ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

YouTube-чу филман турпалхочо дуьйцу ша Нохчийчохь тIом бар


Соьлж-ГIала, 1995 шо.
Соьлж-ГIала, 1995 шо.

Ши миллион сов стаг хьаьжна Дудь Юрийн Ютюб каналехь, цо яьккхинчу "ТIом дIабаьлча адам" аьлла цIе йолчу фильме. Иза, дуккха а хьовсархоша дика тIе а эцна. Цу чохь дуьйцу Нохчийчохь хьалхарчу тIамехь хиллачу эскархочун таханлерчу дахарх.

Ситников Олег цIе йолу 50 шаре хьалагIоьртинчу стагах ю иза. Калининградехь вехаш ву, Iедало, велла дIаваллалц аьлла цхьа чоь йолчу петар чувитина. Деххачу шерашкахь мийлина цо, амма тIаьхьарчу хенахь иза дита а дитина, хIинца йозалла айъечу спортехь кхиамаш баха гIерташ ву.

Ситниковс дуьйцу Нохчийчохь шаьш тIом барх аьлча а, шаьш цигахь хан яккхарх. Ша цигахь яьккхинчу хенахь, ур-аттала тахана шена топ кхосса а ца хаьа боху.

"Ткъа тIом муха бора аша? - аьлла цецваьллачу журналисто хаьттича,
"Бен дIа а доцуш, дIадеттара герз", - аьлла жоп делира цо.

Шайн могIаршна юкъахь наггахь хуьлура шаьш шайна я шайчарна герз тоха гIертарш. Синкхетам а телхина, маса топ цхьаъ тоха воллучу хенахь, шаьш букъ тIехьашхула тIе а кхетта, схьаяьккхира цуьнгара иза,бохуш, дагалецамаш буьйцу хиллачу эскархочо Ситниковс.

ТIаьхьарчу хенахь чIогIа гIараваьллачу блогерна Дудь Юрийна чIогIа инзаре хIуманаш хета цо дуьйцурш. Бехк а бац. Иза ханна жима ву, цул сов, Оьрсийчохь тахана а дихкина ду ма-дарра оцу тIемех дийцар.

Ткъа нохчашна-м тахана а дагахь лаьтта и хиламаш. ХIора шарахь Керла шо тIе ма-деъанехь, карладуьйлу и къематан денош. Соьлжа-ГIалахь къаьсттина дечкан баттахь урамашкахь Iоьхкура жIаьлеша цоьстуш долу эскархойн декъий. Нохчаша ханна тIом саца а бай, декъий дIа мукъне даха аьлча а, царна тIехула а буьйлуш кхин дIа а тIом бора оьрсийн эскархоша, кхиъ, шайх беллачеран ларш а юьтуш.

Оьрсийн салтий пачхьалкхехь сий долу эскархой бацара. Уьш цхьа а, низам а ца лелачу зуламхойн тобанех тера бара, аьлла дийцира и зама дика дагайогIучу Соьлжа-ГIалин вахархочо Идрисов Абубакара: "Декъий дара гIала юккъахь Iоьхкуш жIаьлеша а, цицигаша а даа а дууш.

Схьахетарехь, и нах байъийта балийна бара. Грачевс къамел дора-кх, уьш кегий бераш дара 17-18 шераш долу. Иза ша вара-кх уьш чу хьоьхкуш, уьш массо а велча а, царах къахеташ вацара. Цхьа а инарла-м вацара церан и салтий кхоош а, царах къахеташ а.

Нехан чуьра хIуманаш лекъош яра цара. Исторехь юьйцуш ю-кх гIезлойн-монголийн орда олург. Цара лелош дерг лелош бара. Бакъдерг дийцича, и тIом ца баьккхинерахьара цуьнах цхьа инженер хир вара я кхин белхахо хир вара. Дукха-м бу цара иштта хIаллакбина".

Иштта, нохчашца а, шайчаьрца а къиза хилар гучу нохчийн тIемалойн адамалла ца яйнера. Шайна карабаьхкина салтий дайшка-наношка дIалора, бохуш кхин дIа а дуьйцу Идрисов Абубакара: "Советан Iедал доьхча, Оьрсийчохь хийцамаш хилира. Дукха наха шаьш мича баха а, хIун дан деза а ца хаьара.

Балхахь алапа дацара луш. Эскаре-м буьгура цара. ЕльцингIара шаьш духкуш долу герз а, лачкъош долу ахча а къайладаккхархьама, оцу нахана кара герз а делла, тIам тIе бакхийтинера. Хийла каравеана салти нохчаша церан дайшка-наношка дIалора оьрсийн эскаран хьакамашка ца хоуьйтуш".

Дудьс яьккхинчу оцу фильмехь дакъалоцу Нохчийчохь тIом бинчу Ситниковн дейишас Терентьева Клавдияс. Цобилгалдо оцу хенахь хиллачу тIемаша цхьанна а хIуманна Iедал Iамийна цахиларан. Муьлхачу тIемашкахь адамаш дойъуш, дегIана сакхте беш, синош морцуш ду хIинца а, аьлла хета оцу къаночунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG