ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена реза цахиларш кечдан кхо де делла Кадыровс гIалгIашна


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видеокхайкхам дIаязбина, луларчу ГIалгIайчуьрчу бахархошка а, къаношка а хьажийна болу, хаам бо Радио Свобода портала. Оцу кхайкхамехь цо кховдийна кхо де далале шена долу реза цахиларш кечде аьлла. Нагахь ша бехкевар бух болуш дацахь а, сий дойуш а хилахь, аьлла цо, шена цхьана а низамо новкъарло йийр яц, шен а, шен доьзалан а, халкъан а сий лардан аьлла. Иза кхочуш дан хIуъа а дийр ду ша, боху Кадыровс.

Инстаграмехь зорбане баьккхинчу кхайкхамехь Кадыровс боху, ша буьтур бац "шен халкъан а, тайпан а, доьзалан а, шен а сий а, дозалла а бехдан гIерташ болу нах, жоп доьхур ду ша". Кадыровс ша бехке ву аьлла хетахь шена догIу таIзар а дийца боху шега. Цо тIетоьхна, кхаа дийнахь-бусий жоьпе хьоьжуш Iийр ву ша аьлла.

Кадыров огIазвахийтинарг ду ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу динца доьзначу гIуллакхашкахула урхаллин хьаькамо Хадзиев Яхьяс, шена бехк цабиллар дехар. Оцу стага шена къинтIера ваьккхинарг Кадыров вацара, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна ша мараэккхарна шена луьйш болу нах бара.

Кадыровс дIахьедар дина 2018-чу шарахь Гезгмашин-беттан 26-хь дозанех лаьцна бинчу бартаца ГIалгIайчохь нохчийн ярташ йисна хиларх.

"Ас дуй буъу Делан цIарца, со а, сан тайп а Дала хIаллак дойла, нагахь ас харцдерг дийцахь: ас дерриг а дира, шун куьйгалло ма деххара. Со юхавелира, йитира тхайн ярташ, - дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

  • Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартана кIел куьг таIийра шина республикан куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а 2018-чу шарахь Гезгмашин-беттан 26-хь. Бинчу бартана реза боцчу наха масех митинг дIаяьхьира 2018-чу шарахь гуьйранна а, 2019-чу шарахь бIаьста а. Демонстранташна хетара, дозанаш билгалдахар нийса дина дац аьлла
  • 2021-шо чекхдолуш ГIуран-беттан 15-хь Ессентукехь хиллачу кхело гIалгIайн дуьхьалонан акцийн 7 хьалханчана 7,5 шаранна тIера 9 шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Уьш бехке лерира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхарна дуьхьал хиллачу Магасерчу митингехь ницкъбар вовшахтохарна а, эскстремистийн юкъарло кхолларна а. Чубоьхкинарш политикан тутмакхаш лерира бакъонашларъяран "Мемориал" центро (вовшахтохаралла юкъатоьхна ю иноагентийн реестрна).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG