ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровца "чIогIа дика юкъаметтигаш" ю шен аьлла Путинан пресс-секретаро


Песков Дмитрий
Песков Дмитрий

Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс бакъ ца дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шен дов хилар – цо дIахьедина, политикца доттагIаллин уьйраш ю шен аьлла.

"ЧIогIа дикачу юкъаметтигашца ву со а, Кадыров Рамзан Ахматович а, тхайн къамелашкахь наггахь вовшийн критика яр а нисло. ДоттагIаллица", - далийна ТАСС агенталло Кремлан векалан дешнаш. И хаттар динера Песковга шинарин дийнахь журналисташа.

Карладоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочо критика йира Песковна, Украинан дозана тIехь ву бохучу шена инарла-лейтенанта чин даларца декъал ца вича, амма "патриот" ву элира цо Оьрсийчуьра дIавахана тележурналист Ургант Иван. Цул совнах, регионан куьйгалхо "тIеман партин" векал санна вистхилира, Песковс Украинаца дийцарш кхин дIа а дан деза аларна дуьхьал.

«Медузас» шен шина къайлахчу хьостанна тIе а тевжина, хаамбира хIетахь, Песковна телефонехула кхерамаш тийсина аьлла. Сайтан хьасташа чIагIдора, вовшахкхетта деш тIелатар-м дац пресс-секретарна, амма Путина иза а доьхкуш дац аьлла. Делахь а, ресурсаца къамелдинарш тешна бара, массарна а гуш-хезаш пресс-секретарехьа гIо даккха "хIуттур вац" президент, хIунда аьлча, Украинаца дийцарш дарх хаттар цуьнан рейтингах хьакхадала тарло.

«Проектан» журналисташа иштта хаамбира, цхьайолчу пачхьалкхан зорбанан гIирсашна дихкина Iедалхошца дага а ца бовлуш, Кадыров Рамзанан Украинерчу тIамах деш долу дIахьедарш дало. Нохчийн куьйгалхочуьнца иккхинчу конфликтана жоп луш йина Песковн гIулч яра иза, яздора зорбанехь. Кавказ.Реалиина къаьстира, тIом болабелчхьана федералан зорбанан гIирсаша Кадыров Рамзанна шайн эфиран кхо минот бен елла цахилар.

  • ТIаьххьарчу шина баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Украинерчу тIеман коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух, йоьшу шен мостагIашна байташ. Регионан политикан гIаравийлар гуш лаьтташехь кхуьуш ду - Чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан агIоне язбеллачийн терахь лакхадаьлла – 60 эзарна тIера шина миллионе кхаччалц. Делахь а, контентан дикаллех кест-кеста хеттарш кхоллало. Кавказ.Реалиина эксперташа дийцира хьалхо, тоьхна доза доццушехь, Нохчийчоьнан куьйгаллин хIунда яц таро кхачам боллуш эвсара информацин болх дIабахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG