ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратистийн Нохчийчоьнца юьстина Кадыровс "ДНР" а, "ЛНР" а


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйлхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думо "ДНР" а, "ЛНР" цIерашца евзаш ерш къобалъяр доьхуш президенте Путин Владимире хьажийна арз ша къобалдо, аьлла.

Нохчийн политико цигара хьал дуьстина 1990-чу шерашкарчу Нохчийчоьнца: "Нохчийн къоманна дика дагадогIу, стенна тIе дига тарло хьал харцоно, ницкъбаро, саццанза тIом баро а. Тхуна ма-дарра дагадогIу, стаг хьоьгур воцу тхан синхаам а, хьал а, тхуна хета, и ши республика кIелхьара йоккхун ерг логикан чакхе ю", - яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

ТIе ца эцначу 1990-чу шерашкарчу Нохчийн республика Ичкерин а, оцу Донбассерчу сепаратистийн республикашна а юккъехь тера догIурш билгалдоху оцу дIахьедарехь, тIе тидам бохуьйту Украинан экспертан "Сова" тобанан куьйгалхочо, профессора Савва Михаила.

"Вуно коьрта ду дуьненара къепе – гIурт а боцуш, билггала къепе хилар, цхьатерра ловзаран низамаш оьшу. Сепаратизм - иза миччахь а сепаратизм ю, вайна иза хаза хетахь, ца хетахь. Цуьнга йолу дог-ойла а цхьатерра хила еза. Ишта хуьлийла дац, Оьрсийчоьно шен декъехь сепаратизм хIаллак а еш, кхечу палхьалкхехь ерг къобал а еш", - тIетуьйхира Саввас.

Шинарин дийнахь Оьрсийчоьнан думан депутаташа къобалйира президенте Путин Владимире Украинан малхбалерчу "ДНР-ан", "ЛНР-ан" йозуш ца хилар къобалдар доьхуш, хьажийна проект. Иза тIеэцийта аьлла кхаж тесначарна юкъахь бара оцу дийнахь кхеташонан зал чохь ца хилларш а, яздо "Радио Свободано".

Украинан арахьарчу гIуллакхийн министра Кулеба Дмитрийс шен рожехь дIахьедира, сепаратистийн и республикаш Москвас къобалъяр Минскехь бинчу бертана юкъара иза араяьлча санна Киево тIеоьцур хилар.

Думехь хиллачу кхажтассарна комментариш йира мехкал арахьа а. НАТО-н коьртачу секретара Столтенберг Йенсо Кремлана ларъялар хьийхира Донбассера "къоман республикаш" къобалъярх, Путина и гIулч яьккхахь, "иза Украинан латтийн цхьаалла а, йозуш ца хилар а вуно харцачу кепехь дохоран керла агIо хир ю", иштта "Минскерчу бертана тIерадовлар а хир ду, ткъа цо кхин а халчу доккхур ду политикан дов листаран агIонаш лахар".

  • Дуьххьара деш дац Кадыровс арахьарчу политикаца доьзна даккхийра д1ахьедарш, цо иштта Украинан президенте Зеленский Владимире динера кхайкхамаш. Дечкен-беттан 24-хь Кадыровс дIахьедира, Оьрсийчоьнан президентан метта хилча ша "тоххара схьаяьккхина хир яра Украина, цига эскар а дахийтина, къепе хIоттор яра" аьлла. Цунна хетарехь, Украина хIинца Американ контролехь ю. Арахьара политика лелориг Оьрсийчоьнан президенит ву аьлла, Кремло дагадаийтинчул тIаьхьа, Кадыровс билгалдаьккхира, "Украина схьатохарх" дешнаш федералан центрца дагаваьлла аьлла дацара, иза шена хетарг дара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG