, шейха Мансуран а цIарах йолчу нохчийн лаамхойн батальонийн декъашхошна. Бекхамца кхерамаш тессина царна Кадыровс, иштта аьлла царах "нацикаш, бандеровхой, шатIанаш а".

Нагахь санна Путина пурба делча, "цаьрца дерг къасто" дукхазза гIиртина иза. "Омра бен дац оьшург, кхин дIа цаьрга собар дийриг клеткаш йолу стигал, йа латта бухахь кхо метр ю. Иштта бен хир дац", - яздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Хьалхо оцу батальонийн эскархошка кхайкхам бинера цо. Шен телеграмерчу каналехь цо дехнера, йолана дуьхьал церан буьйранчийн болу меттиг йийца шена, аьлла – Осмаев Адаман а, ЧIебарлойн Муслиман а.

Цо иштта дIахьедира, "царна къинтIеравала кийча ву ша", нагахь санна шайна гечдар цара дехахь, бохура, ша Путине царна амнисти йар доьхур ду. Кадыровс шозза элира "церан коьртех" миллион америкхойн доллар ахча дала кийча ву ша. И ахча билгалдаккха кийча верг цхьа хьенехан "патриот" ву бохура. Амма батальонашкахь ца бешира цуьнан къамелех.

"Цо дешнаш луш лаьтташехь, батальонех дуккха а нах чекхбевлла, уьш таханлерчу тIемашкахь дакъа лаца Iамийна бу, иштта кийча бу, "кадыровхойн тикток-камарилья" дIа а хьаькхна, Соьлжа-ГIала йозуш йоцчу Ичкерин байрак холла", - дIахьедина Кавказ.Реалиига шейх Мансуран цIарахчу батальонан хаамийн сервисан куьйгалхочо Чеченский Богдана.

Кадыровн кхерамашна лакхара мах хедон ца оьшу, иштта тидам боцуш бита а ца беза, аьлла хета нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона: "Рожан критикаш иштта а бу гуттара а кхерамехь. Аьтто хилча Кадыровс уьш хIора а хIаллакбийр бу. Иза тхан рогIерчу дахаран дакъа хилла даьлла. ТIаккха къаьсттина дешнаш [пачхьалкхийн куьйгалхошна кхерамаш тийсар] суна бага леяр бен ца хета".

"Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочунна, политологна Кутаев Русланна хетарехь, Кадыровс туьйсучу кхерамашна бухахь хIумма а дац, еккъа пропаганда йоцург, тIаккха уьш дийцаран Iалашо – украинхойн синхаам гIелбар а, оьрсийн къам иркарахIиттор а.

"ТIом болабелчхьана дуьйна Кадыровс вуно дукха къамелаш до. Амма НАТО-на туьйсу кхерамаш – уьш къамелаш ду, царал гена а ца долу иза, хета Кутаевна. – Оьрсийн пропагандо хьалххе дуьйна баккхийра кхерамаш туьйсура. Амма уьш дешнаш ду, шайн кIелахь цхьа а бух боцуш".

Оьрсийн политологна, политикан Iилманийн кандидатна Галлямов Iаббасна хетарехь, Украинерчу тIамо Кадыровн а, цуьнан эскархойн "моттаргIанаш а, гайтаме доьналла а" гучудаьккхина: "Цуьнан репутаци чIогIа телхийна Украинера тIом бахьанехь. Цо ма-дарра гайтина, кадыровхой хьалха ма-моттара кхераме ца хилар. Украинхоша гайтина, царна етта мегаш хилар. ХIинца эшаман къахьалла меттахIотто гIерта иза шоух пайда а оьцуш".

***

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан рожна а дуьхьал джихIад кхайкхийна къобалъязчу Ичкерин агIончаша. Иштта Нохчийчоьнан бахархошлахь къайлаха болу болам кечбарх лаьцна дIахьедира Ичкерин хиллачу президентан кIанта Масхадов Анзора а, Шейх Мансуран цIарах йолчу, Украинан агIо лаьцна тIом беш йолчу нохчийн батальонан спикеро Белокиев Ислама а. Цара бахарехь, оцу кечаман Iалашо – "Ичкери оккупацих мукъаяккхар а, маьрша хилийтар а".

Видео тIехь туьтмIаьжгашца яххьаш дIа а хьулйина, тIеман барзакъ доьхначу вевзаш воцчу шина стага Нохчийн республикан байракх ягайо. Цара дIахьедо, джихIад дIакхайкхийначу минотехь дуьйна республикехь болх беш къайлаха болам хир бу – цуьнан агIончаш, дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу гонехь а бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG