ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровс шен бераш стенна ца дохуьйту цига?" Нохчийн ницкъахой а, Путинан тIом а


Кадыровн спецназхой

Нохчийчоьнан куьйгалхо массо а агIор дIахаийта хьийза, шен куьйгакIелара нохчийн эскархой Украине хьежош бу, йа хIинцале а цигахь бу уьш бохуш. Луларчу пачхьалкхана динчу тIелатарехь дакъалаца билггал маса стаг вохуьйтур ву, муьлха эскарш ду а ца дуьйцуш, Оьрсийчоьнан регионан урхалхочо зорбане йоху сторисаш, итт эзарнашкахь нах герза буха хIиттон кийча хиларх дIа а хьедеш хуьлу, яздо Кавказ.Реалиино.

Маса ницкъахо хIинцале а Нохчийчуьра Украине хьажийна, маца а шеконашкахь дуьсу. Кадыровс хIоттийначу, хьуьнчохь ламазаш дечу нохчийн видеоно дуккха а хеттарш хIиттийра республикан бахархоша тIеман операцехь дакъалацарх.

Нохчийчуьра дIабахначу эскархойх официалехь пресс-релиз гучу ца елира Украинана Оьрсийчоь тIелеттачу шолгIачу дийнахь а, ур-атталла. ХIетахь эзара Росгвардин эскархо Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигна хьалха дIахIоттийра – майданара уьш дIабахара спецтехника тIехь. Iедалшна муьтIахь йолчу пабликаша социалан машанашкахь яздира, салтий Украине боьлхуш бу бохуш. Телеграм-каналашкахь хабарш даьржира, омра даре а хьоьжуш, гIалин тIемашкахь дакъалаца кийча ву итт эзар кадыровхо аьлла. "Чечня Сегодня" агенталло яздора, 12 эзар эскархо ву бохуш, Украинерчу президенте гечдар деха аьллачу Кадыровн дешнаш а далош.

ТIаьхьо, оцу дийннехь къаьстира, телекамерашна хьалха маьждигна уллохь сурт хIиттийна ницкъахой цхьанхьа а боьлхуш боцийла, ткъа Кадыровс дIахаийтира журналисташка, уьш дехьабахарх цхьа а сацам бина бацара аьлла. Цо билгалдаьккхира, нохчийн ницкъахой кийча хиларх "муьлххачу лерринчу операци муьлххачу дозана тIе кхача, Оьрсийчоь Iалашъярахьама".

Регионерчу бакъоларъяран органашкарчу Кавказ.Реалиин хьосто тIечIагIйира информаци, Кадыровна муьтIахь болу Росгвардин эскархой Нохчийчуьра Украине боьлхуш бац аьлла.

Леррина Кремльна герз декор

Кадыровн самукъадолу герз ловзош, кхерамаш туьйсуш, Путинна муьтIахь хилар дIагойтуш – иштта мах хадийра, нохчийн салтий Украине хьийсон тарло аьлла, баьржина хаам нохчийн оппозицин 1АДАТ телегрма-канало.

"Ши батальон, "Юг" а, "Север" а, хьажийна Украине тIом болалучу муьрехь, ткъа Чиллан-беттан 25-чохь – Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан цхьа дакъа а. Майданара эзар эскархо а гулвина, хIоттийна сурт – рогIера цирк яра", - билгалдаьккхира 1АДАТ-н администраторо.

Цо дийцарехь, цхьахволчу кадыровхочо, хетарехь "Север" батальнехь волчу, дIаязйина аудио социалан машанашка кхаьчна. Цу тIехь цо боху, шайн тоба дронашца хIаллакйина.

Иштта 1АДАТА-н векало хаамбина, Нохчийчоьнан куьйгалло шен ма-хуьллу Iуналла деш ду тIемашка хьежочех информацина тIехь. Цига бахийтинчийн гергарчарна дихкина ду Нохчийчуьрчу полицино интернетехь дийца а, яздан а, хиллачу эшамех къайладахьа Iалашонца, чIагIдо оппозицин телеграм-канало.

ЦIа хьажийнера, кхузахь дIавоьллина. Цул тIаьхьа со сайн кIант а эцна, гIалара юьрта дIаяхара, ткъа ши де даьлча юхаеара

Соьлжа-ГIаларчу яхархочо Алинас дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте, масех кIира хьалха Донбассе хьажийна шен хилла цIийнда дахначу кIиранах вийна цIа веара: "ЦIа хьайжийнера, кхузахь дIавоьллина иза.Цул тIаьхьа со гIалара юьрта дIаяхара, ткъа ши де даьлча юхаеара, сайн хIуманаш дIаяхьа. Со цIа ма кхаччара, тIеман барзакъца нах баьхкира, тхан меттигерчу декъан полисхо а цхьаьна. Цунах лаьцна хаамаш нахалабохур бац аьлла, кехатна куьйгъяздайтира соьга. Ас куьйг таIийра. Стенна дуьйцур дара ас цунах лаьцна? Иза наркоман вара, дукха хан йоццуш набахтера ара а ваьлла, со цуьнца Iаш йоцу кхо шо а дара".

Оьрсийчоьнан тIеман тобанийн могIаршкахь Украинана тIелеттачу шайн цIийндайх лаьцна социалан машанашкахь яздинчу оцу зударшка ницкъахоша дIадайийтинера йозанаш, боху Алинас.

"Тхайлахь оха оцу салтех "пондарчаш" олу. ТIаме буьгу уьш, цигахь "мукъам олий", когаш хьалха юхабогIу", - тIетуху къамел динчо.

"Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн могIаре язйина, центр цунна реза яц) центран бакъоларъяран кхеташонан декъашхочо Орлов Олега хаамбира, Украине хьежочу нохчийн ницкъахойх шена хууш ду аьлла.

"Нохчийчуьра эскархой билггал оьсийн-украинхойн дозана бохуьйтуш бара. Схьахетарехь, дIалецначу дозанашна тIехь Iуналла дан. Ткъа мел ву цигахь тIом беш верг, хууш дац. Кадыровна чIогIа лаьа цига нохчий бахийта. Цунна хазахета, шен куьйгакIел долу эскарш Шемахь жигара хьийзаш ду, хIинца Украинехь а ду бохуш, пропаганда яр дезаш ву иза. Боккхачу барамехь, ян а ю иза пропаганда", - билгалдоккху бакъоларъярхочо.

"Шайн дагахь украинхошна сагатдо цара"

Кадыровхойн дакъойн ницкъ гайтар Кремльна оьшуш ду, ткъа украинхой кхерош бу майрачу нохчашца, боху политолого Кутаев Руслана.

"ХIара шоу ю. Украинан агIонна фейкометаш. Иттаннашкахь эзарнаш тIемалой бу цига богIуш, бохуш. Ма-дарра аьлча, 500 вахийтина хир ву цига", - аьлла хета Кутаевна. – Росгвардин федералан гIуллакхдархойн а, тIеман министраллан а дакъош ду уьш. Нохчашца гIуллакх долуш дац уьш. Уьш кхета, шаьш шайн боцчу тIаме доьлхуш дуй. Бакъонехьа болу нохчий а, талораш лелон нохчий а, - уьш тайп-тайпана нах бу. Шайн дуьхьа боьлхуш бац уьш, Путинан амбицешкахьа бу".

Бакъонехьа болу нохчий а, талораш лелон нохчий а, - уьш тайп-тайпана нах бу. Шайн дуьхьа боьлхуш бац уьш, Путинан амбицешкахьа бу

Кутаевс дийцарехь, дукхахберш шайн лаамехь бахийтина бац: "Оцу салтийн цхьаъ бен йоцу Iалашо ю – дийна Украинера юхаберзар. Со теша, украинхошкахьа цабезам бац церан. Со теша, шайн дагахь украинхошна сагатдо цара".

Нохчийн ницкъахойх цхьанна а ца лаьа тIамехь вала. Къевлинчу чаташкахь шайна хетачух а, кхийсаршна юкъахь нисдаларна шайн кхерамех а яздо цара боху Туркойчохь вехачу оппозицин нохчийн блогеро Халитов Хьасана.

"Цара вийцарево Кадыров, хоьтту, тIом бан шен бераш хIунда ца дохуьйту цо? Уьш Iадийна бу. Къевлинчу чаташкхаь дуьйцуш делахь а, шога къамелаш до цара", - боху Халитовс.

Блогеро чIагIдо, Украинехь пхийтта Нохчийчуьра вахархо вийна аьлла, шегахь хаамаш хиларх. Официалехь информаци тIечIагIйина яц.

Оцу юкъанна нохчийн ши батальон – шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а цIарах- дакъалоцуш ю Киевхь латточу дуьхьалонехь Оьрсийчоьнан эскаршца тIом беш. Украинехь вехачу жигархочун Бакаев Iелин дешнашца, нохчий а, Къилбаседа Кавказера кхечу къоман векалш а кийча бу дозанаш тIехь дуьхьало латтон агрессоршна.

Киеверчу диаспоран векало Сидаев Руслана Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тIетуьйхира, Киев Iалашъеш гIалгIай а, дагестанхой а бу аьлла. Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьал лаьтташ Къилбаседа Кавказера билггал маса стаг ву хууш дац, ца хIоьттира къамел дийриг маса ву аьла – "200-300 стаг" хила тарло элира цо.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG