ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ширачу заманахь а даздеш хилла нохчаша керла шо тIекхачар"


Керла шо тIекхочуш ганцхоша хIора юьртана уллерчу хьуьнхахь лохуш хилла 12 га долу наж.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:36 0:00
Линкана тIе

Керлачу шарна герга мел кхочу, социалан машанехь кхайкхамаш алсамбевлла иза даз ма де бохуш. Амма кIеззиг бац иза даздан лерина нах. Иза дац уьш бусалба динах бовла гIертар. Самукъадалар кIеззиг долчу кху заманахь хIара де кхин а цхьа бахьана ду, шен беза-бевзачарна диканиг хилийта лаар а, царна довха дешнаш ала а, шен доьзалехь цхьана а кхетта, цаьрца шайн деган йовхо екъа а.

Нохчаша Керла шо даздар даима хилла ду. Ширачу заманара дуьйна схьадогIуш ду и ламаст. ХIетахь и де кхин а 6 де хьалха хилла, бохуш оцу даздарх дийцира нохчийн этнографо Хасиев Сайд-Мохьмада: «25 дийнахь (ГIуран-баттахь) дIадолало Керла шо. Маьлхан рузмица ма бай вайн хIенанхIоттам. И де тIедале 12 де хьалха кегий нехан цхьа тоба арайолуш хилла хьуьнах яха.

Царах ганцхой олуш хилла. ХIора юьртана уллехь йолчу хьуьнхахь цара лохуш хилла 12 га долу наж. Иза лаьттах а ца кхоьтуьйтуш юьрта бан безаш хилла мел гена делахь а. Ткъа юьртахь бисинчара лайх гIала йой, хи а тухий, шаръеш хилла, цу тIевала хала хилийта.ТIаккха оцу гIали буьххьера тишаниг охьа а тосий, керланиг дIахIоттош хилла».

Ширачу заманахь керлачу шаре бовлуш цIенаниг чуяхьаш, тишъеллачух дIакъаьсташ Iедал хилла нохчийн, бохуш кхин дIа а дуьйцу Хасиевс: «И охьатеснарг, дукха гена а ца долуьйтуш, циггахь дагош хилла. Лайн межаргаш а детташ, дуьхьал бовлуш хилла бухахь бисина хилларш, къаьстина зудабераш.

Керла шо догIучу хенахь хIусамера тишъелларг схьа а гулйой, дечигца ягош хилла. Иштта Рождество олуш ду-кх католикийн. И Рождество санна хилла-кх вайн рузма, маьлхаца йоьзна».

Керлачу шарца декъалдар а хилла ширачу заманахь нохчашна юкъахь. Ша мел долу даздарш санна юкъаметтигаш карла а йохуш, хьошалгIа оьхуш хилла кегийрхойн тобанаш.

Дуьйцу Хасиевс: «Калядка олуш ду-кх оьрсийн, вовшийн декъалбеш. Иштта хилла вайн а. Вовшийн декъалбеш, дуьмийн байракхашца, йоьхьийн тоьпашца нехан уьйтIа а хIуьттуш хилла. ТIаьхьа юкъадаьлла ду «кегий галнех бIабахийла» вайн бохуш. Йиш локхуш хилла. ХIора неIарга а хIуттуш хилла, царна совгIаташ луш а хилла: хьовлан межаргаш я баIарш».

Кху шарахь цхьана хIуманехь хийцам хилла нохчийн юкъараллехь. Базалг ца хIотторш а дукха бац. Амма керлачу шарца декъалдар нахана юкъара хенахь дIадер дац. Дика болх шен гергарчарна а, уллерчарна а хилийта ца лууш цхьа а хир вац.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG