ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Камерана хьалха "къурд" аларо пайда бохьу аьлла хета нохчийн Iедалхошна


Умаров Джамбулат
Умаров Джамбулат

Нохчийн вице-премьерна Умаров Джамбулатна хетарехь, нахана хьалха дIа а хIоьттина гечдар дехар эхье хIума дац, мелхо а, шен сица оьздангалла а, гIиллакх а хилар ду. И практика йоллу Оьрсийчохь яржо еза боху цо.

Нахана хьалха къинтIера ваккхар Нохчийчуьра схьадогIуш дац, иза доллу дуьненчуьрчу динашкахь лелош йолу практика ю. "Говорит Москва" радиостанцина еллачу интервьюхь дина оцу кепара дIахьедар вице-премьеро Умаровс.

"Хьайгара даьлла боьханиг камераца дIаяздиний ахь, камерана хьалха дIахIоьттина хьайна къинтIера баха а беза. Нагахь санна, цо доггах гечдар дехнехь, Далла хьалха а, нахана гергахь а цIена ву иза", - аьлла цо.

Бен а дац, боху Умаровс, хуьлийла иза даггара лелаш, хуьлийла иза шалхо. Хьаькамо бахарехь, шен бехк тIелацар а, цунна дохковалар а "баккъал а адамалла" йолуш хилар ду.

"Дешийша Библи, КъорIан, Тора. Дуьне кхоьлличхьана лартIахь болчу наха гечдар доьхуш ма хилла шегара хьаштдоцург даьллехь. Бен дац, хуьлийла цо иза камерана хьалха дIахIоьттина деш, йа ша цхьаъ. Оцу стагехь гIиллакх а, оьздангалла а хиларан билгало ю, цуьнан къера хилар", - дийцина Умаровс.

  • Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула а, меттиегрчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу гечдар доьхуьйту видеош. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.
  • Нохчийчуьра бахархой "аьшнаш бен" видеон терго йина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссионо, дуьненаюкъарчу динан маьршонах 2021-чу шарахь зорбане яьккхинчу рапортехь. Талламчийн авторша хьехна Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG