ТIекхочийла долу линкаш

Керла шо синтеме догIийла лаьа Нохчийчура могIарерчу нахана


Нохчийчоь -- Керла шо даздан кечлуш бу Соьлж-ГIалара бахархой.

Цхьаболчу Iедалхоша а, динадайша а Керла шо тIекхачар даздо бохуш билгалдаккхар а къилахь ду бохуш чIогIа нажжаз до иза. Бакъду, цара и мел хьараме дийцарх могIарерчу бахархойн Керлачу шарца йоьзна дика, хаза ойланаш дебахь бен лахлуш яц.

Ма-дарра аьлча, тIетоха а, дIадаккха а хьашто йоцуш, дукхахболчу бахархоша уггаре сирла, самукъане, безаме лоручех ду Керла шо даздар. Цуьнца доьзна адамаша сатуьйсу къаьхьаниг, вониг, маьттазниг чекхдолучу шарца а дуьсуш, тIедогIучу Керлачу шаро шайн дахаре ирс-аьтто, беркате хийцамаш баре.

МогIарерчу нахаца хеттаршка вийларо гойту церан сагатдийриг, цара сатуьйсург хIун ду. Массара а бохург санна,вовшашца уьш дагабийлина а моьттур долуш, билгалбохура юкъара кхетамаш. Масала, бахархоша сатуьйсу Керлачу шарахь ладегIам а боцуш, махкахь болх-некъ болуш синтеме дахар хиларе.

Гуттаренна а дIадаьллачу шарца дуьсийла лаьа нахана цхьангара цхьаъ даьлча, бехк-гуьнахь доцчу гергарчарна тIеIаткъам бар а. Керлачу шарца шайн йозаелла ойланаш йовзуьйтуш ю Соьлж–ГIалара Хадиштий, Яхиматтий.

Хадишат: «Хаза бан белхаш а болуш догIийла лаьара суна Керла шо. Мерза Iаш а долуш, могуш а долуш, вуьйш-воккхуш стаг а воцуш, ладегIам а боцуш,чуоьгуш кеманаш а доцуш…»

Яхимат: «Адамашна садоIийла а яьлла, тIаме кегийрхой дIа а ца хьежош, тхан белларш ишта тоьур бара. Цхьаммо цхьаъ дича гергарниш махках бохуш хьийзабойла а ца лаьар-кх тIедогIучу шарахь. Нехан хIинца – тIаккха хIун хуьлу те боху ладегIам дIабаьлла догIийла и Керла шо. Маьрша догIийла иза»

Керла шо вер-ваккхарш а, лецарш а доцуш, синтеме а маьрша а догIийла луъчех ю Соьлжа кIоштера йохкаэцархо Марха.

Марха: «Совнаха хIумнаш дIа а девлла, вер-ваккхарш а.лецарш а доцуш синтеме,маьрша догIийла лаьар-кх».

Мехалчех мехала лору Шелан кIоштерчу дубин эвларчу Саламбека къоначарна болх-некъ хилар. Цо сатуьйсу цу декъехь тIедогIучу шарахь бIаьрла хийцамаш хиларе.

Саламбек: «Баккхийнарш-м пенсехь а болуш, хала-атта хене бовлуш цхьа лол бетташ бохку. ХIинцца доьзал кхоьллинчу кегийчу нехан ду-кх къа. Царна болх хуьлуьйтур бар-кх ас сайн аьллар хилча тIедогIучу сарахь. Чохь доьзал бу,болх-некъ бац,цара хIун дан деза? Уьш бу-кх миска нах. Гуттар гIаддайча юьхьарлоцу хир бу-кх цара харц некъ. Хаац суна-м».

Керлачу шарахь Iедалхой а, могIарера нах а вовшашна муьтIахь, барт болуш гойла луъчех ю Теркйист кIоштара къано Секимат.

Секимат: «Сайн доьзал сайна муьтIахь а болуш, со доьзална муьтIахь а йолуш доуьйтур дар-кх ас Керла шо. ТIехIоьттина Iедал а муьтIахь а долуш. Дала бусалба динехь дойла вай. Бертахь хуьлийла лаьа-кх сунна. ТIом ца хилчахьана кхидергга-м лан хала дацара»

МогIарерчу бахархошна даггара лаьа шайн махкахь Керла шо, цу дешан шуьйрачу маьIнехь, шена хетарг дIаала а, ваха-ван а, бакълена а маьрша догIийла.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG